Мухьа́ммад А́хьмад ибн ас-Саййи́д ибн Ӏабдулла́х вевзаш хилла волу Суда́нан Маьхьди́ (Ӏаьр. محمد بن السيد عبدالله‎‎, 1844 шеран 12 августехь(18440812)1885 шеран 22 июнехь) — Судан маршайаккхаран боламан тхьамда, суданан МаьхьдигӀеран пачхьалкх кхоьллинарг.

Мухьаммад Ахьмад аль-Маьхьди
Ӏаьр. محمد بن السيد عبدالله‎‎
Сурт
Говзалла МаьхьдигӀеран пачхьалкхан корта
Вина терахь 1844 шеран 12 август({{padleft:1844|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:12|2|0}})
Вина меттиг Мисран Судан Донгола провинци Дирар гӀайре
Кхелхина терахь 1885 шеран 22 июнь({{padleft:1885|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) (40 шо)
Кхелхина меттиг Омдурман
ДӀавоьллина меттиг Омдурман
Пачхьалкх Дарфуран султанат, Мисран хедиват, МаьхьдигӀеран пачхьалкх
Да Абдуллах ас-Саййид
Устазаш Мухаммад аш-Шариф

Биографи нисйе бӀаьра

Мухьаммад Ахьмад вина Донгола провинцера Дирар гӀайренан (Мисран Судан) тӀехь Ӏаьрбий хилла нубийхойн, шайн силсила Къурайшех охьайогӀу, доьзалехь (саййид). ТӀаьхьо Мухьаммад Ахьмадан доьзал кхелхира Хартуме. Цуьнан да а, вежарий а кеманаш деш бара. Мухьаммад Ахьмад шен денден новкъа вахара, иза дин Ӏамо волавелира. Хартумехь а, Карариехь а цуо Ӏамийра Къуръан а, басалбанийн бакъо (фик’х). 1861 шарахь гергарло тесира меттигерчу Сулеманийя (ас-саммания) супийн коьртаца Мухьаммад аш-Шариф шайхаца. ТӀаьхьо аш-Шарифера бакъо кхечира хьехархочун гӀуллакх дӀакхехьа суьпаллин декъашхошна йукъахь[1].

1870—1871 шерашкахь Мухьаммад Ахьмадан доьзал кхелхира КӀайн Нил (Малхбуза Судан) тӀиера Аба гӀайренан тӀе. Цигахь цуо маьждиг дира, шен дахар дӀаделира ойланашна а, ламазна а[2]. Шен чӀогӀа дика, кхетаме, хьехамийн гӀоьнца сихха лерам баьккхира меттигерчу бахархошкара. Къуръанах муьлхха а дӀатаӀар йемал дора Ӏосалла санна, кхойкхара «дин цӀандаре» а, пайхамаран бакъдолчу дешнашка йухадерзаре а[1].

 
Хартум йужуш инарла Гордон валар. Дж. У. Роян сурт

Мухьаммад Ахьмада дукха некъ бина Суданехула, хилла Донголехь, Кордофанехь, Сеннарехь. Оцу хенахь цуо уьйр тосу хьуьнаре вовшахтохархочуьнца, Ӏаьрбийн этносан баггара тобанера (Къилба Дарфур) ӀабдуллахӀ ат-ТаӀийшица (Халифаца)[2]. Мухьаммад Ахьмад вистхилира Суданера Ӏусманан-мисран олалла йемалдеш. 1880 шо гергга долуш йухавирзина Аба гӀайренан тӀе, ша Маьхьди ву аьлла. Цул тӀаьхьа Маьхьдис кхайкхийра налогаш дӀайахар, волавелира туркошна а, мисархошна а дуьхьала гӀазотна эскар вовшахтоха[1].

1881 шеран майхь мисран Ӏедало кхайкхира Мухьаммад Ахьмада Хартуме бехказлон, амма иза ца вахара. Маьхьди а, цунна тӀехьахӀиттинарш байа, мисран сардала Рауф-пашас 200 стаг волу тӀеман тоба йахийтира, иза 11 августехь йоьссира Аба гӀайренан тӀе. МаьхьдигӀара, цӀетуху герз а доцуш, къайлабевлла Ӏийра Ӏаржйаллалц, тӀаккха мисран тобана гуо бина, хӀаллакйина дӀайаьккхира[2].

МаьхьдигӀеран гӀаттам нисйе бӀаьра

 
Омдурманера Мухьаммад Ахьмадан зиярат

Мисран Ӏедало кхин дӀа хьийзадарна кхоьруш, Мухьаммад Ахьмад а, цуьнан агӀончийн цхьа дакъа а (ансараш) Кордофане бахара; новкъахь царах кхийтира шортта агӀончаш, царна йукъахь бара ахархой, кхерстахой, пхьераш, бевдда лайш. Маьхьдийн гӀуллакх къобал дира суданийн тайпанийн хьалханчаша а, ткъа иштта Ӏаьрбийн лайш бухкачара а, уьш реза бацара, Британис тӀедиллар бахьнехь, мисран Ӏедало лайш бохкар дехкар[1].

1882 шеран майхь герзаца ледара болчу ансараша Эль-Обейдехь иэшийра мисран 6 - 7 эзар стаг волу эскар. 1882 шеран сентябрехь ингалсан-мисран эскаран куьйгакӀела йисира оцу областера Суданан гӀаланаш Бира а, Эль-Обейд а, амма уьш а карабахара МаьхьдигӀарна 1883 шо долалуш.

Бол-болуш гӀаттам дехьабелира Дарфур, Экватори, Бахьр-эль-ГӀазаль провинцешка. Шейканехь 8 эзар стегах лаьтта мисархойн тоба йохийначул тӀаьхьа, маьхьдигӀара схьайаьккхира Дарфур, ткъа 1883 шарахь толам баьккхира Джебель-Къадирера Фашодан (Кодока) мудиран (урхалчан) Юсеф-пашин агӀончашкара. 1883 шеран декабрехь тӀом сацийра австрийн хиллачу эпсаро — Слатин-пашас, иза жоьпаллехь вара Дарджур ларйан. 1884 шеран мартехь — апрелехь Берберехь а, Донголехь а гӀовттамаш хилира.

Ингалсхоша Хартуме хьажийра инарла Гордон Чарльз Джордж, иза декхарийлахь вара Суданехь беха европахой Мисре дехьабаха. 1884 шеран 18 февралехь Хартуме кхаьчна Гордона Маьхьди Кордофанан урхалча къобал варна, лайш бохка бакъона, махлелоран йукъаметтигаш йарна дуьхьала йийсархой хийцар дийхира. Маьхьдис тӀе ца ийцира Гордона кховдийнарг, 22 августехь эскар хьажийра Хартуме. Октябрехь гӀалин гуо лецира, ткъа 1885 шеран 25 - 26 январан буса тӀелетта схьайаьккхира маьхьдигӀара. Инарла Ч. Дж. Гордон вийра шен гӀалин тӀегӀанаш тӀехь[2].

Мухьаммад Ахьмада шен коьрта гӀала хаьржира Омдурман. 1885 шеран аьхкенехь цуьнан карахь хилира берриг аьлча санна мохк, ЦӀиечу хӀордан порт Суакин а, къилбаседера Вади-Хальфа а йоцург[1].

Мухьаммад Ахьмада хӀоттийна Ӏедал (Махдийя) ламастан исламан законашна а, шариӀатан суьдашна а тӀетевжина дара. ШахӀадатан йукъатоьхнера Маьхьдих тешар а, Мухьаммад вайн пайхамаран   халиф а, масихь (МаьхьдИллахӀ) а хилар. Макка хьаж дар хийцира гӀазотехь тӀом барца (джихадаца). Закатах пачхьалкхан налог хилира. Семса суданийн олаллийн а, тайпанийн а конфедерацех цхьана урхаллин динан пачхьалкх хилира, коьртехь тайпанийн элий болуш[1].

1885 шеран 22 июнехь Мухьаммад Ахьмад велира тифах. дӀавоьллира Омдурманехь зияртехь. Ӏедал къуьйсуш Мухьаммад Ахьмадан гӀовсашна йукъахь хиллачу девнал тӀаьхьа, халифан дарж тӀеэцна пачхьалкхан коьрте хӀоьттира ӀабдуллахӀ ибн Мухьаммад ат-ТаӀийша. Халифа дӀабехира дукхаха болу Маьхьдин муридаш а, церан доьзалаш а, иштта керлачу феодалийн элашна тӀетевжина Ӏедал хӀоттийра[1].

Хьалхалера «АллахӀан хьалха» берриш цхьабосса бу боху лозунгаш йицйира. ӀабдуллахӀ ибн Мухьаммада дӀадаьхьира Маьхьдис долийна джихад; 1885 шарахь цуо аьттонза тӀом болийра Хьабашийчоьнца. Конгохь бельгийхошна тӀелетаро а, Эритрейхь италихошна тӀелетаро а цунна аьтту ца беира. 1896 шарахь куьйгаллехь Г. Китченер волу ингалс-мисран эскар тӀелетира маьхьдигӀеран Суданан. 1898 шеран сентябрехь Омдурманера тӀамехь цара иэшийра маьхьдигӀар, церан эскар ах хӀаллакдина. Мухьаммад Ахьмада кхоьллина пачхьалкх, хӀаллакйира, цуьнан дакъа Омдурманера зияртера схьа а даьккхина Ӏаьнаркеман пешахь дагийра[1]. Маьхьдин баьккхина корта лорда беира Ингалсе мехкдаьтта долу пхьегӀан чохь[3]. Бернард Шоус дустура иза СтюартгӀара Кромвелан дакъа сийсаздаккхарца[4].

Дисинчу эскарца йухаваьлла ӀабдуллахӀ ибн Мухьаммад 1900 шо кхаччалца тӀом бира[1].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 Дамье В..
  2. 1 2 3 4 Кругосвет.
  3. Уинстон Черчилль «Мои ранние годы», глава 17
  4. Шоу Б. Цезарь и Клеопатра // Полное собрание пьес в 6-и томах / Перевод М. Богословской и С. Боброва. — Л.: Искусство, 1979. — Т. 2.

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра