ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а къаьмнийн юкъараллаш

ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а къаьмнийн йукъараллаш — ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара боламан (ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара Комитетан а, ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а йукъараллин дуьненайукъара Федерацин а цхьаьна) дакъа. Тахана ЦӀЖ а, ЦӀБДФ юкъайогӀу 186 къоман йукъаралла.

Шайн балхатӀехь къаьмнийн йукъараллаш 1965 шарахь Венехь ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара ХХ конференцехь кхайкхинадолу ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара боламан хьесапаш леладо.

ЦӀен ЖӀаран коьрта хьесапаш нисйе бӀаьра

 
Викитекин логотип
Викитекехь ду  йозанаш
Кхолламан Устав темин

ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара боламан коьрта вархӀ хьесап кховдина доктора Пикте Жана. ТӀеэцна 1965 шарахь Венехь хиллачу ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара конференцехь. Оцу хьесапашца куьйгалла до массо а ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а къаьмнийн йукъараллаша, ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а йукъараллин дуьненайукъара Федерацино, ЦӀен ЖӀаран дуьненайукъара Комитето. Коьрта хьесапаш чӀагӀдина ЦӀен ЖӀаран а, ЦӀен Беттан а дуьненайукъара боламан уставан преамбулехь.

Хьажа иштта нисйе бӀаьра