Павлов Юрий Викторович (1952 шеран 20 январехь(19520120), Томск2004 шеран 4 октябрехь, Петарбух) — советийн баскетболхо. Локхалла — 200 см. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1974).

Павлов Юрий
оьрс. Юрий Викторович Павлов
Файл:Ю. В. Павлов.jpg
Позици лёгкий форвард
Локхалла 200 сантиметр
Гражданалла
Вина терахь 1952 шеран 20 январь({{padleft:1952|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})
Йина меттиг
Кхелхина терахь: 2004 шеран 4 октябрь({{padleft:2004|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (52 шо)
Кхелхина меттиг

Мидалш
Дуьненан чемпионаташ
Деши Пуэрто-Рико 1974
Европин чемпионаташ
Борза Испани 1973
Дети Югослави 1975
Спортан цӀераш
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча

Чекхйаьккхина Ленинградан хӀордкеманашдаран институт (1977), П. Ф. Лесгафтан цӀарах ПШОФОьИ (1981).

Биографи нисйе бӀаьра

Баскетболех ловза волавелла Томскан политехникин институтан студентийн командехь куьйгаллехь РСФСР хьакъ долу тренер Реш Георгий Иосифович волуш.

1972—1988 шерашкахь левзира «Спартак» (Ленинград), командин капитан вара.

1986—1988 шерашкахь Ленинградан говзбертан ЦКх пачхьалкхан тренер.

1988—1991 шерашкахь БК «Гронинген» (Голланди) ловзу тренер. Кхин а левзина Болгарехь.

1994—1996 шерашкахь петарбухан «Спартакан» ГБЖОРСИ тренер, цул тӀаьхьа директор.

1999—2000 шерашкахь петарбухан «Спартакан» коьрта тренер. 2001 шарахь «Петарбухан лоьмийн» инарлин менеджер.

1997—2000 шерашкахь Петарбухан баскетболан Федерацин вице-президент.

Шен дахаран тӀаьхьарчу шерашкахь бала хьоьгуш вара лейкеми олучу цамгарах[1]. Велла 2004 шеран 4 октябрехь, дӀавоьллина Къилбаседа кешнашкахь[2].

Петарбухехь 2005 шеран ноябрехь дуьйна дӀахьо баскетболан ветеранашна йукъара Ю. В. Павловна лерина «ДоттагӀийн иэсан кад».

Доьзал нисйе бӀаьра

Зуда — Павлова (Донгаузер) Наталья Евгеньевна, ССРС спортан говзанча, канкеш куьцара хехкарийн Российн хьакъ долу тренер[3].

Кхиамаш нисйе бӀаьра

  • 1974 шеран дуьненан чемпион
  • ЕЧ-75 детин а, ЕЧ-73 борзанан а совгӀатхо
  • 1975 шеран ССРС чемпион; 1974, 1976, 1978 шерашкара ССРС чемпионатийн детин совгӀатхо; 1981 шеран борзанан совгӀатхо
  • ССРС къаьмнийн VI Спартакиадин детин совгӀатхо (1975)
  • 1968 шеран ССРС кад баьккхинарг
  • 1974 шеран Универсиадин детин совгӀатхо
  • Кедаш даьхначеран кад баьккхинарг 1973, 1975

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Федерация Баскетбола Санкт-Петербурга(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2008 шеран 2 декабрехь. Теллина 2009 шеран 15 январехь.
  2. Юрий Викторович Павлов
  3. Павлова (Донгаузер) Наталья Евгеньевна

Хьажоргаш нисйе бӀаьра