«ХӀа́джар» (Ӏаьр. هاجَر‎‎) — ИбраьхӀим пайхамаран وصلة= зуда а, ИсмаьӀиланوصلة= нана а йу. Бусалбанийн а, керстан а динехь цуьнан историн маьӀнаш цхьатерра ду.

ХӀаджар
هاجَرْ
Йина терахь XX век в. э. хьалха
Йина меттиг Мисар
Кхелхина терахь XX век в. э. хьалха
Кхелхина меттиг Макка
ДӀайоьллина меттиг: Хьиджр ИсмаIил
Къам Ӏаьрбий, Жуьгтий
Майра ИбраьхӀим
Бераш ИсмаьӀил

Истори нисйе бӀаьра

Сарат шен цӀийндеца ИбраьхӀимца Мисар кхаьчначу хенахь, Мисаран паччахьо цунна совгӀатан ХӀаджар йелла хиллера. Саратас цунах шен йалхо йина. Оцу хенашкахь Саратан цхьа а бера дацара. ИбраьхӀиме аьлла цо: «хьайн ХӀаджарах зуда ен». ХӀаджарас кӀант вира ИсмаьӀил, оцу хенахь ИбраьхӀиман 86-шо дара. Сарат оцарах чӀогӀа хьоьгуш йара. И бахьана долуш АллахӀ-дала омра дина ИбраьхӀиме: «и шиъ Макка дӀадига, цигахь Ӏад дита» — аьлла. ИбраьхӀимас иза кхочуш а дина, шен цӀа схьавеара.

Цхьажимма хан йаьлча, ХӀаджарера йаа хӀума дӀайаьллера. Иза хила дӀасауьдуьра «Сафа а, Марват а» — олучу шинна ломана тӀе. Оцу меттехь ИсмаьӀилан когашкахь хьаладолуш цхьа хи дара, оцу хин цӀе «Замзам» — йу. Цигахь цхьа хан йаьккхира цушимма.

Оцу махка кхечира цхьа «ДжурхӀум» — олуш цӀе а йолуш, цхьа къам. ХӀаджарера бакъо а йаьхна, уьш цигахь баха охьахевшира. Цу бакъо а йелла, уьш цигахь Ӏаш бара. ИсмаьӀила вина 5-шо даьлча, Саратас — Исхьакъ пайхамар   а вира.

ХӀаджар ИсмаьӀилаца КаӀбатан уллохь «Хьиджр ИсмаӀил» — олучу меттехь дӀайоьллина йу.

Кхин хьажа нисйе бӀаьра