Шийла тӀом — ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа Советийн Социалистийн Республикийн Бертан а, Америкин Цхьанатоьхначу Штатийн а, церан бартхойн а юкъахь геополитикан а, тӀеман а, экономикин а, идеологин а юкъаметтигаш гӀоьртина хилла мур бу.

Шийла тӀом
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Цхьаболчу историкаш дийцарехь, Шийла тӀом болабелла 1947-чу шарахь Трумэнан доктрина кхайкхинчул тӀаьхьа, ткъа бирзина 1991-чу шарахь  Советийн Барт бохарца. Оцу муьрехь «шийла тӀом» олу, хӀунда аьлча Советийн Бертан а, Америкин Цхьанатоьхначу Штатийн а юкъахь баккхий тӀемаш бацара, амма цу шиммо гӀолоцура баккхий регионан девнашкахь. Ингалсан маттахь царех proxy war олу.