Турсоби (лат. Betonica officinális) — дукхашерийн бецийн орамат; Ниттийн доьзалера Турсоби (Betonica) тайпана кеп.

Турсоби
Турсоби. Заза даьллачу ораматан бохь
Турсоби. Заза даьллачу ораматан бохь
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Betonica officinalis L. (1753)

Лелайо декоративан хаза куьу орамат санна.

Ботаникан сурт нисйе бӀаьра

 
Турсоби (юккъехь). Лош Фридрихан Kräuterbuch. Unsere Heilpflanzen in Wort und Bild (1914) жайнин тӀиера ботаникан сурт

Орам дукхашерийн, тӀеда, боца, охьане.

ГӀад нисса лаьтта, локхалла 30—60 (100) см, кӀеззиг чо болуш.

ГӀаш дуьхь-дуьхьал, гӀен гӀошмаш йолуш, дехуо-хӀоакепара, аьрта, бух тӀехь догкепара, хебаршка ихна, шинне а агӀора шога чо биллина; Орамашна уллера гӀаш чӀогӀа еха, юккъернаш алсама йоца гӀожмаш йолуш, лакхарнаш — хевшина довла дохкуш ду.

 
МаргӀал
 
Бух тӀиера догкепара гӀа
 
Нисса лаьтта гӀад еха гӀошмаш тӀехь долчу хӀоакепара гӀашца

Зезаг доккха, харц, сте-боьрша, йиз бухара, лакхарчу гӀашшан чоьта хевшина; зазабухенаш хӀоакепара, ира, цӀоцкъамкепара, кедалге терра еха. Кедалг южуш йац, нисса ю, горгалин кепара; пхиъ терра церг йолуш, боца чо болуш; кедалган цергаш кхоъ са болуш, тубанал шозза йоца. Заза дужу, сирла-цӀие, наггахь кӀайн а, шиъ балда долуш, арахьа дукхачу меттигехь биллина чо болуш; зазан турба кедалгал еха ю, гӀеххьа сеттина, чоьхьахь чон хӀоз боцуш; лакхара балда озийна-хӀоакепара, дийна я боьххьехь херо йолуш, чухьовзийна, юьхьанца нисса лаьтта, цул тӀаьхьа дӀахьовзийна; лахара балда кхоъ лара долуш, охьатаӀийна, алсама шуьйра, гоьрга, юккъерачу ларанца. Дургалш диъ ду, лакхарчу балдан юккъе а ца кхочу; дургалан хьесий дуткъа ду, лахарчу декъехь тӀелетта зазан турбан, лакхахь паргӀата, дуьсу дуьх-дуьхьал заза даьккхинчул тӀаьхьа а; дургалгаш шиъ бен болуш, дуьх-дуьхьал аьлчи санна дургалгийн бенаш долуш. Йиз биъ бен болуш ю, эчигкепарчу экъан тӀе хиъна йиъ ларан лакхара чӀенигца; бӀогӀамалг хьасанкепара бу, дургале терра беха а болуш, чеккхе ю къаьстина шина цӀузамца. Заза долу июнь чеккхенгара сентябрь кхаччалц.

ХӀу декъа, лаьтта диъ дахдина, кхоъ са болу, арахьа таьӀна, шера боьра цхьаъ хӀу долу кедалган бух тӀехиинчу бӀарех. ХӀу кхуьу июлехь — октябрехь.

Яьржа а, кхуьу а меттигаш нисйе бӀаьра

Турсоби кхуьу ерриг аьлчи санна Европехь, дика кхуьу Европин Россехь, Кавказехь, Малхбуза Сибрехахь, Уралехь.

Хуьлу бекъачу а, тӀуьначу а бай тӀехь, айаеллачу меттигашкахь, коьллашна юкъахь, ирзуш тӀехь, хьаннашна йистехь.

Бахамехь иэшар а, лелор а нисйе бӀаьра

Турсоби дарбанан Ӏалашон лелайо заза доккхучу хенахь гул а йой, якъийнарг. Якъийна бецан ю гӀуо кхагар хьожа а, къаьхьа, гӀеххьа «тийсалуш» чам. Хьалха лелабора орам а.

Турсоби бецан хьал: къаьхьа а, дабагӀа ден а хӀуманаш.

Фармацевтин препарат: вайн махкахь официалан йоцу буц — Herba Betonicae.

Дарбанехь лелор. Ӏилманан медицино турсоби буц йитина яьлла; иза аьтта xIyp бина йовхаршна лела йо наггахь. Халкъан медицинехь турсоби лелайо чорпашкахь садаӀаран некъаш дукъделчи, ткъа иштта antarthriticum цамгарна. Орам лелабора хьалха Ӏаьттаваран а, чоьна даран а гӀирс санна.

Орамат дукха хенара лелош ю халкъан медицинехь цӀий сацоран, катаралан а, гипотензиван а гӀирс санна; Гомеопатихь лелайо са лецарехь[1].

Моз долу орамат.

ХӀушца хьена даьтта ду.

«Бецаца» тӀаргӀа боьра- зайтдаьттан басе басар банло[1].

Екъачу ораматан хӀур лелайо дехкашна дуьхьал[1].

Таксономин хьал нисйе бӀаьра

Синонимаш нисйе бӀаьра

The Plant List хаамашца 2013 шарахь, синонимикан юкъадогӀу тайпанаш[2]:

  • Betonica affinis Wender.
  • Betonica alpigena Schur
  • Betonica angustifolia Jord. & Fourr.
  • Betonica bjelorussica Kossko ex Klokov
  • Betonica brachydonta Klokov
  • Betonica brachystachya Jord. & Fourr.]
  • Betonica bulgarica Degen & Nejceff
  • Betonica clementei Pérez Lara
  • Betonica danica Mill.
  • Betonica densiflora Schur
  • Betonica drymophila Jord. & Fourr.
  • Betonica foliosa C.Presl
  • Betonica fusca Klokov
  • Betonica glabrata K.Koch
  • Betonica glabriflora Borbás
  • Betonica grandifolia Jord. & Fourr.
  • Betonica hirta Leyss., nom. illeg.
  • Betonica hylebium Jord. & Fourr.
  • Betonica incana Mill.
  • Betonica laxata Jord. & Fourr.
  • Betonica legitima Link
  • Betonica leiocalyx Jord. & Fourr.
  • Betonica monieri Gouan
  • Betonica montana Lej.
  • Betonica monticola Jord. & Fourr.
  • Betonica nemorosa Jord. & Fourr.
  • Betonica nutans Kit. ex Schult.
  • Betonica occitana Jord. & Fourr.
  • Betonica officinalis L.
  • Betonica parvula Jord. & Fourr.
  • Betonica peraucta Klokov
  • Betonica polyclada Jord. & Fourr.
  • Betonica pratensis Jord. & Fourr.
  • Betonica psilostachys Jord. & Fourr.
  • Betonica purpurea Bubani
  • Betonica pyrenaica Jord. & Fourr.
  • Betonica recurva Jord. & Fourr.
  • Betonica recurvidens Peterm.
  • Betonica rigida Jord. & Fourr.
  • Betonica rusticana Jord. & Fourr.
  • Betonica sabauda Jord. & Fourr.
  • Betonica stricta Aiton
  • Betonica stricticaulis Jord. & Fourr.
  • Betonica subcarnea Jord. & Fourr.
  • Betonica valdepubens Jord. & Fourr.
  • Betonica validula Jord. & Fourr.
  • Betonica virescens Jord. & Fourr.
  • Betonica virgultorum Jord. & Fourr.
  • Betonica vulgaris Rota
  • Stachys betonica Benth., nom. illeg.
  • Stachys bulgarica (Degen & Nejceff) Hayek
  • Stachys danica (Mill.) Schinz & Thell.
  • Stachys densiflora Benth., nom. illeg.
  • Stachys glabriflora (Borbás) Rossi
  • Stachys monieri (Gouan) P.W.Ball
  • Stachys officinalis (L.) Trevis. ex Briq.
  • Stachys stricta (Sol.) Dalla Torre & Sarnth., nom. illeg.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 3 Губанов И. А. и др. Дикорастущие полезные растения ССРС / отв. ред. Т. А. Работнов. — М.: Мысль, 1976. — С. 286. — 360 с. — (Справочники-определители географа и путешественника).
  2. Stachys officinalis (L.) Trevis. is an accepted name (инг.). The Plant List (2013). Version 1.1. Published on the Internet; http://www.theplantlist.org/. Royal Botanic Gardens, Kew and the Missouri Botanical Garden (2013).

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

  • Турсоби(ингалс.): хаамаш сайт тӀехь GRIN.
  • Бетоника // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.