Минкаилов, Эльбрус Салаудыевич

Эльбру́с Салауды́евич Минкаи́лов (1955 шеран 13 май) — нохчийн журналист, йаздархо, гочдархо, критик, литературовед, литературин а, исбаьхьаллин а «Орга» журналан коьрта редактор, Российн йаздархойн бертан декъашхо, Российн журналистийн бертан декъашхо, Нохчийчоьнан йаздархойн бертан декъашхо, Нохчийчоьнан журналистийн бертан декъашхо, Кавказан йаздархойн клубан декъашхо. Нохчийн Республикин культурин Сийлахь белхало.

Эльбрус Салаудыевич Минкаилов
ГӀуллакхан тайпа Поэт, Журналист, литературный критик, прозаик, переводчик
Вина терахь 1955 шеран 13 май({{padleft:1955|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:13|2|0}}) (68 шо)
Вина меттиг зерносовхоз «Чистовски», Булаевскан кӀошт, Къилбаседа Кхазакхстанан область, Кхазакхстан, СССР
Кхелхина терахь 2023 шеран 11 май({{padleft:2023|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (67 шо)
Кхелхина меттиг
Корматалла йаздархо, критик, гочдархо, журналист
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
Да Салауди
СовгӀаташ
  • «Нохчийн Республикин дуьхьа бина кхиамашна» мидал
  • Магомет Мамакаеван орден
  • «Машеран дуьхьа къахьегаран» Лермонтован фондан дато мидал
  • Москохан гочдархойн организацис луш йолу Грибоедован мидал

Биографи нисйе бӀаьра

Минкаилов вина 1955 шеран 13 майхь Кхазакхстанан Къилбаседа Кхазакхстанан областан Булаевскан кӀоштан «Чистовский» зерносовхозехь. 1957 шарахь уьш цӀа бирзира Соьлжа-ГӀалин кӀоштан Галне. 1972 шарахь цо чекхйаьккхира школа. 1979 шарахь чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан вайнехан филологин дакъа. Университет чекхйаьккхинчул тӀехь иза шен школе йухавиризин хьехархо болх бира 19791980 шерашкахь. 1980 шо дуьна цо университетехь хьехархо болх бира.

19811983 шерашкахь Эльбрус армехь вара. 1983 шарахь иза йуха а университетехь хьехархо болх бан волавелира. Университетехь цо тайп-тайпан белхашкахь 2010 шо кхаччалц болхбира. 1980-гӀа шерашкахь иза волавелира журналистика а, литературин а, талламан а болх бан. 1991 шо дуьйна иза «Орга» журналан редакцехь болх бан волавелира. Ши тӀом бахьнехь оцу балхан шозза йукъах вала дийзира цуьна. 2002 шарахь иза хилира прозан декъан редактор, цул тӀехь дукха хан йалале — коьрта редакторан когаметтаниг. 2003 шо дуьна хинцалц иза «Орга» журналан коьрта редактор ву.

Литературин болх нисйе бӀаьра

Шен хьалхара байташ иза школехь йазйа волавелира. Проза йазйа иза волавелира 1980-гӀа шерашкахь. Амма цуьнан хьалхара дийцар «Одна судьба» «Орга» журналехь арайелира 2003 шарахь. Цо йазйо оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь. 2000-гӀа шераш долалуш цо йазйира ши повесть а («В тумане», «Как долог был этот путь»), 20 сов дийцар а. Уьш арайелира кӀоштан а, республикин а газеташкахь, журналашкахь «Орга», «Вайнах», «Нана». Иштта Минкаилован дийцараш араделла Нохчичоьн а, Къилбаседа Кавказан а йаздархойн коллективан гуламашкахь «Чеченский рассказ» (Соьлжа-ГӀала, 2006), «Война длиною в жизнь» (Москва, 2007). 2011 шарахь араелла цуьнан прозан книга «На Тереке было половодье».

Цо арахецна литературин историн а, теорин а, литературин критикан а, исбаьхьаллин гочдаран а, фольклоран хаттарашан а 60 сов болх. Царехь цхьабераш йукъабахара «О чеченской литературе и фольклоре» цӀе йолу книгин чу (2007).

Цо оьрсийн матта йаьккхира Абузар Айдамирован повесть «Один день судьбы», Арби Мамакаеван «В родной аул», Муса Ахмадовс йазйина «Ша тӀехь йина гӀала», Муса Бексултанован а, М. Мутаеван а дицараш. Цо нохчийн метта йаьккхира Лев Толстойн повесть «Хаджи-Мурат», Важа Пшавелан а, Эффенди Капиеван а дийцараш, иштта шортта кхиераш а.

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

  • «Нохчийн Республикин дуьхьа бина кхиамашна» мидал
  • Магомет Мамакаеван орден
  • «Машеран дуьхьа къахьегаран» Лермонтован фондан дато мидал
  • Москохан гочдархойн организацис луш йолу Грибоедован мидал

иштта кхидераш а.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра