Тарахь

Ибрахӏим пайхамаран да

Та́рахь, Та́рих, Те́рахь (Ӏаьр. تارح‎‎), я А́зар (Ӏаьр. آزر‎‎) — иза ИбраьхӀим пайхамаран ﷺ да ву.

Тарахь
Ӏаьр. تارح‎‎
Сурт
Азар
Вина терахь 1883 в. э. хьалха[1]
Кхелхина терахь 1678 в. э. хьалха[2]
Къам вавилонхой
Да Нахьур
Зуда Амилат
Динлелор ЦӀу-динах тешар
Лоруш волу динаш Ислам, Керсталла, Иудаизм

Биографи нисйе бӀаьра

Тарахь йа Азар цуьнан ши цӀе йу бохуш дуьйцу цхьаболчу Ӏеламнаха. Тарахьан ваша Азар хилла бохуш а дуьйцу. Делахь а дика хуург АллахӀ ву. Тарахь ИбраьхӀим винчул тӀаьхьа кхелхина бохуш а дуьйцу, а Азар цуьнан деваша хилла а боху. Тарахь веллачул тӀаьхьа цуьнан зуда Амилат (Буна), Азаре маре йахана бохуш а дуьйцу. Къуръан тӀехь Азар аьлла хьахийна ву иза. ЧӀогӀа тилла велла къинош долу стаг хилла боху. ИбраьхӀимас аьлла:

ИбраьхӀима аьлла шен дега: Баккъалла а, ахь цӀунаш делой санна лору, суна го хьо а, хьан къам а билггалчу тиларчохь.

ИбраьхӀимас шен дине кхайкхича, цо тӀара тоьхна хилла ИбраьхӀиман. Азар чӀогӀа тилла велла вон стаг хилла. Делой бу бохуш нах тилла а беш, шен шортта мах боккхуш хилла цо, цӀунаш а духкуш. ЦӀунан лолалла дар, шайн дайшан дин ду бохуш лелаш хилла и нах.

ИбраьхӀим цӀарга кхоьссинчул тӀаьхьа, АллахӀ дала иза кӀелхьара ваьккхича, Азара аьлла: «Ма дика ву-кх и хьан Дела, хӀай ИбраьхӀим!». ИбраьхӀимас АллахӀ деле даьхна хилла шен да нийсачу новкъа нисвен аьлла. Делахь а, АллахӀ дика хууш верг ву-кх.


  1. Kantor M. (unspecified title) (инг.) — 2004. — P. 10. — ISBN 978-0-87668-229-6
  2. Kantor M. (unspecified title) (инг.) — 2004. — P. 17. — ISBN 978-0-87668-229-6