Евро́пин футбо́лан ассоциа́цийн барт (инг. Union of European Football Associations, дацдина UEFA, нохчийн транслитерацица УЕФА) — Европин а, цхьайолу Азин малхбузен регионийн а футболан урхаллин спортан кхоллам. Цуо цхьаьнатуху европин мехкийн къоман футболан ассоциацеш, дӀахьо йерриг европин футболан клубийн а, гулйина командин а къийсамаш, ткъа иштта рекламех, клубашна а, шена чуьра къоман ассоциацешна а йукъара матчаш гайтарна йаьлла са йоькъу.

УЕФА
УЕФАн карта
Дакъалла 55 къоман ассоциаци
Штаб-квартира Швейцарин байракх Ньон
Организацин тайпа Спортан федераци
Официалан меттанаш Ингалсан
Французийн
Немцойн
Куьйгалхой
Президент Словенин байракх Чеферин Александер
Инарлин секретарь Желтойчоьнан байракх Теодоридис Теодор (ханна)
Кхоьллар
Кхоьллина терахь 1954 шеран 15 июнь
Хьалхара организаци ФИФА
Схьаевлла организацеш Эрмалойчоьнан футболан федераци[d], Белоруссин футболан федераци[d], Боснин а, Герцоговинин а футболан барт[d], Украинин футболан ассоциаци[d], Косовон футболан федераци[d], Ирландин футболан ассоциаци[d], Финляндин футболан ассоциаци[d], Албанин футболан ассоциаци[d], Исландин футболан ассоциаци[d], Уэльсан футболан ассоциаци[d], Чехин футболан ассоциаци[d], Македонин футболан федераци[d], Нидерландийн паччахьан футболан барт[d], Сербин футболан барт[d], Швейцарин футболан барт[d], Лихтенштейнан футболан барт[d], Ӏаьржаламанчоьнан футболан барт[d], Словенин футболан барт[d], Францин футболан федераци[d], Италин футболан федераци[d], Немцойн футболан барт[d], Шведийн футболан барт[d], Желтойн футболан федераци[d], Австрин футболан барт[d], Данин футболан барт[d], Португалин футболан федераци[d], Андоррин футболан федераци[d], Паччахьан Испанин футболан федераци[d], Хорватин футболан барт[d], Норвегин футболан ассоциаци[d], Туркойчоьнан футболан федераци[d], Литван футболан федераци[d], Люксембурган футболан федераци[d], Эстонин футболан ассоциаци[d], Сан-Маринон футболан федераци[d], Малтин футболан ассоциаци[d], Гуьржийн футболан федераци[d], Болгарин футболан барт[d], Польшин футболан барт[d], Мажарчоьнан футболан федераци[d], Исраилан футболан ассоциаци[d], Шотландин футболан ассоциаци[d], Гибралтаран футболан ассоциаци[d], Азербайджанан футболан федерацийн ассоциаци, Кипран футболан федераци[d], Фарерийн гӀайренийн футболан федераци[d], Латвин футболан федераци[d], Молдавин футболан федераци[d], Ирландин футболан ассоциаци[d], Словакин футболан барт[d], Румынин футболан федераци[d], Кхазакхстанан футболан федераци[d], Российн футболан барт[d], Бельгин паччахьан футболан ассоциаци[d], Ингалсан футболан ассоциаци[d]
uefa.com
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

УЕФА — Дьуьненайукъара футболан федерацин (ФИФА) йукъайогӀу йалх континентийн конфедерацех цхьаъ йу, цу тӀе царех УЕФА уггаре Ӏаткъаме а, хьал долуш а йу. Берриш аьлча санна дуьненан уггаре чӀогӀа футболисташ ловзуш бу Европехь, цигахь уггаре даккхий алапаш хиларна, Ингалсехь, Францехь, Италехь, Испанехь, Германехь[1] муххале а. Кхин а УЕФАхь йу дукхаха йолу чӀогӀа дуьненан къаьмнийн гулйина командаш, цундела дуьненан хьалхейаккхарехь оцу конфедерацина алсама меттигаш ло: иштта, 2006 шеран дуьненан чемпионатехь левзина 32 командех УЕФАра 14 йара.

УЕФА кхоьллина 1954 шеран 15 июнехь Базелехь (Швейцари) Францин, Италин, Бельгин футболан федерацеш йолийна консультацеш чекхъевлча. Йуьхьанца УЕФА йукъахь бара 25 мохк, хӀинца 55 бу. 1959 шо кхаччалц УЕФА штаб-квартира йара Парижехь, иза дӀакхалхийра Берне. 1995 шарахь дуьйна иза йу швейцарера Ньонехь. Хьалхара УЕФА инарлин секретарь хилла Делоне Анри, ткъа президентШварц Эббе.

УЕФАн сих-сиха девнаш хуьлура къаьмнийн ассоциацийн хьашташ кхочушдеш йолу Еврокомиссица. 1990-гӀа шерашкахь барт ца хуьлара телетрансляцин бакъонаш а, трансферан регламент а тӀехь (Босмана бакъо).

УЕФА президенташ нисйе бӀаьра

ЦӀе мохк Хан
1. Эббе Шварц   Дани 1954—1962
2. Густав Видеркер   Швейцари 1962—1972
3. Артемио Франки   Итали 1972—1983
4. Жак Жорж   Франци 1983—1990
5. Леннарт Юханссон   Швеци 1990—2007
6. Мишель Платини   Франци 2007—2015
Анхель Мария Вильяр (д.кх.)   Испани 2015—2016
7. Александер Чеферин   Словени 2016—ХӀ. а.

УЕФА инарлин секретараш нисйе бӀаьра

2007 шеран январехь дуьйна даржах олу «инарлин секретарь»:

ЦӀе Мохк Хан
1. Делоне Анри   Франци 1954—1955
2. Делоне Пьер   Франци 1955—1960
3. Бангертер Ханс   Швейцари 1960—1989
4. Айгнер Герхард   Германи 1989—2003
5. Ульссон Ларс-Кристер   Швеци 2003—2007
6. Тейлор Дэвид   Шотланди 2007—2009
7. Инфантино Джанни   Швейцари /   Итали 2009—2016
8. Теодоридис Теодор   Желтойчоь 2016—хӀ. а.

Къийсамаш нисйе бӀаьра

Гулйина командийн нисйе бӀаьра

УЕФАс дӀахьо гулйина командин коьрта къовам — Европин чемпионат. Цуо шен истории дӀайолийна 1958 шарахь (хьалхара финалан турнир хилла 1960 шарахь), 1964 шо кхаччалц олуш хилла «Европин къаьмнийн кад». Кхин а УЕФАн куьйгакӀела дӀахьо Европин кегийрхойн чемпионат а, 19 шо кхачанза а, Футболех ловзаран Европин чемпионат (17 шо кхачанза жимахой) а жимахойн чемпионаташ. Зударшна йукъахь йо Европин чемпионат, 19 шо кхачанза а, 17 шо кхачанза а зудаберийн чемпионат.

2018 шарахь дуьйна дӀахьо УЕФА Къаьмнийн лига, цуьнан декхар ду доттагӀаллин матчаш хийца. Турнир хуьлу шина шарахь цкъа, командаш йоькъу масех дивизионе хьалайала а, охьайала а таро йолуш. Лакхара дивизионехь ловзу 4 тобане йекъна 12 команда, тобанийн толамхой ловзу «еаннан финалехь». Лахара дивизионийн толамхошна бакъо ло рогӀера Европин чемпионатан финалан декъехь ловза (2020 шарахь дуьйна А, В, С дивизионашкахь хӀораннехь а 16 команда йу).

Клубийн нисйе бӀаьра

УЕФАн куьйгакӀела дӀахьо лахара клубан къийсамаш:

Хьалха кхин а хилла:

Декъахойн исписка нисйе бӀаьра

(Стомма зорбанца билгалъйаьхна гулйина командаш дуьненан чемпионаш хилла ассоциацеш, курсивца — Европин чемпионаш хилларш)

Хилла декъашхой нисйе бӀаьра

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Опубликован рейтинг зарплат футболистов лучших лиг мира — Российская газета
  2. Сборная России по футболу является правопреемницей сборной СССР, победившей на чемпионате Европы 1960 года.
  3. Сборная Чехии по футболу является правопреемницей сборной Чехословакии, победившей на чемпионате Европы 1976 года.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра