Бе́ркате Урба́н II (лат. Urbanus PP. II, дуьненахь — Эд (Одо) де Шатильон де Лажери (итал. Odon (Otho, Otto) de Lagery), 1042 шо1099 шеран 29 июль) — 1088 шеран 12 мартера 1099 шеран 29 июль кхаччалц Руман папа. ЖӀарахойн тӀелетарш дан дагадаийтинарг.

Урбан II
лат. Urbanus PP. II
Урбан II
159-й Руман папа
 — 1099 шеран 29 июль
Килс Руман-католикин килс
Хьалха хилларг Виктор III
Когаметтаверг Пасхалий II

Вечу хенахь тиллина цӀе Эд (Одо) де Шатильон де Лажери
Вечу хенахь тиллина
цӀеран оригинал
итал. Odon de Lagery
Вар 1042 гергга
Валар 1099 шеран 29 июль({{padleft:1099|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:29|2|0}})
ДӀавоьллина
Да Миль де Шатильон[d]
Нана Авенель де Монфор[d]
Иэсан де 29 июль
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Жималла а, харжар а нисйе бӀаьра

Эд вина Парижан гена йоцу Шампань графаллехь, дешна Реймсехь сийлахь Бруно волчохь. Клюни аббаталлин приор хилла[2].

1080 шо гергга долуш папас Григорий VII-гӀачо кардинал хӀоттийра Эд Остехь. Иза вара григорийн хийцамийн уггаре гӀарабевллачех а, жигарчех а цхьа агӀонча, 1084 шарахь дуьйна хилла папин легат Германехь, шен когаметта хила тарлочарех цхьаъ ву билгалваккхара иза Григорий VII. Григория VII веллачул тӀаьхьа 1085 шарахь папа хаьржира Монтекассино тӀехӀоттийна волу Дезидерий, Виктор III-гӀа цӀе а тиллина, ткъа цуьнан доца урхаллел тӀаьхьа Эд ваьккхира папин Ӏарш тӀе, Урбан II-гӀа аьлла цӀе а тиллина, массо а реза а волуш (март 1088) Террачинехь кардиналийн а, кхечу прелатийн а жимачу гуламехь.

Папалла нисйе бӀаьра

Урбан папа Григорий VII-гӀачун политика дӀайаьа волавелира, цу тӀе гӀуллакх лело ша чӀогӀа говза хилар а, дипломатин гӀуллакхна эхӀ аьлла хилар а гайтира цо. Йуьхьанца дуьйна цуьнан лан дийзира Румехь антипапа Климент III хилар. Румехь, Амальфехь, Беневентохь, Трояхь дӀабаьхьна масех гуламехь, папас агӀо лецира симонин дуьхьалчу девнан а, папин инвеститура къовсаран бакъонна а, иза бахьнехь кхин дӀадаьхьира императоран Генрих IV-гӀачун дуьхьала латтар.

Папас къобал дира граф-аьзни Матильда Тосканин императоран мостагӀчуьнга Вельф V-гӀачуьнга маре йахар. Цуо иштта гӀо дира паччахьан кӀантана Конрадна шен ден дуьхьала гӀатта, тӀаккха Италин паччахьан таж тиллира 1093 шарахь Миланехь. Цул сов, Урбан туьйлира Филипп I Французийн паччахьца болу къовсамехь, цуо иза килсанах дӀакъастийра зудчуьнна тешаме цахиларна[3].

ЖӀарахойн тӀелетарш нисйе бӀаьра

 
Папас Урбан II-гӀачо Клермонан гуламехь къобал до жӀарахойн тӀелатар.

Папин Урбан II-гӀачун заманахь болабелира къиза къовсам дуьнан а, килсан а хьаькамаш хӀитторан бакъо къовсуш. Инвеститура къовсаран хьост ду Урбан II-гӀачун урхаллера а, цуьнан императорца Генрихом IV-гӀачуьнца болу къовсамера а догӀуш. Къовсам бара, хьена бакъо йу епископийн сане ваккха — паччахьан йа папин[4].

«Урбан II-гӀачун баланаш бара: Германица тӀом, Францера девнаш, антипапица къовсам, малхбалера керстанаш арататтар. И баланаш дӀабаха тарлора массашкахь зиярате бахаро (и „ЖӀарахой тӀелатар“ дешнийн цхьаьнакхетар дагадеина а дацара — иза дуьххьара лелийна, гуттара тӀаьхьа дуьйна лело долийна, Людовик XIV-гӀачун паччахьан историографа шен балхахь)»[5].

Урбан II-гӀачун жӀарахойн боламо шен куц дуьххьара схьаийцира Пьяченцера гуламехь, цигахь 1095 шеран мартехь Урбан II-гӀачо тӀеийцира византийн императоран Алексей I Комнинан векал, цуо гӀо доьхура бусалбачарна дуьхьала. Оццу шеран ноябрехь хиллачу Клермонан гуламехь, Урбан II-гӀачун даӀват, хила тарло, Европин исторехь уггаре эффект йина къамел, цуо кхайкхира Францин бахархошка туркойн карара ницкъала схьадаккха Сийлахь латта. Оцо меттих даьккхира жӀарахой цига бахаран гӀуллакх.

Урбан II а, Сицили а нисйе бӀаьра

 
Урбан II-гӀачун иэс Клермон-Ферранехь

Папин уггаре хала болх хилира, оцу хенахь Византийс, АглабигӀеран а, ФатимгӀеран а эмираша тӀаьхьий-хьалхий схьалаьцна Кампани а, Сицили а керстачеран тергоне йухайерзоран къовсам. Цуьнан Сициле хӀоттийна сардал вара норманнийн урхалча Рожер I. 1098 шарахь, Капуин го бинчул тӀаьхьа, Урбан II-гӀачо йуьззина бакъонашца совгӀат дира Рожеран, царех цхьаерш папас ца лора кхечу европин урхалчашна а. Рожер оцу хенахь дуьйна бакъо йолуш вара епископаш хӀитто, Килсан са гулйой дӀайохьуьйтура папина, килсан къийсамашна кхел йора[6]. Рожер факт йолуш папин легат хилира Сицилехь[7].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 autori vari http://www.treccani.it/enciclopedia/beato-urbano-ii_%28Enciclopedia_dei_Papi%29/ (итал.) — 2000.
  2. Robert P. McBrien, Lives of the Popes, (HarperCollins, 2000), 182.
  3. Франкопан, 2018, с. 77—93.
  4. Rubenstein, Jay. (2011). Armies of Heaven: The First Crusade and the Quest for Apocalypse. P. 18. Basic Books. 2011. Page 18. ISBN 0-465-01929-3.
  5. Rubenstein, Jay. (2011). Armies of Heaven: The First Crusade and the Quest for Apocalypse. P. 21. Basic Books. 2011. Page 18. ISBN 0-465-01929-3.
  6. Graham Loud, The Age of Robert Guiscard: Southern Italy and the Northern Conquest, (Routledge, 2013), 231—232.
  7. Donald Matthew, The Norman Kingdom of Sicily, (Cambridge University Press, 1992), 28.

Литература нисйе бӀаьра

  • Robert P. McBrien, Lives of the Popes, (HarperCollins, 2000).
  • Rubenstein, Jay. (2011). Armies of Heaven: The First Crusade and the Quest for Apocalypse. P. 18. Basic Books. 2011.
  • Питер Франкопан. Первый крестовый поход. Зов с Востока = Peter Frankopan . The First Crusade: The Call from the East. — М.: Альпина Нон-фикшн, 2018. — ISBN 978-5-91671-774-7.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра