Сильвия Шакерия Фаулз (инг. Sylvia Shaqueria Fowles; йина 1985 шеран 6 октябрехь Майамехь, Флорида штат, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо, ловзуш йу Зударийн къоман баскетболан ассоциацехь «Миннесота Линкс» клубехь. 2008 шеран ДКъБА драфтехь хаьржина хьалхарчу раундехь йукъара шолгӀачу лоьмарца «Чикаго Скай» командо. Ловзу центровойн позицехь. ЗКъБА чемпион а, 2015 а, 2017 а шерашкара финалан уггаре мехала ловзархо «Линкс» йукъахь. АЦШ къоман гулйина командин йукъахь кхузза олимпийн чемпион.

Фаулз Сильвия
инг. Sylvia Shaqueria Fowles
Фаулз 2018 шарахь «Линкс» йукъахь ловзуш
Фаулз 2018 шарахь «Линкс» йукъахь ловзуш
Миннесота Линкс— № 34
Позици Центровой
Локхалла 198 см
Йозалла 91 кг
Гражданалла  АЦШ
Йина терахь 1985 шеран 6 октябрь({{padleft:1985|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:6|2|0}}) (38 шо)
Йина меттиг Майами, Флорида, АЦШ
Ишкол Гулливер (Корал-Гейблс)
Колледж Луизиана Стэйт (2004—2008)
Драфт КъБА 2-гӀа, 2008, Чикаго Скай

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Пекин 2008 баскетбол
Деши Лондон 2012 баскетбол
Деши Рио-де-Жанейро 2016 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Деши Чехи 2010
Америкин чемпионаташ
Деши Пуэрто-Рико 2019
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ЗКъБА карьера нисйе бӀаьра

Фаулз хаьржира 2008 шеран ЗКъБА драфтан хьалхарчу раундехь йукъара шолгӀа лоьмарца «Чикаго Скай» клубо. Дебютан шарахь дуьйна цуо ловзарехь йуккъера барам чукхоссара 10,8 очко, 7,6 буьрка схьаэцара. 2009 шарахь дакъалецира ЗКъБА дерриг седарчийн матчехь, оцу матчехь дира слэм-данк, цунах дерриг седарчийн матчашкахь и лакхара чу буьрка коьссинчу ловзархойх, кхоалгӀа ловзархо хилира ассоциацин исторехь[1].

2014 шеран сентябрехь, Фаулза дехар дира ша хийцахьара цхьа кхиамаш болчу команде, амма «Скайн» куьйгалхой йуьхьанца реза ца хилира. Цундела ах шарахь иза резерван гӀант тӀехь хина Ӏийра, ша 2015 шеран 27 июлехь «Миннесота Линксаца» хийццалц. 2015 шеран 14 октябрехь финалан серин пхоьалгӀачу ловзарехь «Индиана Фиверан» дуьхьала, Фаулза йаьккхира 20 очко, 11-зза буьрка схьа а ийцира. «Линксо» йаьккхира кхоалгӀа чемпионан титул тӀаьххьарчу пхеа шарахь, ткъа Сильвия лерира финалан серин уггаре мехала ловзархо[2][3].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Bill Martin. Fowles Dunks in WNBA All-Star Game. LSU Athletics (2009 шеран 25 июль). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 12 сентябрь. Архивйина 2018-09-12 — Wayback Machine
  2. Voepel, Mechelle Sky preparing to move on without Fowles. espn.com (2015 шеран 2 май). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 17 июль.
  3. Lynx Acquire Center Sylvia Fowles

Хьажоргаш нисйе бӀаьра