Рияд

СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан нана-гӀала

Рияд (Ӏаьр. الرياض‎‎ — Ар-Рияд‎) — СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан коьрта гӀала йу, Рияд олучу провинцин центр а йу. Бахархойн дукхалла 4 878 473 стаг (2010 шо)[1].

ГӀала
Рияд
Ӏаьр. الرياض‎‎
ХӀост
ХӀост
24°39′00″ къ. ш. 46°42′36″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Провинци Рияд
Мэр Файсал бин Бандар Аль СаӀуд
Истори а, географи а
Йиллина XVIII век
Майда 1554 км²
Центран локхалла 612 ± 1 метр
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 4 878 473 стаг (2010)
Идентификаторан терахьаш
Поштан индекс 11564–12665
arriyadh.com
(Ӏаьр.)(ингалс.)
Картин тӀехь
Рияд картан тӀехь
Рияд

Истори нисйе бӀаьра

Масала диъ эзар шо хьалха вайн хенахь йолчу Риядехь Ӏаш хилла Ӏаьрбийн кхерста (кочевые) къаьмнаш.

VI—VII-чу бӀешерашкахь цхьалхе меттиг йара Рияд, кхечарех къаьсташ а йоцуш.

XVIII-чу бӀешеран чаккхенгахь гучудаьлла ваххӀабитийн дешар, и долийнарг вара Мухьаммад бин Ӏабдул-ВаххӀаб (1703—1792), иза дуьхьала вара эвлаяийн кешнаш ларарх а, ширкан а дуьхьала а вара.

1902-чу шарахь эмир волу Ӏабдул-Ӏазиз бин Ӏабдуррахьман Аль СаӀудас шен эскарца схьайаьккхина хилла Рияд[2].

ГӀалин кхиар нисйе бӀаьра

1940-чу шерашкахь дуьйна, маса кхуьш йу гӀала. Къаьсттина Риядехь чехка дукха бахархой кхиа XX бӀешеран шолгӀачу эхехь. Нефтах долу тӀехдаккхий пайданаша и гӀала вайн хенан йина. Гуттар хуьлу гӀалин гӀишлош 8 этаж йолуш йу, амма ша-тайпанара гӀишлошца къаьсташ йу.

Демографи нисйе бӀаьра

Шо Бахархой
1862 7,500
1935 30,000
1960 150,000
1970 370,000
1972 500,000
1974 650,000
1988 1,500,000
1990 2,000,000
1997 2,800,000
2010 4,600,000
2020* 8,900,000

Климат нисйе бӀаьра

Тропикин гӀум-аренан климат йу. Рияд дуьненахь уггаре йовхачу гӀалех цхьаъ йу. Йуккъера температура январехь +14,4 йу; а июлехь +36,6 йу. Климат чӀогӀа йакъайелла йу, шарахь сов доцуш 100 мм йочанаш йуьллу, хан мел ели — Ӏай а, хьалхарчу гуьйранна а. Йуьззина максимум +52,0 градус йу (июль), минимум −1 градус йу (январь).

Риядан климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юьззина максимум, °C 31,5 34,8 38,0 42,0 45,1 49,8 52 47,8 44,5 41,0 36,0 31,0 52
Юккъера максимум, °C 20,1 23,0 27,6 34,0 39,6 42,7 43,4 43,2 41,3 35,1 27,6 22,0 33,1
Юккъера температура, °C 14,4 16,9 21,1 26,9 32,9 35,4 36,6 36,5 33,3 28,2 21,4 16,1 26,6
Юккъера минимум, °C 6,9 9,0 15,0 20,3 25,7 27,6 29,1 28,8 25,7 20,9 15,3 8,4 19,9
Юьззина минимум, °C −1 0,5 4,5 11,0 18,0 21 23,6 22,7 16,1 13,0 7,0 1,4 −1
Йочанан норма, мм 12,3 5,8 30,2 23,3 6,2 0 0 0,3 0 2,3 7,4 11,2 99,0
Хьост: pme.gov.sa

ГӀалин панорама (сурт) нисйе бӀаьра

Паччахьан йукъана а, и Аноуд бӀаьвнна а сурт

Суьрташ нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра