Салихь

(Салахь тӀера хьажжина кхуза)

Са́лихь (Ӏаьр. صٰالَحْ‎‎) — иза исламан пайхамар ву Дала «Самуд» къомана ваийтина.

Салихь
Ӏаьр. صالح‎‎

Эмкалца хилларг нисйе бӀаьра

Деланаш бу бохуш тӀулгашна а, жӀарашна а, цӀарна а, хинна а, малхана а, баттана а ламазаш деш, цӀенчу тешарах тилла и къам, духа нийсачу новкъа даккхийта, Дала шен цӀе Салихь а йолуш, пайхамар ваийтина хилла оцу къомана, амма Салихь пайхамар бакъвеш ца хилла цара. Цхьа билгало гайта шайна хьо Делера пайхамар хиларан, бохуш хилла оцу наха. ХӀун билгало йезара шуна аьлла хаьттича, — лома йуккъера эмкал схьайалийта, шен кийрахь кӀорни а йолуш, аьлла вукхара. Салихьа Деле доӀа дина.

Лам бетӀаш дӀа-схьа а хербелла эмкал гучуйаьлла, йехка хан генахь йоцу билгалонаш а йолуш. Цо кӀорни а йина дукха хан йалале. ТӀаккха цхьаболчара Салихь бакъвина, цунна тӀаьхьа хӀиттина. Амма дукхах берш тӀе боьрзуш ца хилла.

Эмкална зулам дахь Дала могуьйтур дац, аьлла, дӀа аьлла оцу нахе. Ӏуьйранна яжа ара а йолуш, суьйранна чу а йогӀуш, дукха нахана кхачо ялла шура а латтош, лелаш хилла и йеза эмкал. Кхинйолу эмкалаш цунах кхоьруш, къехкаш лела йаьлла, урс а хьаькхна йийна цара и эмкал. Цуьнан са даларца цӀеххьана стиглара инзаре мох беана, стигал къевкъина. Ткъа Ӏуьйранна эмкална лазам мел бинарг а, ца тешнарш а, садаьлла Ӏуьллуш хилла, лаьтта бертал а тоьхна. Цу кепара лаьтта тӀера дайна и къам. Ткъа церан мохк нажжаз хилла бисина.