Рыхлин, Николай Владиславович

Николай Владиславович Рыхлин (1915 шеран 4 (17) май, Соьлжа-ГӀала, Терски область1989 шеран март, Соьлжа-ГӀала) — кеманхо, капитан, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Николай Владиславович Рыхлин
Вина терахь 1915 шеран 4 (17) май
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1989 шеран март (73 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа военно-воздушные силы[d]
Дарж капитан[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени

Биографи нисйе бӀаьра

Вина 1915 шеран 4 (17) майхь Соьлжа-ГӀалахь. ВорхӀ шаран школа чекхйаьккхича иза фрезеран заводехь болх бан вахара. 1937 шарахь цо чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалан аэроклуб. 1937—1939 шерашкахь иза вара ЦӀен Эскарехь. ЦӀа вирзинчул тӀаьхьа цо аэроклубехь хьехаран болх бира[1].

1942 шарахь иза ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. Эскаран авиацин школа чекхйаккхча иза фронте дӀахьажийра. 1943 шеран апрель дуьйна Рыхли Къилбаседе Кавказан фронтан 4-гӀа хӀаваан армин 230-гӀа штурман авиацин дивизин 805-гӀа штурман авиацин полкехь кеманхо вара. 1943 шеран 21 апрелехь шен Ил-2 кемантӀехь 6 кемана тобанехь шен шозлугӀа тӀемавалар кхочушдеш вара. МостагӀийн танкашна бомбанаш тӀетухуш хенахь цуьнан кема лазийра, цундела иза шен тобанел тӀаьхьависира. ЦӀа вогуш хенахь цунна 4 мостагӀийн Ме-109 кема тӀелетира. Царех ши кема улледеача Рыхлин шен кема нацкъар дерзина шен кхиссархон И. С. Ефременко цхьа кема чудаийта аьтту беккхира. Цул тӀаьхьа шен кема шозлугӀа истребителин тӀе а дерзина иза а чудаийтира. Ефременкос кхиъ цхьа кема хӀаллакдира. Йисна истребитель тӀе а ца леташ дедира. Рыхлинан а, цуьнан кеман а дукха чевнаш йинехь а, Рыхлин шен кема кхиамца Геленджикехь йолу шен аэродроме дӀадигира[1].

Шен тергаме пунктера оцу тӀаме хьоьжуш хиллера ЦӀен Эскаран ВВС куьйгалхо маршал А. А. Новиков. Цо лакхара мах хадира экипажан говзаллан. 1943 шеран 23 апрелехь цо омра динера Рыхлинан лакхара лейтенантан дарж а, ЦӀен Байракхан ордена а даларан[1].

1943 шеран 24 майхь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца лакхара лейтенант Рыхлинан Советски Союзан Турпалан цӀе йелира[1][2].

Рыхлинс дакъа лецира Тамань а, Крым а мукйаккхарехь. ТӀема хенахь Рыхлинс шен кеман тӀехь кхочуш динер 67 тӀеман тӀемавалар[1].

1945 шеран март дуьйна Рыхлин Йуккъера Азин эскаран округехь кеманийн эскадрильян куьйгалхо вара. 1946 шеран августехь Рыхлин тӀаьхьалоне веккхира[1].

Рыхлин Соьлжа-ГӀалахь Ӏаш вара Госбанкехь болх беш. 1950 шарахь цо зулам даран бахьнехь цунна 15 шо хан туьйхира. ЦӀа вирзинчул тӀехьа иза балха дӀахӀоттира. 1977 шеран мартехь къола даран бахьнехь цунна йуха а 15 шо хан туьйхира. 1977 шеран 9 августехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца цуьнгара массо пачхьалкхан совгӀат дӀадеккхира[1].

1987 шарахь иза хан чекхйалале дӀахийцира. Рыхлин Соьлжа-ГӀале схьавеара. Иза велира 1989 шеран мартехь[1].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра

  • Вершинин К. А. Четвёртая воздушная. — М.: Воениздат, 1975.
  • Высоты огневой юности. — М.: Воениздат, 1990.
  • Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. — Грозный: Чечено-Ингушское кн. изд., 1985.
  • Конев В. Н. Герои без Золотой Звезды. — Т. 2. — М., 2006.
  • Конев В. Н. Герои без золотых звезд. — М.: Яуза, 2008.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра