Тун (административан-мехкан дакъа)

Тун (эрм. Տուն) — Шира Эрмалойчоьнан лахара тӀегӀанан административан-мехкан дакъа[1].

Эволюци а, термин лелор а нисйе бӀаьра

Гуьржийн историко И. А. Джавахишвилис мА-гайттара:

  Эрмалойчоьнан пачхьалкхан дахаран дуккха а кхечу махкахойн Ӏаткъаме хьаьжина ца Ӏаш, оцу къоман социалан дахар лаьттара бакъ болчу хӀоттаман шира ларраш тӀаьхь, дикка шера къаьсташа Ӏалаш хилла; и социалан «бен», йа «эмбрион», нагахь иштта ала мегар делахь, яьхна исторел хьалхара бӀешерийн дохаллехь, Ӏамало вайга лингвистийн анализан гӀоьнца, ткъа историн дахар кхуьура, гомха-йукъараллин кепера дехьаелира пачхьалкхан организман кепе, иза ю «тун»[1].  

Ишттачу кепара, масийтта маьӀна долуш, «тун» хилла цуьнца цхьаьна социалан а, мехкан а дакъа. Хьалха «тун» дашо билгалдоккхура вовшашца гергарло долу адамийн гуо[2][3]. ШозлагӀа, «тун» дашо билгалйоккхура дахаран хӀусам, гӀишло[4]. КхоалгӀа, «тун» дашо билгалбоккхура доьзал беха, цуо дӀалоцу мохк; цуо билгала боккхура доьзалан йа тайпанан бахам[5]. ДоьазлагӀа, термин «тун» лелайора иштта, нагахь хьахош далахь цхьа Ӏин йа гуо[6], аьлча а термин «тун» шен маьӀница термин «гаварца» нисса ду. Иштта, масала, Вананд гаварах дукха хьолахь олу «тун Вананд». КӀезиг йац меттигаш «тун» дош юкъатухуш гаваран цӀерна, масала, гавар Пагнатун[1]. ТӀаьххьара, пхоьалгӀа, «тун» термино билгалйоккхура цхьаьнан Ӏедалан кӀелахь йолу область. ТӀаьхьа «тун» терминан эволюци а хуьлий, маьӀна хуьлу дийнна мехкан, цкъаццӀа дийнна пачхьалкхан[1].

Джавахишвили И. А. жамӀе кхочу, эрмалойн матто Ӏалашдо цхьа дош кхетамаш билгалбохуш, цхьаьна могӀара белахь а, амма тӀаккха цӀеххьана вовшех къаьсташ а хуьлу, хӀунда аьлча «тун» термино билгалдоккхура цӀа, бахам, долара мохк, область, дийнна мохк. Дерриг мехкан дакъоша, уггаре жимачун тӀера йоккха организме кхаччалц, масала мохк, лелайора цхьа цӀе. Оцу цхьаалло, И. А. Джавахишвилин хетарехь, гойту бакъ йолу амал ишттачу декъадаларан. И. А. Джавахишвили жамӀе кхочу, схьагарехь, «тун» ю оцу хенара социалан дахаран хьал гойтуш ерг, юьхьанца хӀоттам буьззина ницкъехь болуш, арахьара мехкийн Ӏаткъам боцуш болчу хенахь, мотт къиен болчу хенахь, лелош хилла цхьа дош масийтта цхьаьна тайпана кхетам билгала боккхуш. Гуш ду, оцу хенахь социалан хӀоттаман а, социалан ойланан а хьостан бух хилар «тун», цунах кхиина берриг тӀаьхьара йукъараллин хӀоттам[1].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 3 4 5 Джавахишвили И.А. Государственный строй Древней Грузии и Древней Армении. — 2-е. — Москва: ЛЕНАНД, 2016. — С. 84-89. — 152 с. — ISBN 978-5-9710-3510-7.
  2. Фавстос Бузанд, III, Ժա, стр. 28:

    Они были зятьями дома рода Мамиконянов.

  3. Фавстос Бузанд, IV, ծ, стр. 163:

    …войско и дом арода Агдзникской области восстали против царя армян…

  4. Фавстос Бузанд, «История Армении» Четвёртая книга, Глава XXIII:

    Если де в будущем Шапух сумеет одержать победу над армянами и захватить их страну, и йа смогу вернуться в свою страну и в свой дом, то прежде всего, сказал он, йа в своем собственном доме воздвигну капище, то есть дом поклонения огню.

  5. Фавстос Бузанд, «История Армении» Третья книга, Глава VIII:

    Таким образом этот нахарарский род был уничтожен…

  6. Фавстос Бузанд, «История Армении» Четвёртая книга, Глава XXIV:

    …осадили сильную крепость Ангел в гаваре Ангел-тун…