Рейнджерс (футболан клуб)


«Ре́йнджерс»[1] (инг.  а, скот. аRangers Football Club, гэлийн. Club Ball-coise Rangers) — 1872 шарахь кхоьллина Глазго гӀалара шотландин футболан клуб. Уггаре дукха чемпионатехь титулаш яьхна Шотландин футболан клуб (55 толам). Шотландин чемпионатехь уггаре къеначех футболан клуб. ХӀинца а шотландин Премьер лигин декъашхо ю. ЦӀера матчаш дӀахьо 50 000 хьажархо чухоам болчу «Айброкс» стадион тӀаьхь.

Шотландин байракх Рейнджерс
Йуьззина
цӀе
Rangers Football Club
Харц цӀераш The Gers (Джерс)
The Light Blues (Светло-синие)
The Teddy Bears (Бархатан чен кӀорнеш)
Кхоьллина Март 1872
Стадион «Айброкс», Глазго
Чухоам 50 817
Председатель Шотланди Дейв Кинг
Коьрта тренер ?
Капитан Джеймс Тавернье
Рейтинг ?-гӀа меттиг
Сайт rangers.co.uk
Къовсамаш Шотландин Премьершип
2021/22 2. меттиг
Форма
Коьрта
форма
Форма
ХьошалгӀахь
форма
Форма
Резерван
форма

Клубан истори нисйе бӀаьра

Кхоллар а, хьалхара шераш а (1872—1899) нисйе бӀаьра

 
«Рейнджерс» кхоьллина меттиг — Глазго Грин

Футболан клуб «Рейнджерс» кхоьллина веа къоначу шотландхочо: вежарий Питер а, Мозес а МакнилигӀар, ткъа иштта Питер Кэмпбэлла а, Вильям Макбета а 1872 шеран Март[2]. Оцу хенахь дукха хьолахь ма-хиллара, команда кхоьллинчеран ахча а, спортан духар а дацара, буьрка а яцара. Амма бара боккха лаам а, кегийрхойн ойла а яра, цунах хилира исторехь уггаре дикачех цхьаьна футболан командан Шотландин хилла а ца Ӏаш, кхин а Йоккха Британин а некъ болало меттиг.

1872 шеран майхь ловзийра дуьххьарлера матч — доттагӀаллин ловзар «Калландер» клубца «Глазго Гринан» йукъараллин аренаш тӀехь, иза чекхъелира жамӀ 0:0 долуш. Кхин цхьаъ доттагӀаллин матч, оцу шарахь ловзийначех, «Клайд» (хӀинца йолчу «Клайд» футболан клубаца йукъара хӀумма а дац) командан дуьхьала яра, иза чекхъелира толамца чот 11:0 йолуш. Иза яра клубан исторехь дуьххьара матч, тӀаьхьа ламаст хилла синачу духарца ловзийна. «Рейнджерс» кхолларан официалан терахь лору 1873 шеран 15 июль, оцу дийнахь клубо дӀабаьхьира хӀора шеран гулам, хаьржира декъашхой. Циггахь тӀеийцира Мозес Макнилис кховдийна «Рейнджерс» цӀе. Иза цуо схьаэцнера регбех лаьцна жайнин тӀиера, хетарехь меттигера командан цӀе йолу.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Также распространён вариант «Глазго Рейнджерс»
  2. Paul Smith. Scotland Who's Who: International Players 1872–2013. — Pitch Publishing, 2013. — P. 126.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра