Суба́льпийн а́сабиом: географин а, ломан а аса, лаьтта дечиган ораматийн дозанал лахахь, ломан-хуьнан асанал лакхахь.

ЭнгельмангӀеран баганаш субальпийн асанехь, Йуккъера Колорадо

Субальпийн асанера температура аьхка, довхачу мелхан дийнахь, хьалайолу максимум +24 °C кхаччалц, ткъа кхечу деношкахь ца кхочу +16 °C а. ГӀоролаш хила тарло шеран муьлххачу заманахь. Ӏаьнан температураш, лахарчу локхаллашкахьчул, шортта лакхара хила тарло, амма лакхара йу —23 °C, оцу хенахь лаьтта стомма лайн чкъор дуьллу, иза лаьтта 6—8 баттахь, ткъа цхьаццанхьа алсама гулделчехь аьхкий бен ца деша. Конвекцин йочанаш, дукха хьолахь лайн чимаш йа къора.

Асан локхалла тайп-тайпана йу шоралле хьаьжжина. Масала, Кавказехь а, Альпашкахь а субальпийн аса ю 1700—2300 м хӀордан тӀегӀанал лакхахь, Гималайшна къилба басешкахь 3200—4000 м лакхахь, ткъа лакхара шораллашкахь цуьнан тӀегӀа цӀеххьана охьайолу (масала, Курилийн гӀайренаш тӀехь иза охьайолу хӀордан тӀегӀане).

Флора а, фауна а нисйе бӀаьра

Субальпийн ораматаш кхуллу йукъараллаш, дуьненан тайп-тайпанчу кӀошташкахь, 4 тобане тоьхна хила тарло:

Къилбаседа Америкин лаьмнаш нисйе бӀаьра

Тархийн лаьмнашкахь флоран амалехь ю алсама субальпийн пихта (Abies lasiocarpa) а, ЭнгельмангӀеран бага (Picea engelmannii). Лаха басешкахь кхуьу дитташ дац, масала, можа зез (Pinus ponderosa) а, хьарчийна шуьйра баган зез (Pinus contorta). Цхьаццанхьа ган тарло кӀан чкъор долу зез (Pinus albicaulis) а, остан зез (Pinus Longaeva), дугласи (Pseudotsuga menziesii), цхьанбесара пихта (Abies concolor), тайп-тайпана кепара жӀолам (Juniperus).

Ӏа хала хиларна а, дааран хьост цатоарна а меттигера фауна чӀогӀа кӀезиг ду. Наггахь оцу локхаллашка хьалайовлу черчий а, пума а. Кхузах деха декха дийнатех билгалдаккха мегар ду цӀокъ, Америкин кӀайн пхьагал (Lepus americanus), америкин са́лор (Martes americana), тайп-тайпана тарсалш; олхазарехломан гайка (Poecile gambeli) а, кӀуж болу айсина сойка (Cyanocitta stelleri), ткъа иштта бухӀанаш, поползнеш, вьюрокаш.

Хьажа иштта нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра