Сайдула́ев А́дам (1956 шеран 13 октябрь, Кзыл-Орда, Кхазакхстан) — нохчийн штангист, ССРС халкъашна йуккъера классан спортан мастер, масийттуза ССРС чемпион а, рекордсмен а, ССРС Кубок йаьккхинарг а, ССРС Сийлахь тренер.

Адам Сайдулаев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх ССРС ССРС Росси
Говзалла штангист
Вина терахь 1956 шеран 13 октябрь({{padleft:1956|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:13|2|0}}) (67 шо)
Вина меттиг Кзыл-Орда, Кхазакхстан
Кхелхина терахь 2022 шеран 9 октябрь({{padleft:2022|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:9|2|0}}) (65 шо)
Кхелхина меттиг 1972-1982
Тренераш Кодзоев, Ибрагим Абибулатович
Йозалла 90 кг

Спортан биографи нисйе бӀаьра

Хьалхара халкъашна йуккъера йахьаллонашкахь дакъа лаьцна нохчийн штангист. Иза вара 90 кг кхаччалц йолу йозаллин категорехь къийсалуш. Цуьнан тренер вара Ибрагим Кодзоев.

  • Юниорашна йукъахь 2-за Европин а, дуьненан а чемпион (1975, 1976)
  • 4-за ССРС Кубок йаьккхинарг (1976, 1977, 1981, 1982).
  • ССРС чемпион (1976, 1977, 1979, 1981)
  • ССРС чемпионатийн дато совгӀатхо (1978, 1982)
  • Европин чемпионатан дато совгӀатхо (1976 шо, Берлин).

Цо хӀоттина 44 дуьненан рекорд. 1981 шарахь Донецкехь хилла йолу ССРС Кубкехь цо цхьана суьйранна 4 дуьненан рекорд хӀоттийра.

Спорт йитинчултӀехь иза тренер болх бан волавелира. Иза вара ССРС Герзан ницкъан йеза атлетикин гулйина тобанан тренер. Цунна йелира ССРС Сийлахь тренер цӀе.

Доьзалла нисйе бӀаьра

Адама Сайдулаеван ши ваша а, йиъ йиша а йу. Цуьнан вежарий Муса (1961 шарахь вина) а, Мохьмад а, йеза атлетика лелаян болабелира. Цера а бара баккхи кхиамаш — уьш спортан мастераш а хилира, юниорашна йуккъехь пачхьалкхан чемпионаш а, халкъашна йуккъера турнирийн толамхой а.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра