Херх — тайп-тайпана хӀуманаш (дечиг, металл, пластик, тӀулг, кхин дӀа а) хадоран дуккха а цергаш, кӀомсарш йолу гӀирс.

Куьйга хьокху херхаца у хадор
ДӀасалела херхан чархан гоьрга херх
Галморзахбаккхар (херх галморзахбаккхаран гӀирс)
Херхан цергаш йоккха планаца
Йаккхий цергаш йолчу херхан цергаш йоккха планаца
Металл хадочу херхан дегӀ

Дукха хьолахь херх хуьлу металлан экъан кепара, йисттехь цергаш а йолуш. Амма хуьлу херхаш, хадоран йист аьлхан кӀурбиллина (масала, алмазан — тӀулг хадоран) йа дакъошца гулйина, зӀен херх санна. Иштта херхаш олу херх лелочу чархех, — масала, «бензинахерх». Хадоран болх боцуш иза лелабо музыкин гӀирс санна.

Истори нисйе бӀаьра

Херх бу белхан гӀирсех уггаре ширачех цхьаъ. Кегийра мокхазан гӀирсаш лелабора неолитан муьрехь (вайн эрал 7—3 эз. шо хьалха).

Дуьххьара эчиган херхаш дина скандинаваш. Херхаш деш хилла тӀулгех йаьхна кепашна чу лалийна эчиг а дуттуш. Амма дика ца хиларна дигаршца херхаш лара ца лора.

Шортта бӀенаш шераш дӀадевлича Ширачу Грецехь дан долийра херхаш тусаран кепаца, цуо таро йелира металл чӀагӀдан, цигара схьа гӀирсан дикалла совйаккха а[1].

Ширагрекийн мифашкахь херх йукъабаккхар тӀейаздо Дедалан вешин кӀант а, дешархо а волчу Талосан[2].

Херхийн кепаш нисйе бӀаьра

Леларан амалшца херхаш декъало:

  • куьйга хьокхург — йеха йуткъа экъа херхан дегӀ дӀасахьакхарца болхбо
  • гоьрганиг (экъанаш)вал тӀехь хьийза, арахьа хадо йист йолу экъа.
  • асан — шина хьийзачу чкъург йукъа озийна тӀетесна аса.
  • зӀенан — белхан дакъа зӀе йолу херх.

Куьйга хьокху херхаш цхьаъ а, шиъ а тӀам болуш хуьлу.

Шен гӀирсан конструкцица декъало:

  •  
    Ши тӀам болу херх
    Ӏодан — Ӏодан тӀетесна дуткъа херхан дегӀ
  • куьйга хьокхург — ша херхан дегӀ дикка чӀогӀа а ду, шен кеп латто сетташ а ду.

Хадочунца херхаш декъало:

  • дечиг хадориг — уггаре даьржина херхаш, тайп-тайпана ду шайн цергашца, тӀомашца, куьцаца.

Цергийн барам: йохалла 1—18 мм, шоралла йолалучехь 1,5—12 мм. Йаккхий цергаш дечиг дика хададо, амма хадийна меттиг шера ца хуьлу; йуккъерчара — хадайо меллаша, амма хадийна меттиг гӀоле шера хуьлу; кегийрачара — дечиг цӀена хадайо, амма дукха меллаша. Цергаш ирйар: импульсан ирйар — сиха артло, амма йуха а ирйан йиш йу; дахчийна церг — ира дукха лаьтта, амма йуха ирйан пайден йац, 3D-ирйар — чӀогӀа ира хуьлу, таро йу херх схьаозош а, дӀатоттуш а хадо.

  • металл хадориг — оцунах а куьйга хадо херх олу. П-кепара металлан атланан тӀетесна хуьйцу дуткъа херхан дегӀ хуьлу. Кегийра цергаш хуьлу цуьнан (йохалла 1—1,5 мм, шоралла 1,2—2 мм)
  • бетон хадориг — оцу херхан тефлонан чкъор хуьлу, чӀога лаламан тӀелатораш хуьлу хӀора шолгӀачу церга тӀехь.
  • гипсокартон хадориг — оцу херхан ирдина болатан дегӀ ду.
  • тӀулг хадориг – дукха хьолахь уьш тайп-тайпана токан херхаш лу. ТӀулг хадош алсама леладо масех тайпана алмазан херхаш, уьш хуьлу чархан тӀехь, цуьнан конструкци йозу хедочу тӀулгийн барамех а, тӀулг стена беза хьаьжжина а. Алмазан херх — иза дуткъа гоьрга экъа ду йисттехула кегийра алмазаш долуш. Хадориг экъа йац, ткъа экъан йисттера кегийра гушдоцу алмазан дакъолгаш ду.

Технологин башхаллаш нисйе бӀаьра

Херх лерина болу гӀирсе хьаьжжина, хоржу оптималан кеп, бохалла, цергийн шоралла, экъан тӀиера херонаш, цергашна тӀехӀиттораш, херх леларан сихалла.

Херх йукъа ца Ӏидийта цергаш галморзахйоху цхьацца йукъахь йуьтуш (наггахь кхоъ йуьтуш а), тӀаккха хадор шорло. Оцу Ӏалашонна йо херхан цергашна трапецин кеп а, кӀуж а латабо[3].

Херхийн тайпанаш нисйе бӀаьра

Фильмаш нисйе бӀаьра

Хьажа иштта нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. История пилы
  2. Овидий. Метаморфозы. VIII, 236—259
  3. Менделевич И. Р. Плотничные и столярные работы. — М.: Стройиздат, 1950.

Литература нисйе бӀаьра

  • Григорьев М. А. Справочник молодого столяра и плотника: Учебное пособие для профтехучилищ. — 2-е изд. — М.: Лесная промышленность, 1984. — 239 с. — 70 000 экз.
  • Менделевич И. Р. Плотничные и столярные работы. — М.: Стройиздат, 1950. — 320 с. — 20 000 экз.