Хин олхазар — ( en. Porzana porzana ). Хин олхазарш дукха ду. Вайн махкахь хуьлуш долчех ду алкханчал жимма доккха олхазар. Оьрсаша "Погоныш" олу цунах. ТаьIначу ал басахь ду иза, букъ тIехь къорза тIедарчий а долуш. ЧукIело стигал басахь ю кIай тIедарчий а долуш. Хенашкахь кIайн, Iаьржан пурх могIанаш ду. ЗIок юххехьара цIиэ ю, йоьххьера баьццара бос а бетталуш можа ю. Когаш а баьццара бос бетталуш бу. Баннаш хин тогIешкахь, Iаьмнашкахь, оьрзалахь, бецан тоьлгашкахь, толлан кондаршлахь до цара.

  • Тойна май-июнь баттахь доккху. 8-10 хIоа до цо, ал басахь тIедарчий а долуш. Сарахь а, буьйсанна а тIахъолий хуьлу иза. Лелар лечкъаш ду. ТIома дадарна тIиера дац. ГIаьттина дедчи а гена далале охьа а хоий, бацалахь, я эрзалахь лечкъий, тIап олий дов. Дадар чехка ду. Баца тIехула а, гIаш тIехула а ца лела. Хи тIехь нека дар кIезиг ду. "Уитъ... уитъ... уитъ" - бохуш ду цуьнан декар. НIаьний а, кхоьбарчий а, кхин садолу хIуманаш а йоу цо.
Хин олхазар
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Porzana porzana (Linnaeus, 1766)
Ареал
сурт

     Бенаш до меттиг      Дийнна шо

     Ӏа доккху меттиг
Ларйен статус

Суьрташ нисйе бӀаьра

Хьажа. кхин нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра