Чемпио́н (инг. champion схьадаьлла лат. campio) — цхьана спортан къийсамехь толам беккхина спортсмен йа спортан тоба.

Бувайсар Сайтиев, кхуза Олимпиадан чемпион, 6-за дуьненан чемпион

Цхьаболу спортан тайпанашкахь лакхара кхиам бу дуьненан чемпиона хилар. Олимпийн чемпион ву Олимпиадехь толам беккхина спортсмен йа спортан тоба. ШозлугӀа меттиг яккхинчарех (дато мидал) олу вице-чемпион.

Брокгаузан а, Ефронан а энциклопедин дошаман тӀехь йаздина, чемпион ву суьдехь цхьана стаган метта къамел деш волу стаг аьлла. ТӀаьхьа чемпион олура шен лаамца миска нахега гӀо доккхуш волу рыцарех[1].

Ушакован дошамас боху чемпион цхьаьнге гӀо доккхуш волу стаг ву аьлла[2].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра