Соарес Эспиндола, Жулио Сезар

Жу́лио Се́зар Соа́рес Эспи́ндола (порт.-браз. Júlio César Soares Espíndola; 1979 шеран 3 сентябрь, Дуки-ди-Кашиас, штат Рио-де-Жанейро, Бразили) — бразилин футболист, кевнахо. Бразилин гулйина командин йукъахь 2004 шарахь Америкин кад баьккхинарг.

Футбол
Жулио Сезар
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Жулио Сезар Соарес Эспиндола
Вина терахь 1979 шеран 3 сентябрь({{padleft:1979|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:3|2|0}})[1][2] (44 шо)
Вина меттиг Дуки-ди-Кашиас, Рио-де-Жанейро, Бразили
Гражданалла
Локхалла 186 см
Позици кевнахо
Кегийрхойн клубаш
1988—1990 Бразилин байракх Гражау
1990—1997 Бразилин байракх Фламенго
Клубан карьера[* 1]
1997—2005 Бразилин байракх Фламенго 130 (−141)
2005—2012 Италин байракх Интернационале 228 (−203)
2005  Италин байракх Кьево 0 (0)
2012—2014 Ингалсан байракх Куинз Парк Рейнджерс 24 (−37)
2014  Канадин байракх Торонто 7 (−9)
2014—2017 Португалин байракх Бенфика (Лиссабон) 55 (−32)
2018 Бразилин байракх Фламенго 2 (0)
Къоман гулйина команда[* 2]
2004—2014 Бразилин байракх Бразили 87 (−70)
СовгӀаташ а, мидалш а
Конфедерацийн кедаш
Деши КъАР 2009
Деши Бразили 2013
Америкин кедаш
Деши Перу 2004
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Клубан карьера нисйе бӀаьра

Жулио вина Рио-де-Жанейро штатехь, ткъа футболан карьеру йолийна «Гражау Каунтри» (Рио-де-Жанейрон гӀалин йист) клубехь, цигахь цуьнан бералла чекхйаьлира. Цул тӀаьхьа иза 6 шарахь левзира Рио-де-Жанейрора «Фламенгохь».

2004 шарахь Жулиос контракт дира Миланера «Интерца», амма легионерашна тоьхна доза бахьнехь, аренде велира «Кьево» команде, цунна йукъахь а цхьан матчехь ца левзира.

2005 шеран августехь, кхаа шеран контракт дина, Жулио арендера йухавирзира миланан «Интере». Клубан кортачу позицехь цуо хийцира Тольдо Франческо.

2010 шарахь Чемпионийн лига йаьккхира, цигахь уггаре дика кевнахо хилира.

2012 шеран августехь деа шарна ингалсан клубца «Куинз Парк Рейнджерсца» контракт дира. Ингалсан Премьер-лигера клуб арайаьлча, цхьаьна матчехь бен ца левзира.

2014 шеран 7 февралехь Жулио Сезар аренде вахара канадин клубе «Торонто», цӀахь хин йолчу 2014 шеран дуьненан чемпионатехь дика форма хилийтархьама. «Торонтохь» Сезаран дебют хилира 15 мартехь, ловзарехь толам баьккхира (2:1). 2014 шеран 25 июлехь аренда чекхйаьлла йухавирзира «Куинз Парк Рейнджерсе».

2014 шеран 20 августехь «Куинз Парк Рейнджерсо» контракт дохийра голкиперца, иза сихха дехьавелира «Бенфике», шина шарна контракт а дина.

2018 шеран 29 январехь Жулио Сезар цӀа вирзира шен «Фламенго». Оццу шеран 20 апрелехь кхайкхийра шен карьера чекхйаларх[3].

Гулйина командин йукъара карьера нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Júlio César // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. Julio César Soares Espinola // As (исп.)Madrid: Grupo Prisa, 1967. — ISSN 1888-6671
  3. Former Brazil goalkeeper Julio Cesar retires at Flamengo (инг.). FOX Sports (2018 шеран 21 апрель). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 27 апрель.