Черномо́рскан кӀошт (укр. Чорноморський район, гӀирман гIез. Черноморское районы; 1944 шо кхаччалц — Ак-Мечетан кӀошт, гӀирман гIез. Акъмечит районы, Aqmeçit rayonı) — ГӀирмера кӀошт.

Росси: кӀошт / муниципалан кӀошт
Украина: кӀошт (АД Регион-гӀа тегӀа)
Черноморскан кӀошт
укр. Чорноморський район
гӀирман гIез. Черноморское (Акъмечит) районы
Байракх ХӀост[d]
Байракх ХӀост[d]
45°30′07″ къ. ш. 32°42′09″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси/Украина[1]
Йукъайоду Республика ГӀирма[4]/Автономин Республика ГӀирма[5]
Цунна йукъайоду 11 йуьртан меттиг;
1 гӀтп, 31 йуьрт, 2 посёлок
Адм. центр гӀтп Черноморски
Администрацин корта Михайловский Алексей Дмитриевич
КӀоштан кхеташонан председатель Шипицин Алексей Васильевич
Истори а, географи а
Кхоллар 1930
Латта
  • 1508,6 км²[3]
Локхалла
 • Минималан -0,4 м
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 32 235[6] стаг (2014)
Луьсталла 21,36 стаг/км²
Къаьмнийн хӀоттам оьрсий, украинаш, гӀирмин гӀезалой
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 36558[7][8]
Официалан сайт
Черноморскан кӀошт картин тӀехь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

КӀоштан административан йукъ — гӀтп Черноморски.

Географи нисйе бӀаьра

 
Тарханкутан мара

ДӀалоцу ГӀирмин Тарханкутан ахгӀайренан йисттера малхбузе. Черноморскан кӀоштан доккха долу дакъа дӀалоцу гунаш долу арено. ХӀордан берд коьртаниг хедаш бу. ГӀирмин кӀошташна йукъахь уггаре лахара луьсталла йу кӀоштана. КӀоштан мохк тӀехь пайденан маьӀданаш дохку: Ӏаламан газ (Глебовн меттиг), кир-маьӀда, лахьорчийн тӀулг, Ӏаьмнийн Джарылгач, Ярылгач, Пански къахьа-дуьра дарбанан хатташ, уьш лаьтта Межводни йуртан уллехь. Иштта ду Ӏамнаш: Акх-Мечетан а, Маякски а Ӏам — гӀтп Черноморски йолчехь; Лиман, Боккха Кипчак, Жима КипчакОленевка йуьрт йолчохь.

Черноморскан кӀошт гӀарайаьлла йу йеза йоцу хӀордан йистера садоӀийлашна йукъахь. Регионан хӀордо а, пляжаш а цхьанне хӀуманца оьшуш йац ГӀирмин малхбузен бердйистера курортел (Евпатори, Саки), ткъа мах хаъал бораха бу коьрта туристийн объекташна а, сийлаллашна а генахь хиларна.

Истори нисйе бӀаьра

 
Калос Лимен

КӀоштахь гӀарайевлла йу масех итт скифийн кешнаш. В э. IV бӀешо чекхдолуш Каркинитан айман берд тӀаьхь кхоллайелла Калос Лимен (ТӀеххаза Гавань) йуьрт, иза йукъайогӀуш хилла йуьртабахаман хоран (йуьртан гуон) антикаллин Херсонесан, ладаме бахаман а, стратегин а маьӀна хилла. Калос Лименан гуонаха кхоллало кхин чӀагӀйина а, чӀагӀйанза а антикаллин нах хевшина меттигаш. Желтойн йартех дисинчунна дина ахкарша тешалла до лакхара тӀегӀанера экономика а, махлелор а, оьздангалла а желтойн хилла хиларан. Вайн эрал ши бӀешо хьалха ГӀирмин Къилбаседа-Малхбузен желтойн нах беха меттигаш схьайехира скифаша, гӀеххьа йоха а йира. Йуккъерачу бӀешерашкахь Тарханкут хуьлу кхерста тайпанаш долу меттиг.

XIII бӀешарахь бай-аренан ГӀирмехь чӀагӀло монголаш-гӀезалой. XV бӀешеран хьалхарчу декъехь Тарханкут йукъайагӀара ГӀирмин ханаллин латанашна, цунах хуьлу 1475—1478 шерашкахь Туркойчоьнан вассал. Малхбузен берд тӀера дукхаха долу латтанаш тарханийн (льготан) грамотийн бух тӀехь дӀаделла молланашна. Цундела ахгӀайренан малхбузен декъан цӀе чӀагйелла «Тархан», аьлчи а мохк паргӀата болу налогех. Кхузара схьайолу кхузахь коьллинчу Тарханан кадылыкан — суьдан гуо. Тарханан кадылакан мохк йукъабогӀура Гёзлеван каймаканан, цуьнан йукъ йара Гёзлевхь (хӀинцалера Евпатори).

ГӀирма Россех схьатоьхначул тӀехьа (1783) Тарханкутера латта долахь хуьлу оьрсийн элийн а, лакхара чинхойн а. Тарханкутан йа Тархан-Сарыголан уггаре доккха латта хилла къайлаха хьехамчийн графан Поповн. Цуьнан латта дара 22,5 эз. дистин Караджа (Оленевка), Степановка (хӀинца йац) йарташкахь, цига кхалхийра 2178 пачхьалкхан ахархо. Кхара Мрун (Ӏаьржа мара) мерехь дуьйгӀира доккха элин цӀа, йуьгӀира стоьмийн беш (иза хӀаллакйина Дуьненан шолгӀа тӀом болуш).

Бахархой нисйе бӀаьра

Бахархойн дукхалла
1979[9]1989[9]2001[9]2009[10]2010[10]2011[10]2012[11]
29 98234 26934 01231 82731 89331 90431 971
2013[11]2014[6]
32 10932 235

Нах беха меттигаш нисйе бӀаьра

ХӀост нисйе бӀаьра

2013 шеран хӀост
2015 шеран хӀост (2015 шо кхаччалц — жима хӀост)

Экономика а, социалан кхачо а нисйе бӀаьра

 
Тарханкутан МЭС

ХӀинца кӀоштахь болх беш йу 6 промышленностан предприяти, царна йукъахь: Тарханкутан МЭС, даьтазавод, инкубаторан-зӀакардаьхнийн станци, духар тоьгу пхьолгӀица, парикмахерскица, суьрташдохучуьнца бахаман комбинат. КӀоштахь 11 йуьртабахаман предприяти йу. 1999 ш. кӀоштан махкахь болх бора 23 жима предприятино а, кооперативо а, царна йукъахь 5 фермерийн бахам, 1 толлу-чӀерийлоцург а.

КӀоштах болх беш йу 15 йукъара дешаран ишкол, 10 ишколал хьалхара учреждени. Болх бо 27 клубан учрежденино а, 23 библиотеко а.

Вежаралла долу меттиг нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Данная административная единица расположена на территории Крымского полуострова, бо́льшая часть которого является объектом территориальных разногласий между Россией, контролирующей спорную территорию, и Украиной. Согласно федеративному устройству России, на спорной территории Крыма располагаются субъекты Российской ФедерацииРеспублика Крым и город федерального значения Севастополь. Согласно административному делению Украины, на спорной территории Крыма располагаются регионы Украины — Автономная Республика Крым и город со специальным статусом Севастополь.
  2. 1 2 ОКТМО. 179/2016. Крымский ФО
  3. 1 2 3 http://www.gks.ru/dbscripts/munst/munst35/DBInet.cgi
  4. Российн юрисдикцица
  5. Украинин юрисдикцица
  6. 1 2 Чисельність населення на 1 січня 2014 року та середня за січень-грудень 2013 року. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 3 сентябрь. Архивйина 2014 шеран 3 сентябрехь
  7. Приказ Минкомсвязи России «О внесении изменений в Российскую систему и план нумерации, утвержденные приказом Министерства информационных технологий и связи Российской Федерации от 17.11.2006 № 142». Минкомсвязь России. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 24 июль.
  8. Новые телефонные коды городов Крыма. Крымтелеком. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 24 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 6 майхь
  9. 1 2 3 Кількість та територіальне розміщення населення України. Дані Всеукраїнського перепису населення 2001 року про адміністративно-територіальний поділ України, чисельність, розміщення та склад населення України за статтю, групування населених пунктів, адміністративних районів, сільських рад за чисельністю населення станом на 5 грудня 2001 року. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 17 ноябрь. Архивйина 2014 шеран 17 ноябрехь
  10. 1 2 3 Статистичний збірник "Чисельність наявного населення України на 1 січня 2011 року" . - Киів, ДКС, 2011. - 112с. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 1 сентябрь. Архивйина 2014 шеран 1 сентябрехь
  11. 1 2 Статистичний збірник "Чисельність наявного населення України на 1 січня 2014 року". ТӀекхочу дата: 2014 шеран 1 сентябрь. Архивйина 2014 шеран 1 сентябрехь
  12. Побратимы Донбасса Архивйина 2021-08-11 — Wayback Machine

Хьажоргаш нисйе бӀаьра