Униях акт, йа Бартах акт (инг. Acts of Union), — законаш кхолларан акт, тӀеэцна 1706 а, 1707 а шерийн дохаллехь Ингалсан а, Шотландин а парламенташа. Законан Ӏалашо йу марталлин бартахойн пачхьалкх — Йоккха Британи кхоллар.

Ингалсан историн муьраш
ТюдоргӀеран мур (1485—1558)
Елизаветин мур (1558—1603)
ЯковгӀеран мур (1603—1625)
Карлан мур (1625—1642)
Гражданийн тӀемаш, республика а, Протекторат а (1642—1660)
СтюартгӀеран хийцамаш а, Сийлахь революци а (1660—1688)
Йоккха Британи (1688—1714)
Георгин мур (1714—1811)
Регенталла (1811—1830)
Викторин мур (1837—1901)
Эдвардан мур (1901—1910)
Дуьненан хьалхара тӀом (1914—1918)
ТӀемашна йукъара мур (1918—1939)
ШолгӀа дуьненан тӀом (1939—1945)

Истори нисйе бӀаьра

100 шеран дохаллехь шотландин паччахьан Яков VI-гӀачун шен нена нена шичех Елизавета I-чух[1] ингалсан Ӏаршан ирс кхаьчначул тӀаьхьа, Ингалсан а, Шотландин а коьртехь хилира цхьа паччахь, амма тӀаккха а маьрша пачхьалкхаш йисира. 1707 шарахь акт тӀеэцале тайп-тайпана агӀора пачхьалкхаш цхьаьнатоха гӀиртира 1606 шарахь дуьйна. 1654 шарахь Кромвель Оливера диктатура хӀоттаянле тӀаьхьарчо арахийцира Ингалс а, Шотланди а ерриг цхьаьнатохарх ордонанс, амма 1660 шарахь Ӏарш тӀе Карл II Стюарт кхаьчна Шотландин суверенитет метта хӀоттийра. ТӀаьхьа, 1667 а, 1689 шерашкахь йуха а гӀиртира ши мохк цхьаьнатоха.

Шинне а махкахь бара цхьаьнатохаран а, ца тохаран а агӀончаш. Шотландехь луурш коьртаниг экономикин ойла йийриш бара: шотландин совдегархойн ойла йара Ингалсехь махлелоре кхача, ткъа иштта цул хьалха царна къевлина хилла ингалсан колонешца а, факторешца а. Ингалсехь луург дара, цхьаьнатохаро гуттаренна а паччахьаллин къилбаседан дозанашкахь эккха кечделла хьал дӀадаккхар, и хьал латтадора шеца политикехь цхьаьнаэшшара йоцучу Шотландис, ткъа иштта ингалсан правительствон оцу хенара арахьара политикин мостагӀий дӀабахар — абсолютан Франци а, цара агӀо лаьцна ингалсан Ӏарше тетина ЯкобгӀеран векал .

Шотландехь цхьаьнатохаран дуьхьала берш коьртаниг ЯкобгӀар бара, ткъа иштта церан коьрта накъостий — шотландин пресвитерианаш, уьш кхоьрура Шотландехь коьртехь долу пресвитерианаллин хьал талхарна ингалсан килс бахьнехь. Ингалсехь унин проекташ емалйора коьртаниг экономика бахьнехь. Иштта, тори партин гӀуллакххо Эдвард Сеймура 1700 шарахь дӀакхайкхийра: «Шотланди — къиен йу, ткъа къиен зуда йалийначунна, мезий кхочу»[2].

ТӀаккха а Ингалсара бахбеллачу Испанин ирс къуьйсу тӀамо йина йолу политикин къоьлла, кхин тӀе Шотландин къиен экономикин хьал, галдаьлла долу, Дарьенан къоьлла бахьнехь, XVIII бӀешо долалуш дийзийтира агӀонийн практикан гӀулчаш йаха уния кхочуш йан.

Барт нисйе бӀаьра

 
Бертан оригинал

Цхьаьнатохаран хьолех дийцарш дуьйладелира шина мехкан парламентан векалшна йукъахь 1706 шарахь Лондонехь. Цхьаьнатохаран белхашна тӀехь барт хилира 1706 шеран 22 июлехь Бертан кепехь (Treaty of Union), и бух хилира Униях актан проектан, ткъа проект тӀаьхьа богӀучу масех баттахь шина мехкан парламенташа тӀеийцира. Барт йукъадахара хӀара хьолаш:

  • Корта 1: Ингалс а, Шотланди а вовшахкхета цхьаьна паччахьалле цӀе «Йоккха Британи» йолуш;
  • Корта 2: Ӏаршан ирс кхачар керлачу паччахьаллехь хир ду ингалсан 1701 шеран Ӏаршан ирс кхачарах актан бух тӀехь;
  • Корта 3: керла паччахьаллин хир йу цхьа Парламент (гӀуллакхе хьаьжжина иза хир йу ингалсан парламент);
  • Кортош 4—18: хӀиттадо йукъара низамаш махлелоран, налогийн, валютан, кхин бахаман гӀуллакхийн аспектийн областехь;
  • Корта 19: йуьту башха Шотландин юрисдикцин система;
  • Корта 20: дуьту хьалхалера пачхьалкхан а, суьдан а даржаш;
  • Корта 21: йуьту паччахьийн галанийн (бургийн) бакъонаш;
  • Корта 22: марталлин Парламентехь Шотландин 16 пэр хир ву лордийн палатехь, Шотландин 45 векал йукъараллин палатехь;
  • Корта 23: шотландин пэрийн йу ингалсанчеран санна бакъонаш пэрашна йечу суьдашкахь;
  • Корта 24: керла паччахьаллин Доккха мухар кхоллар;
  • Корта 25: муьлхха а Ингалсан а, Шотландин а закон, иштта йа вуьштта Бертаца догӀуш дацахь, лору законан ницкъ боцуш.

Кхин тӀе Актехь тӀечӀагӀдора Шотландехь пресвитерианан килсан олаллин хьал.

1707 шеран 1 майхь, паччахьан урхаллехь Анна йолуш Унех акт лела делира, Ингалсан а, Шотландин а парламенташ цхьаьнакхийтира марталлин Йоккха Британин парламенте, иза бахьнехь ингалсан историографехь наггахь Униях акт хьахадо «Парламентийн барт» олий.

Униях акт тӀеэцначул тӀаьхьа гӀоьртира Ингалсан а, Шотландин а цӀе хийца Къилба а, Къилбаседа а Йоккха Британи аьлла, амма оцу ойланна и цӀе дӀа ца йахара, Къилба Йоккха Британин (Ингалсан) мухале а, хӀетте а Шотландин Къилбаседа Йоккха Британи термин цхьацца ингалсан урхаллашкахь цхьаьна хенахь лелийра.

Униях акт ца дезара дуккха а болчу лелхийначу СтюартгӀеран некъийн агӀончашна. Иза хууш, Яков III Стюарт, Ӏаршан претендент, французийн ладаме тобано гӀо лаьцна, гӀоьртира 1708 шеран мартехь шотландин берд тӀевосса. Воссарх гӀуллакх ца хилира ингалсан адмирал Бинг сема хилар бахьнехь.

1714 шарахь Анна еллачул тӀаьхьа Йоккха Британин таж кхечира, Ӏаршан когаметтахӀоттаран актаца, ганноверан курфюрстан Георган, Софин кӀантан, Яков I-чун йоӀа кӀантан. Оцу хенахь, 1715—1716 шерашкахь, Шотландехь иккхира якобитийн боккха гӀаттам, оцу хенахь Шотланде веана Яков Стюарт шотландин паччахьан таж туьллу Яков VIII-гӀа цӀарца. Амма гӀаттам кестта охьатаӀийра, Шотланди йисира Йоккха Британин йукъахь.

1707 шеран актаца хӀоттийна шина паччахьаллин экономикин а, политикин а уния, иштта монархин уния (долара уния) а йолу, лаьтташ йу тахана а; цу тӀе 1998 шеран Шотландин актаца Шотландин йелла мелла а пачхьалкхан маршо, ткъа 1999 шарахь дуьйна Шотландехь болх беш йу шен бакъонашкахь меттахӀоттийна Шотландин парламент.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Мать Якова IV — королева Шотландии Мария Стюарт — была двоюродной племянницей Елизаветы I.
  2. Би-Би-Си. Великобритании исполнилось 300 лет 01.05.2007 г.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра