Шайхиев, Алвади Хасмагомедович

Ӏалва́ди Хасмагоме́дович Шайхи́ев (1947 шеран 12 апрель, Октябрьски юрт, Мирзакинан кӀошт, Ошан область, ГӀиргӀазойчоь — 2018 шеран 22 октябрь, Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь) — нохчийн поэт а, йаздархо а, журналист а, 1975 шо дуьна СССР йаздархойн бертан декъашхо.

Алвади Хасмагомедович Шайхиев
ГӀуллакхан тайпа йаздархо, Поэт
Вина терахь 1947 шеран 12 апрель({{padleft:1947|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:12|2|0}})
Вина меттиг Октябрьски юрт, Мирзаакинан район, Ошан область, ГӀиргӀазойчоь
Кхелхина терахь 2018 шеран 22 октябрь({{padleft:2018|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) (71 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь
Корматалла йаздархо, поэт
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
Да Хасмохьмад
Нана Баянт
Зуда Йисират
Бераш кӀант Арслан, йоӀ Эльмира

Биографи нисйе бӀаьра

Алвади Шайхиев вина 1947 шеран 12 апрелехь. 1970 шарахь цо чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультет.

1979 шарахь цо чекхйаьккхира Москвахь Горькийн цӀарах йолу литературин институтехь лакхара литературин курсаш. Цул тӀехьа Шайхиевс Нохчийн пачхьалкхан университетехь хьехархон болх бира.

Хьалхара цуьна байтан гулам арахийцира 1969 шарахь. Цул тӀехьа арайелира цуьна масийтта гулам: «Пламя любви», «Огонь в очаге», «Трава-мурава», «Пульс», «Совесть», «Башни мужества», «Ночные птицы», «Заповедь», и. к. д. Цуьна байташ зорбан туьйхира «Молодая гвардия», «Современник», «Звезда», «Дон», кхидолу журналаш а. ХӀинца иза ву «Вайнах» литературин а, исбаьхьалан а журналан поэзин отделан редактор.

Алвади Шайхиев ву хьалхара КӀоран нохчийн матта даккхаран редактор. 2011 шарахь цунна тиллина «Нохчийн Республикин Сийлахь журналист» цӀе.

Доьзалла нисйе бӀаьра

Цуьнан ву кӀант Арслан а, йоӀ Эльмира а. Цуьна кӀант шен кхаа бераца Зальцбургехь Ӏаш ву.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра