Серо́ва Еле́на Оле́говна (йечу хенахь Кузнецова; йина 1976 22 апрелехь, Воздвиженка, Уссурийскан кӀошт Приморьен мохк РСФСР ССРС) — Российн политик, космонавт. Российн Федерацин VII кхайкхаман Федералан гуламан Пачхьалкхан думан депутат 2016 шеран 5 октябрехь дуьйна. «Йукъара Росси» партин декъашхо. Российн Федерацин Турпалхо (2016).

Серова Елена Олеговна
оьрс. Елена Олеговна Серова
Серова Елена Олеговна
Российн Федерацин VII кхайкхаман Федералан гуламан Пачхьалкхан думан депутат
Йина терахь 1976 шеран 22 апрель({{padleft:1976|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) (47 шо)
Йина меттиг Воздвиженка, Уссурийскан кӀошт Приморьен мохк РСФСР ССРС
Да Олег
Парти
Дешар
ГӀуллакхалла политик[d]
СовгӀаташ
Российн Федерацин Турпалхо
Российн Федерацин Турпалхо
Сайт serova-eo.ru
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Ю. А. Гагаринан цӀарах космонавтийн кечаман центран тобан зерхо. РФ лётчик-космонавт (2016). ССРС а, Российн а исторехь йоьлгӀа зуда-космонавт хилла (Терешкова Валентина, Савицкая Светлана, Кондакова Елена дӀабевлча).

Биографи нисйе бӀаьра

Кузнецова Елена йина 1976 шеран 22 апрелехь тӀемагӀуллакххочун доьзалехь. Ден белхан гӀуллакхаш бахьнехь доьзал масийттаза кхелхира.

1993 шарахь чекхйаьккхира йуккъера №99 йолу ишкол Малхбузан тобан эскаршкахь Гроссенхайн гӀалахь (Германи).

Деша хӀоьттира Москохан авиацин институте. Студентка йолуш, техник болх бира МАИра лахарчу температурийн ӀТИ. Институтехь доьшучу хенахь вевзира хин волу майра Серов Марк.

2001 шеран мартехь чекхйаьккхира С. Орджоникидзен цӀарах Москохан авиацин институтан (МАИ) аэрокосмосан факультет, квалификацица — «инженер».

2001 шеран августехь болх бан йолайелира РКК «Энергин» инженеран даржехь, цигахь 1998 шарахь дуьйна болх беш вара Серов Марк.

2003 шеран 23 январехь Еленин а, Маркан а СеровгӀеран йоӀ хилира.

2003 шарахь чекхйаьккхира Москохан пачхьалкхан приборашйаран а, информатикан а академи (МППИА) говзалла «экономист» йолуш, иштта хилира шолгӀа лакхара дешар.

2004 шеран чеккхенгахь дуьйна — шолгӀачу категорин инженер.

Космонавтийн тобанехь нисйе бӀаьра

Космонавтийн тобана йукъатохале болх беш йара ТӀемалеларан урхаллин центр РКК «Энерги» 2-гӀа категорин инженер.

2006 шарахь 11 октябрехь Космонавташ хоржу ведомствашнайукъара комиссин кхеташонехь кховдийра РКК «Энерги» тобан космонавтан кандидатан дарже.

2006 шеран декабрехь Елена РКК «Энергин» «2006 шеран гуламан» космонавтийн тобан йукъатуьйхира[1] зерхо-космонавтан кандидатан дарже.

2007 шеран февралехь шина шеран курсаш йаха йолайелира Космонавтийн кечаман Ю. А. Гагаринан цӀарах центран ККДхь.

2009 шеран июнехь Серован йелира РКК «Энергин» «зерхо-космонавт» квалификаци.

2011 шарахь дуьйна Еленех хилира Роскосмосан зерхо-космонавт тобан космонавт.

2011 шеран 15 декабрехь Ведомствошнайукъара комиссин сацамца, Серова хӀоттийра Союз ТМА-14М кеман коьрта экипажан йукъа бортинженер дарже[2].

Космосе хьалабахаран кечам нисйе бӀаьра

 
«Союз ТМА-14М» кеман экипаж старт хилале, 2014 шеран 25 сентябрехь

2012 шеран январера 2014 шеран март кхаччалц кечам бира МКС-39/40 дублан экипажан йукъахь.

2014 шеран 7 февралехь Сочехь 2014 шеран Ӏаьнан Олимпийн ловзарш дӀаделларан церемонехь сий хилира Российн Федерацин байракх айа, Советийн Союзан а, Российн а космонавтийн тобан йукъахь, Крикалёв Сергей коьртехь а волуш[3].

2014 шеран 24 мартехь Байконурехь Пачхьалкхан комиссин кхеташонехь, чӀагӀйира бортинженер-1 даржехь Союз ТМА-12М дублан экипажан. 2014 шеран 26 мартехь ТПК «Союз ТМА-12М» кеман старт йечу хенахь йара кеман экипажан хьалхарчу бортинженеран дублёр.

Космосе йаха кечам бира МКС-41/42 коьртачу экипажан йукъахь ДКС бортинженеран даржехь а, ТПК «Союз ТМА-М» бортинженеран даржехь а. 2014 шеран 24 сентябрехь Пачхьалкхан комиссин кхеташонехь чӀагӀйина ТПК Союз ТМА-14М коьрта экипажан бортинженер-1 даржехь.

Доьзал нисйе бӀаьра

Марехь йу РКК «Энергин» зерхо-космонавт хиллачу Серов Маркан, кхиош йо\ ю: Серова Елена Марковна (йина 23.01.2003)[4].

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра