ХӀу дӀадолуш йолу тайпанаш (инг. Endangered species, EN) — тӀейогӀучу хенахь дерриг дуьненахь я цхьа пачхьалкхехь хӀаллакхила кхерам болу биологин тайпанаш ду. Уьш дӀаяларан бахьанаш хила тарло доккха доцу масалла а, Ӏаламан Ӏаткъам а, зуламхойн (браконьерийн) таллар а.

Bufo periglenes, Дашо бецан пхьид, тӀаьххьара гина 1989-чу шеран хӀутосург-беттан (майан) 15-чу дийнахь.

Хьалхалерачу заманахь нах дийнаташна сагатдеш бацара. Шайн кхача кечбан а, цӀокаш ян а, дийнаташ луш кхиболу гӀирс а дуьхьа мел оьшу хӀаллак йора уьш. Адамаш а, йохк-эцар а совдалар бахьана долуш цхьайолу тайпанаш хӀаллакхилла меттиг бара. XVI-чу бӀешерахь нахана дагадеара дийнаташ ларъян езар. Цу заманахь юкъадаьккхира хьалхара талларан дехкарш. Амма оцу дехкаран цхьа Ӏалашо яра — дийнатийн дукхалла меттахӀоьттича тӀаьхьа таллар дӀадоладар.

Ткъа юьхьанцара, таллар а, кхидолу дийнатийн хӀаллакдар а доьхкуш долу низамаш юкъадаьхна XIX-чу бӀешеран чаккхенгахь. ХӀунда аьлча, цу оьмарехь Европехь цхьацца дийнаташ (масала буланаш, оьрс. зубр) хӀаллакхуьлуш яра — 1627-чу шарахь хӀаллакхилира тур а, дӀайолуш яра тарпан а. 1918-чу шарахь тарпан дуьнен тӀера яйна дӀайелира. Дукхачу пачхьалкхашкахь хӀу дӀадолуш йолу тайпанаш лардеш Ӏедалш ду: масала, таллар дехкар а, цхьадолу латтанех пайда эцар дехкар а, йихкина меттигаш (оьрс. заповедник) кхоллар а. Де-факто хӀу дӀадолуш йолу тайпанийн юридикан гӀо кӀеззигчу барамехь бен ца хуьлу. Юкъаралло кхин гӀо ца деш и тайпанаш хӀаллакхуьлу.