Муса́ев, Рамза́н Хава́жиевич (1968, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн штангист, СССР а, Российн а чемпионатийн чемпион а, совгӀатхо а, Российн Кубок йаьккхинарг, Европин чемпионатан совгӀатхо (1993), халкъашна йуккъера дукха йахьаллонийн толамхо.

Рамзан Хаважиевич Мусаев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх ССРС СССР Росси
Говзалла штангист
Клуб Эскаран Центран спортан клуб[d]
Вина терахь 1968({{padleft:1968|4|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР
Спортан карьера 1981-2001
Тренераш
Йозалла 67,5 кг

Биографи нисйе бӀаьра

Спорт лело волавелира 1981 шарахь. Цуьнан хьалхара тренер вара Вячеслав Адаменко. ТӀаьхьа иза Ӏамо волавелира Ибрагим Кодзоев. 1984 шарахь иза хилира РСФСР кегирхойн йуккъехь чемпион 60 кг йозаллин категорехь. Цо СССР спортан мастеран норма кхочуш йира.

1985 шарахь цо школа чекхйаьккхира. 1986 шарахь юниорашна йуккъера СССР чемпионатехь иза чемпион хилира.

1986 шарахь иза арме дӀакхайкхира. И хан цо Североморскехь йаьккхира. 1987 шарахь СССР герзан ницкъийн чемпионом а хилира, ЦСКА гулйина командан йукъа а вахара.

1988 шарахь Харьковехь хилла СССР чемпионатехь цо дато мидал а йаьккхира, СССР халкъашна йуккъера спортан мастеран норма а кхочуш йира. Шен армехь йаккха йеза хан чекхйаьлча иза хенал сов армехь висира. 1994 шо кхаччалц иза армехь вара, цӀахь хӀоьттина хьал бахьнехь цӀа ва деззалц.

1990 шарахь Ленинградехь иза чемпионом хилира. 1991 шарахь цо СССР халкъийн спартакиадехь кхозлугӀа меттиг йаьккхира. 1992 шарахь Петарбухехь хилла йолу Российн чемпионатехь цо толам беккхира. 1993 шарахь цо Европин чемпионатехь йаьккхира борзан мидал.

2001 шарахь цо Российн чемпионатехь 2-гӀа меттиг а, Российн Кубок а йаьккхира.

Доьзал нисйе бӀаьра

Цуьнан де цӀе Хаваж йу. Иза автобусан водитель вара. Ненан цӀе Ӏайшат йу. Цуьна ворхӀ ваша а, йиъ йиша а йара. Рамзан доьулгӀа бера дара. Цуьна вежарий а бара йеза атлетика лелош.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра