Хох (лат. Allium) — Спаржазезагдерш (Asparagales) (хьалха лииличарна йукъахь йара) могӀанера Амариллисан (Amaryllidaceae) доьзалера Хохийн (Alliaceae) бухара доьзалера, шина шеран а, дуккха шерийн а бецан ораматийн тайпа.

Хох
Саьрмасекх. Тайпанан кеп. Орамат хатӀ.
Саьрмасекх.
Тайпанан кеп.
Ораматан хатӀ
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Allium L., 1753
Синонимаш
Номенклатуран тайпа
Кепаш
Хьажа текст

Тайпанахь, The Plant List сайтан терахьашца, 900 сов кеп[2] ю, уьш кхуьу Къилбаседа эхиг тӀехь. Тайпанан векалш кхуьу байнаш тӀехь, аренашкахь, хьаннашкахь.

Ораматийн систематика еш доккха дакъа лаьцна Регель Эдуарда, цуо хьалха гайтина йоцу 250 кеп тӀехь йолу шиъ монографии зорба тоьхна (1875, 1887)[3].

ЦӀе нисйе бӀаьра

Линней Карла йелла Ӏилманера латинан цӀе — лат. allium — схьайаьлла саьрмасекхан цӀарах, ткъа иза, шен рогӀехь, йихкина хила тарло кельтийн дашца allкӀуо; кхин верси — схьайолу лат. halareхьожа йан.

Ботаникан сурт нисйе бӀаьра

 
Кегийра зазанаш кене гулдина

ЧӀогӀа хохан (йа саьрмасекхан) хьожа а, чам а болу дукхашерийн (культурин кепаш наггахь шина шеран) хохан коьртийн йа кхиина баланза хохан коьртийн бецан ораматаш.

Тайпанан векалийн хуьлу чӀапа-горгала тӀехула цӀегӀуо, кӀайн я шекъа бесара чкъор долу хохан корта.

ГӀаш асанан я доьхкан кепара, орам тӀиера хьаладогӀу, зурмакепара, гӀад стомма, 1 м гергга лекха, дуьйсина.

Зазанаш кегийра, ирча, лаьтта дехачу гӀад тӀехь, четар кепара, къуона долуш бот чохь, цхьайолчу кепийн 40 см диаметр йолуш. Зазан улле паргӀата йа дукха-кӀезга тӀеттӀалеттачу гӀашшах, 6—7 пхенах лаьтта, кхиина даьлчи а охьа ца дужу, хийцалуш а, ца луш а хуьлу. Дургал 6 йу, уьш тӀеттӀалетта йу шайна йукъахь а, зазан улленан а. Дургалш тӀелетта йу тӀехьа. ЧӀениг кхоъ йа цхьаъ бен болуш, йалх йа шортта хӀун патаршца. БӀогӀамалг заза долалуче тӀелетта бу. Заза долу июнехь-августехь.

ХӀу са болуш а, гоьрга а хуьлу. ТӀедолу августехь-сентябрехь.

Химин хӀоттам нисйе бӀаьра

Хохан коьртаца ду азот долу хӀуманаш (2,5 % кхаччалц), тайп-тайпана шекарш (10—11 %) (глюкоза, фруктоза, сахароза, мальтоза), полисахаридаш инулин, фитин, флавоноидаш, кверцетин а, цуьнан глюкозидаш а, даьттанаш, тайп-тайпана ферменташ, туьхнаш кальций а, фосфор а, фитонцидаш, лимонан а, Ӏежан а мусталлаш, А витаминаш A (3,75 мг%), B1 (60 мг%), B2 (50 мг%), PP (0,20 мг%), C (10,5—33 мг%), ткъа иштта чӀогӀа хьожа йолу эфиран даьтта, цара Ӏийжадо бӀаьргийн мазан чкъор а, маара а.

БӀаьргаш Ӏийжор а, хох цостуш бӀаьрхи далар а хуьлу хохан коьртан клеткашца йукъахь сульфоксидийн тобанаш а, ферменташ а йолу аминомусталлаш долудера. Клеткийн цхьаалла а, церан структуран элементаш а йохийча, аминомусталлаш ферментийн Ӏаткъамца, уьш вовшешца уьйрйан юьйлаелчи хуьлу 1-пропенсульфенан мусталла, ткъа иза шен рогӀехь ферменташца уьйр тесчи хуьлу хӀаваэ йолу зӀе — 1-сульфинилпропан. БӀаьргийн мазан чкъоьран тӀекхетчи цуо зӀе тосу бӀаьхишца, цуьнан жамӀ хуьлу кӀеззиг барам саьнгалан мусталла, цуо Ӏийжадойту бӀаьргаш[4][5].

Бахамехь иэшар а, лелор а нисйе бӀаьра

 
BBC Gardeners' World гайтамехь хаьржина культурин аллиумаш

Чоман а, хьожан а хьал бахьнехь цхьадолу кепара хохаш дукха хенахь дуьйна культуре дерзийна, амма дукха меттигашкахь бахархоша леладо акха кепаш а. Уьш ду: Тамашийна хох (Allium paradoxum), ГӀамаран хох (Allium sabulosum), Шнитт-хох (Allium schoenoprasum), Тархийн хох (Allium saxatile) кхин а. Амма башха шуьйра лелабо шуьйра гӀадерг Толам бахьа хох (Allium victorialis) а, хьонка (ченан хох Allium ursinum), дукха хьолахь цхьаьнатуху цхьана цӀарца «хьонка», ткъа иштта гергара культурерчарна Алтайн хох (Allium altaicum), Ошанинан хох (Allium oschaninii), Пскеман хох (Allium pskemense)[6]. XX бӀешеран юккъехь Россехь шуьйра девзаш дара иштта дуу кепаш Са болу хох (Allium angulosum), Гоьрга хох (Allium rotundum), Хасбешан хох (Allium oleraceum), Гоьрга корта болу хох (Allium sphaerocephalon)[7]. Байкалдехьехь Стеллеран хох а, Къанло хох а дӀа а буьллий буу аьрга болуш, туьха тесна, бакъийна. Йуккъера Азехь лелайбо кхин а хохан кортош а, Шуран бесара хохан, Вавиловн хохан гӀаш а. Ломан Туркменехь кхуьу Боккха хохан гӀашца витамин C эвсаре ду (5330 мг% кхаччалц). Тянь-Шань а, Памир-Алай а лаьмнийн альпийн байнаш тӀехь болу Федченкон хох; меттигерчу бахархоша лелабо аьрга бууш а, далнаш чубуллуш а. Баа мега хохан корта а, гӀаш а айсина хохан. Кавказехь буу ТаьӀнашекъанбесара хох, Гоьрга хох, Гоьрга корта болу хох сортийн сийна хох[8].

Кхин кепара хохаш леладо декоративан ораматаш санна. Царна йукъахь уггаре хаза бу Боккха хох (Allium giganteum) а, Христофан хох (Allium christophii)[6] а. ЧӀогӀа декоративан бу цӀиен зезагашца болу Ламбеза хох (Allium oreophilum), сира-сийна хьийзина гӀаш долу Шубертан хох (Allium schubertii), ГӀад долу хох (Allium stipitatum)[8].

Байдашкахь хох дика бац, хӀунда аьлчи и биинчу дийнатан шура гӀуо хьожа йолуш хуьлу.

Тайп-тайпана кепара ду хохаш — дарбанан, басаран, моз доккху[9], цхьадерш леладо халкъан медицинехь, масала, юккъераазин каратаван хох а, Суворовн хох а лелабо пехаш лазачарна[8], ткъа иштта фармацевтикехь а, косметологехь а[10].

Хаамаш бу тайпанан цхьацца ораматаш дӀевше хиларх[9].

Экологии нисйе бӀаьра

Адаман бахамера белхийн Ӏаткъам бахьнехь кхуьу меттиг хийцаро а, хох юургах тохаро а, Ӏаламехь хох болу меттигаш лагӀъелла. Иштта, Байн хох (Allium caespitosum) ССРС ЦӀиен жайни чу йазбира, бисина ССРС хиллачу махкахь, бисина хила тарло, Цийчуьра дозанера кӀошташкахь, Ӏаьржа Иртышан тогӀенехь. Лоха хох (Allium pumilum) Российн а, Республика Алтайн а ЦӀиен жайнин чу даьхна, и орамат ца карийнера цкъа бен Укок акъари тӀехь, тарло, хӀинцале хӀудайна хила мега[11].

Хохийн тайпанаш нисйе бӀаьра

Тайпанехь йу дукха а, кӀезиг а 1000 сов кеп[2].

Хохаш декъа таро йу дууш долчарна а, декоративан а, делахь а цхадерш царех шинне а категори йукъадоьду.

Из съедобных хохов наиболее известны следующие виды:

Декоративан хохаш (аллиумаш)

Сорташ нисйе бӀаьра

  • 'Mount Everest'. Даккхий кӀайн зезагаш а, йеха тоьпаш йолу декоративан хох, хьалаболу 120 см. ГӀаш сийна лаьтта йехачу хенахь. 15 см диаметр йолу гоьрга четарш, лаьтта иттаннаш кӀайн седакепара зезагех. Дуткъа жаз йукъахь къегина билгалйолу баьццара чӀениг. Хедийна зазанаш леладо зезаган курсаш еш[12].
  • 'Purple Sensation'. Шуьйра йевза гибридан тайпа декоративан хохан бешан кеп. Зезагаш таьӀна-цӀие, кедакепара. Оцу сортан векалш хийцало, хӀунда аьлчи кхуьу хӀушца. Локхалла 70 см гергга, гӀад кӀеззига сенаш болуш, гӀаш 4 см шуьйра[12].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Тайпанан хаамаш Allium(ингалс.) терахьийн базехь Index Nominum Genericorum Ораматийн таксономин дуьненайукъара ассоциаци (IAPT).
  2. 1 2 Список видов рода Лук (Allium) (инг.). The Plant List. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 6 сентябрь.
  3. Eric Block. Garlic and Other Alliums: The Lore and the Science. — Royal Society of Chemistry, 2010. — 480 p. — ISBN 1849731802.
  4. Почему мы плачем, когда режем лук?, Статья в научно-популярном журнале «Химия и жизнь -XXI век» № 2, 2015 г. Викторова Л.
  5. Why does chopping onion make you cry, 30.08.2017 г. «The times of India».
  6. 1 2 Введенский, 1935.
  7. Дикие съедобные растения / Под ред. М. И. Бурского. — М: Центр. тип. НКО СССР им. Кл. Ворошилова, 1941. — С. 35—38. — 40 с.
  8. 1 2 3 Губанов И. А. и др. Дикорастущие полезные растения ССРС / отв. ред. Т. А. Работнов. — М.: Мысль, 1976. — С. 62—63. — 360 с. — (Справочники-определители географа и путешественника).
  9. 1 2 Губанов И. А. и др. Дикорастущие полезные растения ССРС / отв. ред. Т. А. Работнов. — М.: Мысль, 1976. — С. 61. — 360 с. — (Справочники-определители географа и путешественника).
  10. Изучение органолептических и раздражающих свойств нативных экстрактов лука и чеснока, подвергшихся десульфуризации оригинальным способом | EUROLAB | Научные статьи. www.eurolab.ua. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 9 февраль.
  11. Белоусова Л.С., Денисова Л.В. Редкие растения мира. — М.: Лесная промышленность, 1983. — С. 95. — 344 с.
  12. 1 2 Ханнеке Ван Дейк, Минеке Курпершок. Хоховичные растения. — М.: Лабиринт Пресс, 2003. — 336 с. — ISBN 5-9287-0446-1.

Литература нисйе бӀаьра

  • Введенский А. И. Род 267. Хох — Allium L. // Флора СССР : в 30 т. / гл. ред. В. Л. Комаров. — Л. : Изд-во АН СССР, 1935. — Т. 4 / ред. тома В. Л. Комаров. — С. 112—113. — 760, XXX с. — 5175 экз.
  • Сороколетова Е., Сорокопудова О. Декоративные хохи // Цветоводство : журнал. — 2009. — Май — июнь. — № 3. — С. 12—14.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра