Форланини Энрико (итал. Enrico Forlanini; 1848—1930) — италин говзанча, йина тӀемайовлу аппараташ: аэростаташ, дирижаблаш, аэропланаш.

Форланини Энрико
итал. Enrico Forlanini
ГӀуллакхан тайпа авиаконструктор, инженер
Вина терахь 1848({{padleft:1848|4|0}})
Вина меттиг Милан, Австрийн импери
Кхелхина терахь 1930({{padleft:1930|4|0}})
Кхелхина меттиг Милан, Италин пачхьалкхалла
Пачхьалкх Италин пачхьалкхалла, Ломбардо-Венецин пачхьалкхалла
Викилармин логотип Форланини Энрико Викилармехь
Хин бухахь тӀемаш долу катер-кема зиер

Цуьнан цӀарах тиллина Миланера аэропортан цӀе.

Биографи нисйе бӀаьра

Вина Миланехь, чекхйаьккхина Миланан техникин университет. Кхоьллина болхбеш йолу Ӏаьнаран мотор болу вертолётан модель. 1905 шарахь Лаго-Маджоре Ӏам тӀехь аьттонца зийна хин бухахь тӀемаш долу катер-кема. 1909 шарахь «Леонардо да Винчи» цӀе тиллина F серин дирижабль дина.

Вертолёта модель нисйе бӀаьра

 
Форланинин геликоптер
 

1877 шеран 15 апрелехь Форланинис Миланехь гайтина Ӏаьнаран мотор болу вертолётан модель. Аппаратан йара шиъ дуьхь-дуьхьал семан дӀадуьгу пиллиг. Лахарниг меттах ца долуш корпусан тӀелатийна дара, лакхарниг вал тӀехь хийзаш дара. ТӀома йаьлчи йерриг аппарат хьийзара пиллиг хьийзачу агӀонан дуьхьалчу агӀора, амма дуккха меллаша хьийзара пиллигал. Форланинин хетара, лахарчу пиллиго геликоптеран хьийзар дуьззина сацор ду, иза хьийзар кхачам бацар лорура. Модель хьалайалара хӀаваэ 13 метр лакха, тӀомадаларан дохалла 20 секунда йара.[1]

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Дузь П. Д. Паровой двигатель в авиации. — М.: Оборонгиз, 1939.