Метревели, Слава Калистратович

Метреве́ли Сла́ва Калистра́тович (гуьрж. სლავა კალისტრატეს ძე მეტრეველი; 1936 шеран 30 май, Сочи, Азовн-ӀаьржахӀордан мохк, ССРС1998 шеран 7 январь, Тиблиси, Гуьржийчоь[1][2][3]) — советийн футболист, тӀелатархо, тренер. ССРС гулйина командин йукъахь Европин чемпион (1960), «Торпедо» (Москох) а, «Динамо» (Тиблиси) а йукъахь ССРС шозза чемпион (1960 а, 1964 а).

Футбол
Метревели Слава
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Метревели Слава Калистратович
Харц цӀе Мэтр, моза
Вина терахь 1936 шеран 30 май({{padleft:1936|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:30|2|0}})
Вина меттиг Сочи, Азовн-ӀаьржахӀордан мохк, ССРС
Кхелхина терахь 1998 шеран 7 январь({{padleft:1998|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (61 шо)
Кхелхина меттиг Тиблиси, Гуьржийчоь
Гражданалла Байракх ССРС ССРС
Гуьржийчоьнан байракх (1990—2004) Гуьржийчоь
Локхалла 172 см
Позици тӀелатархо
Кегийрхойн клубаш
ССРС байракх Труд (Горький)
Клубан карьера[* 1]
1953—1954 ССРС байракх Спартак (Сочи) ? (?)
1955 Байракх ССРС Торпедо (Горький) 49 (10)
1956—1962 Байракх ССРС Торпедо (Москох) 138 (33)
1963—1971 Байракх ССРС Динамо (Тиблиси) 237 (55)
Тренеран карьера
1976—1977 Байракх ССРС Динамо (Тиблиси) тренер
1978—1979 Байракх ССРС Дила
СовгӀаташ а, мидалш а
Европин чемпионаташ
Деши Франци 1960
Пачхьалкхан совгӀаташ
Орден «Сийлаллин Билгало» — 1966 Сийн орденан кавалер (Гуьржийчоь) ССРС Спортан хьакъ долу говзанча
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1960). Гуьржийн ССР хьакъ долу тренер (1976).

Биографи нисйе бӀаьра

Метревели Слава вина 1936 шеран 30 майхь Сочехь. ТӀом чекхбаьллачул тӀаьхьарчу дукхаха болчу меттигерачу кӀентийн коьрта ловзар футбол дара, Слава а ловзура ишколера ваьлча. Дикка сиха Метревели къаста волавелира башха, инзаре буьрка ловзоран техникица, 15 шо кхаьчначу хенахь меттигера тренераш кхайкхира цуьнга футболан секце, дукха хан йалале ловза волавелира сочин «Спартакехь», цунна йукъахь Краснодаран мехкан чемпион хилира. 1955 шарахь къона ахтурсло дехьавелира горькийн «Торпедо» («Б» классан команда), цигахь левзира йисттера аьтту тӀелатархочун позицехь.

Дукха хан йалале Метревелех бӀаьрг кхийтира москохан «Торпедон» тренеран Бесков Константинан, 1956 шарахь ахтурсло Москоха кхечира. Масех матч левзина, кхечу къона футболисташца Иванов Валентинца а, Стрельцов Эдуардца а йукъаметтиг лелош, Слава чӀагӀвелира командин коьртачу хӀоттамехь. Командин керла тренеран Маслов Викторан хиира нийса лело тӀелатаран «седарчий», 1958 шарахь «Торпедос» исторехь дуьххьара йехира ССРС чемпионатан детин мидалш. Славас оцу шарахь зуда йалийра, ткъа кхин а шо даьлча цунна кӀант вира.

1960 шарахь «Торпедос» йира «дешин дубль», хилира чемпион а, баьккхира ССРС Кад. Метревели хилла командин лидерех цхьаъ, шо дӀадаьхьира чӀогӀа лекхачу тӀегӀанехь, цунна йелира ССРС спортан хакъ долу говзанчин сийлахь цӀе. Оццу шарахь ССРС гулйина командин йукъахь ахтурслочо исторехь дуьххьара баьккхира Европин Кад. Финалан матчехь Югославин гулйина командин дуьхьала Метревелис гол тоьхна, чот цхьабосса йира, цуо таро йира ловзар советийн гулйина командин пайденна хьовзо.

1963 шарахь Метревелис команда хийцира, иза нисвелира тиблисин «Динамо». Метревели варца командин тӀелатаран потенциал хаъал тӀекхийтира, ткъа динамохойн ловзар къаьстара комбинацешца а, импровизацешца а, жамӀашца а. 1964 шарахь Тиблисера команда дуьххьара чемпион хилира, «дешин матчехь» чот 4:1 йолуш Славин хилла клуб «Торпедо» иэшийна (цхьа гол оцу матчехь туьйхира Метревелис). Оцу хенахь шен позицехь Метревели Слава лорура ССРС уггаре чӀогӀа ловзархо, ша левзина валлалц оцу тӀегӀанехь а левзира иза.

ССРС гулйина командин йукъахь Славас дакъалецира кхаа дуьненан чемпионаташкахь, ткъа 1966 шарахь гулйина командица кхечира турниран ахфинале. 1968 шарахь Метревелин сий дира ФИФАн гулйина командехь ловзийтина. И матч лерина йара дуьненан чемпионатехь Бразилин гулйина командин дуьххьарлера толаман итт шо кхачарна, ловза вола аьлла цуьнга кхайкхинарг ша Пеле вара. Цул тӀаьхьа масех шарахь левзина Метревелис 1971 шарахь сацам бира чекхйаккха шен ловзаран карьера 35 шо долуш.

1976 - 1977 шерашкахь Славас тренер болх бира «Динамохь» Ахалкаци Нодаран куьйгаллехь, ткъа 1978 шарахь коьрта тренер волуш куьйгалла дира «Дилина», амма башха кхиамаш ца бехира, 1979 шарахь тренеран болх битира. Спортан гӀуллакх дитиначул тӀаьхьа хилира Тиблисин ресторанан директор, амма спортан формехь ша латтавора. Дахаран тӀаьхьарчу шерашкахь Метревели Слава чӀогӀа цомгуш вара, цуьнан коьртан хьен цӀий лелар доьхна дара, цунна нах ца бовзура, уггаре гергарниш бен. 1998 шеран 7 январехь гӀараваьлла футболист велира.

ДӀавоьллина Сабурталин кешнашкахь.

Сочехь Метревели Славин цӀе тиллира Центран стадионан, дӀадиллина иэсан у. 2014 шеран декабрехь Сочехь, футболистан даймахкахь, Российн гуьржийн барто дӀабиллира Метревелин хӀоллам[4] .

Гулйина команда нисйе бӀаьра

  • ССРС гулйина командин йукъахь левзина 48 мат, чутоьхна 11 гол.
  • ССРС олимпийн гулйина командехь левзина 4 матчехь, чутоьхна 1 гол.
  • ССРС гулйина командин йукъахь левзина 1 официалан йоцу матч.
  • ССРС гулйина командин йукъара хьалхара матч левзира 1958 шеран 28 сентябрехь Мажарчоьнна дуьхьала, оцу матчехь ССРС гулйина командо толам баьккхира 3:1.
  • ССРС гулйина командин йукъара тӀаьхьара матч левзира 1970 шеран 6 майхь Болгарин дуьхьала, матч чекхйаьлира 0:0 чоьтаца.
  • ССРС гулйина командин йукъахь левзира 1962 а, 1966 а шерашкара дуьненан чемпионаташкахь.
  • ФИФАн гулйина командехь 1968 шарахь левзира Бразилин гулйина командин дуьхьала.

Тренеран карьера нисйе бӀаьра

  • «Динамо» Тиблиси тренер (19761977)
  • «Дила» (Гори) коьрта тренер (19781979 июнь)

Кхиамаш нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Сборная России по футболу. Метревели Слава Калистратович Архивйина 2020-10-06 — Wayback Machine
  2. Умер Слава Метревели. ТӀекхочу дата: 27 февралехь 2017.
  3. Sputnik. Славе Метревели сегодня исполнилось бы 80 лет. sputnik-georgia.ru. ТӀекхочу дата: 27 февралехь 2017.
  4. Открыли памятник Славе Метревели. ТӀекхочу дата: 3 январехь 2015. Архивировано из оригинала 3 январехь 2015 года.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра