Телевизионан маша (инг. Television network) — меттигера телестанцийн(ингалс.) а, кабелан телевизионан провайдерийн а ненан компанин телевизионан программаш йаржоран коммуникацин маша. ДезткъолгӀа шерашна йуккъе кхачале дуьненан дукхаха йолчу пачхьалкхашкахь алсама йара кегийра шуьйрахаамийн машанаш(ингалс.), хӀунда аьлчи оцу хенахь кабелан телевизион иштта кхиина йацара[1]. Дукхаха болу шира телемашанаш кхоллабелла радиомашанех, масала BBC, NBC йа CBC.

Ков Телевизион
Кевн логотип
Кевн логотип
Истори
Телевизион АЦШ
Телевизион Россехь
Телевизион ССРС
Терминаш
Телевизионан маша
Телевизионан синдикаци
АпфронтНильсенан рейтинг
Сезонан юккъехь хийцар
Сезонан премьера • Сезонан финал
ТелесериалКлиффхэнгер
Прайм-таймКадрашна тӀехьара беларш
Шоураннер
Жанраш а, форматаш а
Теленовелла
Мыльни опера
СиткомАнтологи
Процедуран драма
Кхиархойн драма
Ток-шоу
Мини-сериал
Реалити-шоу
Керланаш
Йаззамаш кечбар
Категореш

АЦШхь ширачех йу NBC, болх беш йу 1938 шарахь дуьйна, ткъа CBS а, ABC болх бан йолайелла 1940-гӀа шераш дуьйлалуш[2]. Уггаре доккха кхаа канало оцу хенахь дуьйна латтабо шен регионан станцешна-накъосташна ладаме барам телевизионан программаш, царна йукъахь керлачеран арахецараш, прайм-тайм, дэй-тайм, спорт гайтар, амма оццу хенахь йуьту царна дикка хан меттигера а, ткъа иштта синдикаци йина а программаш. 1986 шарахь боккхачу кхаа машан тӀекхийтира керла маша Fox, амма шел а хьалха хиллачаьрга хьаьжча машано хӀиттайора шина сахьтан прайм-тайме программаш, ткъа йерриг йисина хан дӀалора меттигерчу станцешна[3]. 2006 шарахь кхоьллина жима машано The CW, хӀиттайо Fox компанел кӀезиг программаш, ара ца хоьцу прайм-таймехь итт сахьт даьлчий бен, ткъа йерриг йисина хан дӀало меттигерчу партнерашна, цара йузу контента синдикаци йина эфиран хан. Коммерцин боцу PBS машано иштта болх бо меттигера партнерийн гергарлон хьесапца, амма йоккха йиъ компанех къаьсташ церан йац гайтаран луьра программа, контент эфире йолу хенан раж лелайо меттигера станцеш.

Кхин а хьажа нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Mitchell Stephens. History of Television. Grolier Encyclopedia. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 10 январь. Архивйина 2013 шеран 28 январехь
  2. National Broadcasting Company. Museum of Broadcast Communications. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 10 январь. Архивйина 2013 шеран 28 январехь
  3. Daniel M. Kimmel. The Fourth Network: How Fox Broke the Rules and Reinvented Television. — Fox Broadcasting Company, 2004. — ISBN 1-56663-572-1.