Ту́рпал Апти́евич Тока́ев (Теодор Сариев) (1984 шо, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн К-1 а, тайн боксан а латархо, масийттуза Туркойчоьнан кикбоксинган чемпион, кикбоксинган а, тайски боксан а дуьненан чемпион.

Турпал Аптиевич Токаев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх  ССРС Росси
Говзалла Тайски бокс, кикбоксинг
Вина терахь 1984({{padleft:1984|4|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Тренераш Рамзан Исиев
Локхалла 188 см
Йозалла 96 кг
Арахьара суьрташ
Турпал Токаев

Биографи нисйе бӀаьра

Вина Соьлжа-ГӀалахь 1984 шарахь. 1999 шарахь иза Кхазакхстане дӀавахара. Цигахь цо леташ хенахь Теодор Сариев цӀе лелайора. Иза вара Кхазакхстанан тайски боксан тобанан 91 кг кхаччалц йозаллин категорехь тоьлла латархо. Цо Мидалш йохура массо а ша дакъа лоцу турнирашкахь: Кхазакхстанан президентан Кубкан халкъашна йуккъера турнир, Ялтехь хилла йолу спортан клубашна йуккъера дуьненан чемпионат, 2006 шарахь хилла муай-тайн дуьненан чемпионат (дато мидал), кхиераш а[1].

Цхьа хан ялча иза Туркойчу дӀавахара. Цигахь а цуьнан баккхи кхиамаш хилира: абсолютни йозаллехь Туркойчоьнан чемпион, 3-за Туркойчоьнан Гран-при йаьккхинарг. Иза хилира иттан Туркойчура массарелла а бевзаш болу стагах цхьаъ. Наха цунна цӀе тиллира «Bahadir Sari» («Турпал»)[2].

Туркойчохь иза кинематографехь актёран а, режиссёран а, каскадёран а болх бан волавелира. Цо дакъа лецира туркойн историн блокбастер «Кара-Мурат» йоккхуш режиссёр а, актёр а санна (Иза вара Таллус цӀе йолу Риман гладиаторан ролехь). Иштта цо дакъа лецира «13 район», «Къуьйсийла воцург 2», «Къуьйсийла воцург 3» фильмаш йоккхуш хенахь[2].

2010 шарахь иза цӀа вирзира. Цуьнан тренер ву Рамзан Исиев. Иза ву «Грозный» клубан латархо[2].

Спортан кхиамаш нисйе бӀаьра

  • Тайски боксан дуьненан чемпион (IFMA 2006);
  • «Таиландан паччахьан кубок» йаьккхинарг (2007);
  • WKN Чемпионан Доьхка (2007);
  • Кикбоксинган интерконтинентальни чемпион (К-1) (2008);
  • WKN Чемпионан Доьхка (2008);
  • Дуьненан кикбоксинган чемпион (К-1) (2009);
  • ISKA Чемпионан Доьхка (2009);
  • Турцин кикбоксинган Гран При (К-1) (2009);
  • Дуьненан кикбоксинган чемпион (ISKA 2010);
  • Турцин кикбоксинган Гран При (К-1) (2010);
  • ISKA Чемпионан Доьхка (2011);
  • Турцин кикбоксинган Гран При (К-1) (2011);
Хилларг Соперник Некъ Турнир Терахь Раунд Хан
Эшар Tomasz Sarara Суьдхойн сацам Кубок Татнефть 2014 2014 шеран 31 январь 4 3:00
Толам Mantas Rimdeika Нокаут Кубок Татнефть 2013 2012 шеран 1 декабрь 1
Толам Юрий Макаренко Нокаут - 2011 2
Толам Даниил Саплойшин Нокаут Кубок Татнефть 2011" 2010 шеран 19 декабрь 1
Толам Магомед-Гаджи Магомедов Нокаут - 2010 1
Толам Энрике Зова Нокаут - 2010 2
Толам Горан Видакович Техникин нокаут - 2009 2
Толам Эрхан Дениз Суьдхойн сацам - 2009 5 3:00
Толам Замик Атакишев Нокаут - 2009 2
Толам Саид Али Мухаммед Нокаут - 2009 2
Толам Замик Атакишев Техникин нокаут - 2009 1
Толам Редуан Кайро Нокаут - 2008 2
Эшар Стефан Леко Суьдхойн сацам Kickboks Gala Istanbul 2007 шеран 14 октябрь
Эшар Натан Корбет Суьдхойн сацам K-1 Scandinavia GP 2007 2007 шеран 19 май 3 3:00
Толам Рамазан Рамазанов Нокаут K-1 Scandinavia GP 2007 2007 шеран 19 май 2 0:57
Толам Энрике Зова Суьдхойн сацам - 2007 3 3:00

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра