ТюленийКаспий-хӀордан чура гӀайре, административан ДегӀастанан йукъайогӀу.

Тюлений
Амалш
Уггар лаькха меттиг-23 м
Лаьтта меттиг
44°29′ къ. ш. 47°31′ м. д.HGЯO
АкваториКаспий-хӀорд
Пачхьалкх
РегионДегӀаста
ДегӀаста
Тюлений
Каспий-хӀорд
Тюлений
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Иза йу Суюткинан оьсиг цӀе йолу меран 30 км. къилбаседа-малхбалехьа. ЧутаьӀна, гӀамаран. Бохалла 8 км, шоралла 6 км. Даиман Ӏаш нах бац. Метеорологическан станци. ХХ бӀешеран 50-гӀа шераш кхачале гӀайренна тӀехь йара корматаллин эвла. Эвлахь хилла завод, школа, клуб — уьш йара тӀулгех йина цундела цера саьлнаш хӀинций а йолуш йу. Ткъа бахархойн цӀенош дечиган дара. Цхьаболчу хаамашца 30-гӀа шерашка кхаччалц гӀайренна тӀехь йолуш йара килс.

Эвла дӀайайран бахьна хӀинци а дика хууш дац. Цхьайолу версеца (легендаца) 50-гӀа шераш долуш хенахь, Ӏай къилбасада-малхбузен чӀогӀа мох бахьнехь эвлан тӀе ша бина хи а, ша делира. Массо цӀенош хино дӀахьулдира. Доккхачу латтан тӀера гӀо хенахь ца кхечира (шена хьал бахьнехь), ТӀех шел белла дукху нах белира. Из хиллачул тӀехьа бахархой эвла дӀатаса болабелира. (хӀара верси метеостанцин белхалоша а, Чечена гӀайренна бахархоша а дийцинарг дӀайазйина йу).

ГӀайренна цӀе тиллина каспийн тюленан цӀарах, гӀайренна тӀехь луьйцуш йолу.

Галерей нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра