Нах-ДегӀастанан меттанаш (къилбаседа-малхбалехьара кавказан) — меттанийн тоба, и меттанаш буьйцу нах баьржина бу Къилбаседа Кавказан малхбалехь (ДегӀастаехь, Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а), кӀезиг Азербайджанехь, Гуьржийчохь, Туркойчохь, Урданехь кхин Гергара Малхбале цхьайолу пачхьалкхашкахь.

Нах-ДегӀастанан меттанаш
Таксон доьзал
Статус массара а тӀеэцна
Ареал Къилбаседа Кавказан малхбале
Дукхалла 7 миллион герг
Классификаци
Категори Евразин меттанаш

Сино-кавказан макродоьзал (гипотеза)

Къилбаседа Кавказан бухара доьзал (массара а тӀеэцна дац)
ХӀоттам
5—6 генаш
Бекъабелла хан III эзар шеран чакхе вайн э. хь.
Цхьаьнанисдаларан процент 30—33 %
Меттанийн тобан кодаш
ISO 639-2
ISO 639-5

И меттанаш буьйцу неха дукхалла 5 миллион адам гергарчу хьесапехь.

Къилбаседа кавказан меттанийн йукъайогӀуш йу тоба.

Лингвистикехь кхин лелош йу термин дегӀастанан меттанаш, оцу йукъа догӀу массо генаш нехан га диссалц[1].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Коряков Ю. Б. Атлас кавказских языков. М., 2006. Стр. 26.