Жуан да Нова (порт. João da Nova, хӀинца галис. Xoán de Nóvoa — Шоан де Новоа, испан. Juan de Nova — Хуан де Нова; 1460 — 1509) — галисихойх схьаваьлла Португалин хӀордахо, Баккхий географин белламийн муьран гӀараваьлла векал.

Жуан да Нова
порт. João da Nova
ГӀуллакхан тайпа ХӀордахо, Новкъахо
Вина терахь 1460({{padleft:1460|4|0}})
Вина меттиг Оренсе Маседа, Галиси
Кхелхина терахь 1509({{padleft:1509|4|0}})
Кхелхина меттиг Кочин ХӀинди
Гражданалла Паччахьалла Португали
Жуана да Нован «Flor de la mar» караккин Малаккехь лаьтта хӀинцалера копи

Биографи нисйе бӀаьра

Вина Галисин областан Оренсе гуон Маседа эвлахь (Испани) 1460 шарахь гергга. Хуан бер долуш, испанин Галисехь дов хилира, девза Вежарийн тӀемашИрмандиньо) цӀарца, цундела доьзало дӀахьажийра иза маьршачу Португале. Цигахь иза португалин тажан тӀеман гӀуллакхе хӀоьттира. Къилбаседа Афикехь тӀемехь дакъа лацарна 1497 шарахь Нован Лиссабонан алкайд (Alcaide menor de Lisboa) дарж делира.