Эдельха́нов, Ума́р Айнди́евич (1963 шеран 29 декабрь, Терски, Соьлжа-ГӀалин кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн штангист, СССР а, Российн а чемпионатийн чемпион а, совгӀатхо а, масийттуза СССР Кубок йаьккхинарг, СССР халкъийн спартакиадан чемпион, Европин йахьаллонан совгӀатхо, Халкъашна йуккъера классан СССР спортан мастераш. Цуьнан тренер вара Ибрагим Кодзоев.

Умар Айндиевич Эдельханов
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх ССРС СССР Росси
Говзалла штангист
Вина терахь 1963 шеран 29 декабрь({{padleft:1963|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:29|2|0}}) (60 шо)
Вина меттиг Терски, Соьлжа-ГӀалин кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР
Спортан карьера 1978-1996
Тренераш Кодзоев, Ибрагим Абибулатович
Йозалла 67,5 кг

Биографи нисйе бӀаьра

Вина 1963 шеран 29 декабрехь Терскехь (Соьлжа-ГӀалин кӀошт, Нохчийн Республика). Йеза атлетике аьха волавелира 1978 шарахь Соьлжа-ГӀалахь. Цуьнан тренер вара Ибрагим Кодзоев. 1979 шарахь, иза 9 классан дешархо волуш хенахь, цо СССР спортан мастеран норма кхочуш йира.

1980 шарахь Мелитополехь цо кхоъ рекорд а хӀоттира, пачхьалкхан чемпион а хилира. 1981 шарахь цо толам беккхира Чехословакехь а, Кубехь а хилла турнирашкахь. Клайпедехь хилла СССР халкъийн Спартакиадехь цо толам беккхича иза СССР гулйина командан йукъайазвира.

1983 шарахь иза СССР халкъийн Спартакиадан борзан совгӀатхо а хилира, цо халкъашна йуккъера классан СССР спортан мастеран норма кхочуш а йира.

Кхиамаш нисйе бӀаьра

  • СССР Кубок йаьккхинарг (1986 а, 1988 а, 1989 а шерашкахь);
  • СССР Кубкан дато мидал йаьккхинарг (1983 а, 1984 а, 1990 а шерашкахь);
  • 1986 шарахь Волгоградехь хилла йолу Российн халкъийн Спартакиадан чемпион;
  • СССР чемпион (1986 а, 1990 а шерашкахь);
  • 1996 шарахь Российн чемпион;
  • «ДоттагӀаллин Кубок» йаьккхинарг (1987 а, 19891992 а шерашкахь);
  • 1992 шарахь Донецкехь (Украина) хилла йолу СССР чемпионатан а, СССР халкъийн Спартакиадан а дато совгӀатхо;
  • Венгрехь 1992 шарахь хилла йолу Европин чемпионатан борзан мидал йаьккхинарг;

1996 шарахь Атлантехь (АЦШ) хилла йолу Олимпиадехь дакъа лецира цо, амма цигахь аьтто ца хилира цуьна.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра