Оди́се Ро́ши (алб. Odise Roshi; 22 мая 1991, Фиери) — албанера футболист, «Ахматан» а, Албанин гулйина тобанан а ахтурсло.

Футбол
Одисе Роши
Йукъара хаамаш
Вина терахь 1991 шеран 22 май({{padleft:1991|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})[1][2][…] (32 шо)
Вина меттиг
Гражданалла
Позици ахтурсло
Клубан карьера[* 1]
2006—2009 Албани Аполония 21 (5)
2009—2011 Албани Фламуртари 51 (8)
2011—2013 Германи Кёльн 20 (1)
2012—2013   Германи Франкфурт 30 (2)
2013—2015 Германи Франкфурт 44 (4)
2015—2016 Хорвати Риека 20 (1)
2016—таханналц Росси Ахмат 80 (11)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Клубийн карьера нисйе бӀаьра

Одисе Роши ву «Аполони» цӀе йолу Албанера клубан кхиамхо. 2007 шеран 21 апрелехь «Партизани» клубан дуьхьала Суперлигехь ловзуш иза хьалхара левзира[3]. Цу шарахь «Аполони» Суперлигера араяла дийзира. ШозлугӀа шарахь Роши шен тобанца цул лахара лигехь ловза дийзира.

2009 шарахь Роши Албанин Суперлигера «Фламуртари» цӀе йолу клубе велира. 2010/11 шерийн сезонехь «Фламуртари» шозлугӀа меттиг йаьккхира. 2011 шеран 19 майхь Роши «Кёльн» цӀе йолу немцойн Бундеслиган клубе велира. Цу шеран 6 августехь «Кёльн» шен цӀахь ловзуш «Вольфсбурган» дуьхьула иза 83-чу минутехь Бундеслигехь духхьира ловза аравелира[4]. 2012 шеран 5 февралехь Роши шен Бундеслигехь хьалхара гол чуьтуьхира. И гол бахьнехь «Кёльнас» «Кайзерслаутерн» эшийра[5].

2012 шеран августехь Роши аренде дӀавелира «Франкфурт» цӀе йолу ШозлугӀа Бундеслиган тобане. Цхьа шо даьлча цо цу клубаца контракт йазйира. 2015 шеран 6 июнехь Роши Хорватера «Риека» цӀе йолу клубе велира, цаьрца 3 шаран контракт йина.

2016 шарахь иза «Тереке» велира. Оцу клубехь цуьнан хьалхара ловзар 2016 шеран 31 июлехь хилира Самарера «Крыльев Советов» цӀе йолу тобанан дуьхьула ловзуш. 22 октябрехь «Рубинан» (3:1) дуьхьула ловзуш Роши къестина хаза гол чуьтуьхира. И гол тӀаьхьа цу шарахь «Терекан» тоьлла гол лерира. 2019/20 шерийн сезонехь иза 26 а матчехь левзира, 7 гол а чуьтуьхира. 2020 шеран 19 августехь Рошис чуьтоьхна ши гол бахьнехь «Ахматас» Российн чемпионатехь «Ротор» эшийра. Оцу динахь Роши тоьлла ловзархо лерира.[6]

Гулйина тобанан карьера нисйе бӀаьра

2011 шеран 7 октябрехь Роши дуьххьуьра левзира Албанин гулйина тобанехь. Цу динахь Албани йара Францин гулйина тобан дуьхуьла ловзуш[7]. Албанин гулйина тобанехь шен хьалхара гол Рошис туьхуьра 2012 шеран 16 октябрехь Словенин дуьхьуьла ловзуш. Цо 36-чу минотехь тоьхна гол бахьнехь цуьнан тобанас толам беккхира[8].

Йерриг: ловзарш: 55 / чуьтоьхна голаш: 5; толамаш: 18, ничьяш: 10, эшамаш: 27. eu-football.info.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Odise Roshi // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. Odise Roshi // FBref.com(бил-боцу.)
  3. Partizan Tirana 2:0 Apolonia Fier (ингалс.). — footballdatabase.eu. Теллина 2016 шеран 1 майхь.
  4. Köln 0:3 Wolfsburg (ингалс.). — soccerway.com. Теллина 2016 шеран 1 майхь.
  5. Kaiserslautern 0:1 Köln (ингалс.). — soccerway.com. Теллина 2016 шеран 1 майхь.
  6. Дубль Роши принес «Ахмату» победу над «Ротором» в матче чемпионата России по футболу (оьр.). Теллина 2020 шеран 19 августехь.
  7. France 3:0 Albania (ингалс.). — soccerway.com. Теллина 2016 шеран 1 майхь.
  8. Albania 1:0 Slovenia (ингалс.). — soccerway.com. Теллина 2016 шеран 1 майхь.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра