ЧӀижа́ргӀийн стом (лат. Sambúcus nígra) — Жимолосткепарнаш (Caprifoliaceae ) (хьалха и тайпа юкъатухура жимолосткепарчарна я билгалдоккхура ша тайпа чӀижаргӀкепарчеран доьзале) доьзалера ЧӀижаргӀа (Sambucus) тайпана гӀадужу коллан кеп.

ЧӀижаргӀийн стом
ЧӀижаргӀийн стом
ЧӀижаргӀийн стоьмаш
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Sambucus nigra L. (1753)
Синонимаш
Тайпанаш

Баржар а, экологи а нисйе бӀаьра

Ӏаламан ареалМакаронези (Азорийн гӀайренаш а, Мадейра а), Къилбаседа Африка (Алжир а, Тунис а), Азера барамера климатан зона (малхбуза а, къилбаседа а Иран, Туркойчоь), ерриг аьлчи санна Европа, Чоьхьара Кавказ (Эрмалойчоь, Азербайджан, Гуьржийчоь), Украина, Молдави, Белорусси. Чу а яьхьна яьржина Керла Зеландехь.

Россехь кхуьу европин декъан къилбехьа.

 
ЧӀижаргӀийн стом. Кеп:Бот.сурт
 
Зазан диаграмма

Кхуьу баганан а, гӀадужу а хьаннашна бухахь, маьӀ-маьӀӀехь коллаш а йовлуш. Сиха эрна йовлу, яьржа некъаш йисташкахула, кешнашкахь, эвланашкахь, есачу меттигашкахь.

Ботаникан сурт нисйе бӀаьра

ЧӀижаргӀийн стом — болу коллашна я жима 2—6 м лекха дитт тӀехь (наггахь 10 м кхочу). ГӀад геннаш долуш, ду дуткъа дечиган чкъор а, кӀайн хира кӀеда дог а. Къуона геннаш баьццара ду, тӀаьхьа шортта можа хьозий кхоьш йолуш боьра-сира ду.

ГӀаш — дуьхь-дуьхьала, даккхий, дохалла 10—30 см, шала месаш йоцуш, лаьтта кхоъ-ворхӀ озийна хӀоа кепара деха ира йоцучу гӀаж тӀиера кегийра гӀашшах. ГӀаш широко зайла кепара бух болуш, агӀонаш тӀиера херхкепара, тӀехула таьӀна-баьццара, лахахула алсама сирла.

Заза — кӀайн-можа басахь (цхьацца гӀаш кӀайн хуьлу), хевшина я гӀаж тӀехь, хьожа йолуш, диаметрехь 5-8 мм, пхи жаз долуш, гулдина даккхий чӀапа дуккха зезагаш долу турскепара 10—25 см диаметр йолу зазане, кхиина даьллачул тӀаьхьа охкало. Кедалг пхи церг йолуш, зазан гӀа чкъургкепара, пхеа кӀайн-можа бухахь тӀеттӀалетта жаз долуш. Дургал пхиъ, зазан цӀузам тӀелетта ду. ЧӀениг ах лахара, кхо бен болуш, боца бӀогӀам болуш, кхоъ чо болуш дургалца. Кхуьу майхь — июнехь.

Стом — Ӏаьржа-шеӀан басахь, цӀазамкепара мутт йолуш лаг, диаметрехь 5—7 мм, шиъ-диъ лаг долуш. 1000 «хӀун» (лаган) дозалла 2,0—4,1 г[2]. Чухула таьӀна-цӀиен. Стом кхуьу августехь — сентябрехь.

Дарбанан аьргалла нисйе бӀаьра

Кечъяр нисйе бӀаьра

Дарбанан Ӏалашонна кечдо зезагаш (лат. Flores Sambuci) а, чӀижаргӀийн стоьмаш а. Дика мох кхетачу, екъачу хӀусамехь чӀижаргӀийн стоьмийн аьргалла пайден хуьлу 2—3 шарахь.

ЧӀижаргӀийн стоьмийн заза (акха куьучун а, кертахь лелочун а) гулдо дуьззина кхиаран муьрехь майхь — июнехь. Гулдина заза дакъадо бедан тӀехь, божалаш чохь, арахь хаза хилча — арахь а мегар ду. Цул тӀаьхьа дӀакъастадо заза гӀодах, зазанаш боккха цацанах а дохуш. Декъа зазан гӀийла хьожа хуьлу, мерз очам а хуьлу.

Стоьмаш гулдо дуьззина кхианчу муьрехь, августехь — сентябрехь, дакъадо лерина пешаш чохь 60—65 °C температурехь, малх болчу хенахь — арахь. Декъа стоьмийн хьожа ца хуьлу, муьсто-мерза чам хуьлу.

Наггахь чкъор а, къуона геннаш а, гӀаш а леладо[2].

Химин хӀоттам нисйе бӀаьра

Ораматан тайп-тайпанчу декъашкахь ю биологин жигара хӀумнаш:

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. ЧӀижаргӀийн стом(ингалс.): хаамаш сайт тӀехь GRIN.
  2. 1 2 3 Атлас лекарственных растений СССР / Гл. ред. Н. В. Цицин. — М.: Медгиз, 1962. — С. 94—95. — 702 с.
  3. Блинова, К. Ф. и др. Ботанико-фармакогностический словарь: Справ. пособие / Под(ТӀе цакхочу хьажорг) ред. К. Ф. Блиновой, Г. П. Яковлева. — М.: Высш. шк., 1990. — С. 174. — ISBN 5-06-000085-0.