Те́рк (гӀебарт.-чергаз. Тэрч къалэ) — ГӀебартойн-Балкхаройчоьн республикера гӀала. Теркан кӀоштан административан йукъ. Кхуллу муниципалан кхоллам гӀалан меттиг Терк, шена йукъахь ша цхьаъ бен йоцу.[1]

ГӀала
Терк
гӀебарт.-чергаз. Тэрч къалэ
Сурт
ХӀост
ХӀост
43°29′ къ. ш. 44°08′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Республика ГӀебартойн-Балкхаройчоь
Муниципалан кӀошт Теркан кӀошт
ГӀалан корта Хапажев Тимур Урусбиевич
Истори а, географи а
Йиллина 1876
Хьалхара цӀерш Муртазово (Муртазей)
Майда 12 км²
Центран локхалла 254 м
Климатан тайпа тӀуьна барамера (Dfa)
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 19 329 стаг (2013)
Луьсталла 1610,75 стаг/км²
Къаьмнийн хӀоттам гӀебартой, оьрсий
Динан хӀоттам бусалба-суннийш, керсталла
Официалан мотт ГIебартойн-Чергазийн мотт, Кхарачойн-балкхаройн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 86632
Поштан индексаш 361201 - 361203
Автомобилан код 07
ОКАТО 83235501000
admterek.ru
Картин тӀехь
Терк картан тӀехь
Терк
Терк картан тӀехь
Терк

Географи нисйе бӀаьра

 
ГӀалан коьрта урам

ГӀала лаьтта Теркан кӀоштан малхбуза декъехь, Теркан аьтту бердаца. Новкъаца лерича, Нальчикера 53 км малхбалехьа ю.

ГӀалан меттиган майда ю — 12 км2. ГӀала яхъелла къилбаседера къилбехьа — 5 км, малхбузера малхбалехьа — 3 км.

Доза ду: Арикца къилбаседехь, Дейскица малхбалехь, Интернациональница а, Александровскица а малхбузехь.

ГӀала лаьтта республикин ломан кӀажошкахь, таьӀна йолчу ГӀебартойн акъари тӀехь. Меттиган рельеф дикка нийса ю, малхбузехь а, къилбаседехь а шунаш долуш. Муниципалан кхолламан мехкан локхаллин юккъера барам бу 254 метр хӀордан тӀегӀан тӀиера.

Гидрографин маша гайтина Терк хие. Хин тогӀи дӀалаьцна юькъачу хьаннаша. ГӀалан къилбаседехьа ду цхьа могӀа татолаш, кӀоштан йуьртабахаман латташна хи дилла лерина. ГӀалан къилбаседехьа лаьтта Арикские Дубки цӀе йолу хьун.

Климат тӀуьна барамера йовхачу аьхкенца, кӀедачу Ӏаьнца. Шеран юккъера температуран барам бу +10,5°С гергга, техка июле юккъерачу +22,5°С тӀиера, январера юккъерачу -2,0°С кхаччалц. Де-бусан юккъера Ӏаьнан температуран барам техка −5°С тӀиера +10°С кхаччалц, ткъа аьхка − +16°С тӀиера +30°С кхаччалц. Ӏаьнан минимум температура наггахь охьайолу -12°С, аьхкенан максимум температураш кхочу +35°С. Шеран тӀуналлин юккъера барам 650 мм гергга бу. Йочанийн коьрта дакъа догӀу апрелера июне кхаччалца болчу муьрехь. Коьрта мехаш — малхбален а, къилбаседа-малхбузан а бу.

Истори нисйе бӀаьра

Терк гӀала кхоьллина терахь лору 1876 шо, оцу хенахь болхбан йолайелира керла цӀерпоштнекъан станци Муртазово. Керла станции йира гӀебартойн элийн МуртазовгӀеран латташ тӀехь, церан сийнна царна и цӀе тиллира. Оцу хенахь станцин гӀуллакх деш болу белхалой чухоара кхаа гӀишлон чу. Шераш девлчи, станцин гуонаха йан йолийра кхин дахаран а, бахаман а гӀилош, ткъа иштта кегийра долара белха меттигаш а.

1920 шарахь хилира Жима ГӀебартийн гуонан Советийн гулам. Цуьнан жамӀашца барт хилира станцин гергахь керла йуьрт йилла. ХӀоттийначу планаца керла йуьрт хила йезара Жима ГӀебартийн гуонан центр. Оццу хенахь гуонан гуламо Терк цӀе а кечйира керлачу йуьртана.

Йуьхьанца оцу йуьртана Муртазово цӀе йита гӀертара. Амма хӀоьттинчу советийн Ӏедало гӀебартой йартийн элийн цӀарах техкина цӀераш хуьйцуш лело политика бахьнехь, керла йуьртана ша аьтту бердан тӀехь йолу Терк хин цӀе тиллира[2].

1935 шарахь Теркан йелира гӀалин тайпана эвла статус. 1945 шарахь белхалойн эвлан статус.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш, 1942 шо чекхдолуш, посёлок масех кӀирнах немцой эскаршна карайахара. Мукъа йаьккхина 1943 шо долалуш. Беллачарна гӀалахь хӀиттийна иэсаш а, монументаш а.


1967 шеран августехь зорбане даьлла РСФСР Лакхарчу Советан Президиуман Омар Терк поселках кӀоштан куьйгакӀелара гӀала йарех. ГӀалахь кхоьллира гӀалин совет.

Бахархой нисйе бӀаьра

Бахархойн дукхалла
19391959[3]1970[4]1979[5]1989[6]1992[7]1996[7]1998[7]
4500664710 42212 33516 55917 80018 50018 500
2000[7]2001[7]2002[8]2003[7]2005[7]2006[7]2007[7]2008[7]
18 50018 50020 25520 30020 10019 90019 80019 800
2009[9]2010[10]2011[7]2012[11]2013[12]2014[13]2015[14]2016[15]
19 84319 17019 20019 27319 32919 44619 44219 426

Луьсталла — 1618.83 ст./км2.

Къоман хӀоттам

2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[16]:

Къам Барам,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
гӀебартой (чергазий) 16 400 85,6 %
оьрсий 1 917 10,0 %
хӀирий 219 1,1 %
кхин берш 634 3,3 %
берриш 19 170 100,00 %
Бахархойн сте-боьршаллин а, хенан а хӀоттам

2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[17]:

Хан Божарий,
ст.
Зударий,
ст.
Берриш,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
0 — 14 шо 1 743 1 765 3 508 18,3 %
15 — 59 шо 6 107 6 993 13 100 68,3 %
60 шерал сов 908 1 654 2 562 13,4 %
Берриш 8 758 10 412 19 170 100,0 %

Божарий — 8 758 ст. (45,7 %). Зударий — 10 412 ст. (54,3 %)[18].

Бахархойн юккъера хан — 35,5 шо, медианан хан — 33,6 шо.

Божарий юккъера хан — 33,6 шо, медианан хан — 31,2 шо.

Зударийн юккъера хан — 37,0 шо, медианан хан — 35,8 шо.

Меттигера шеш шайн урхалла нисйе бӀаьра

ГӀалан меттиган меттигера шеш шайн урхаллин меженийн структура:

  • Терк гӀалан меттиган корта — Хапажев Тимур Урусбиевич.
  • Меттигера администраци (кхочушдаран-омарийн меже) — Терк гӀалан меттиган администраци.

ГӀалан меттиган меттигера администрацин аппарат лаьтта 15 стагах.

  • Векалийн меже — Терк гӀалан меттиган Совет.

Лаьтта 17 депутатах.

ГӀалан меттиган администрацин адрес — Терк гӀала, Канкошевн урам №20.

Дешар нисйе бӀаьра

ГӀалан мехкан тӀиера дешаран меттигаш

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Закон Кабардино-Балкарской Республики от 27 февраля 2005 года N 13-РЗ «О статусе и границах муниципальных образований в Кабардино-Балкарской Республике»
  2. Город Терек.
  3. Всесоюзная перепись населения 1959 года. Численность городского населения РСФСР, её территориальных единиц, городских поселений и городских районов по полу. Демоскоп Weekly. ТӀекхочу дата: 25 сентябрехь 2013. Архивировано 28 апрелехь 2013 года.
  4. Всесоюзная перепись населения 1970 года Численность городского населения РСФСР, её территориальных единиц, городских поселений и городских районов по полу. Демоскоп Weekly. ТӀекхочу дата: 25 сентябрехь 2013. Архивировано 28 апрелехь 2013 года.
  5. Всесоюзная перепись населения 1979 года Численность городского населения РСФСР, её территориальных единиц, городских поселений и городских районов по полу. Демоскоп Weekly. ТӀекхочу дата: 25 сентябрехь 2013. Архивировано 28 апрелехь 2013 года.
  6. Всесоюзная перепись населения 1989 года. Численность городского населения. Архивировано 22 августехь 2011 года.
  7. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 Народная энциклопедия «Мой город». Терек. ТӀекхочу дата: 5 октябрехь 2013. Архивировано 5 октябрехь 2013 года.
  8. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивировано 3 февралехь 2012 года.
  9. Численность постоянного населения Российской Федерации по городам, посёлкам городского типа и районам на 1 января 2009 года. ТӀекхочу дата: 2 январехь 2014. Архивировано 2 январехь 2014 года.
  10. Численность населения КБР в разрезе населённых пунктов по итогам Всероссийской переписи населения 2010 года. ТӀекхочу дата: 21 сентябрехь 2014. Архивировано 21 сентябрехь 2014 года.
  11. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. ТӀекхочу дата: 31 майхь 2014. Архивировано 31 майхь 2014 года.
  12. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). ТӀекхочу дата: 16 ноябрехь 2013. Архивировано 16 ноябрехь 2013 года.
  13. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. ТӀекхочу дата: 2 августехь 2014. Архивировано 2 августехь 2014 года.
  14. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. ТӀекхочу дата: 6 августехь 2015. Архивировано 6 августехь 2015 года.
  15. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  16. Том 3. Таблица 4. Население по национальности и владению русским языком по муниципальным образованиям и населенным пунктам КБР.
  17. Том 1. Таблица 2.2 Население КБР по возрастным группам и полу.
  18. Численность населения КБР по итогам Всероссийской переписи населения 2010 года.

Кеп:Российн гӀаланийн барам