Яма́йкаВест-Индера Карибийн хӀорд чура гӀайренан пачхьалкх. Мехко дӀалоцу Ямайка гӀайре, ткъа иза Даккхий Антилийн гӀайренийн тобана йукъара ду. Ямайкан къилбаседехьа лаьтта Куба (150 км), малхбалехьа Ямайка хидоькъе чухула — Гаити (160 км). Континентан уггаре гергара меттиг — Грасиас-а-Дьос мара (Никарагуа) — 630 км къилба-малхбузехьа бу.

Ямайкин географи
карта: Ямайкин географи
Дуьненан дакъа Америка
Регион Вест-Инди
Координаташ 18°15′ къ. ш. 77°30′ м. д.HGЯO
Майда
Бердан аса 1022 км
Лекха меттиг Блу-Маунтин-Бохь, 2256 м
Лоха меттиг Карибийн хӀорд, 0 м

Ямайка — майданца кхоалгӀа гӀайре ю Даккхий Антилийн гӀайренашна юкъахь (хьалхара шиъ — Куба а, Гаити а). ГӀайренан барам бу 225 км гергга малхбузера малхбалехьа, 35 - 82 км къилбаседера къилбехьа. Ерриг майда — 10 991 км², бердан асан йохалла — 1022 км.[1]

Геологи а, пайден маьӀданаш а нисйе бӀаьра

Ямайка гӀайре лаьтта Карибийн литосферан экъан тӀиера Никарагуан айадаларш тӀехь. Цунна а, Куба гӀайренна а юккъехула чекхйолу Кайман апари, цу чохь ю Карибийн хӀордан уггаре кӀорга меттиг. Ямайкин тӀиера Гаити гӀайрен агӀорхьа йоьду Энрикильо-Плантэйн-Гарден цӀе йолу латта кагделла меттиг, цуьнан йохаллех Карибийн экъан тӀиера Гонав микроэкъанга долу. И область сейсможигара ю, цундела гӀайрен тӀехь наггахь мохкбегабо. Уггаре бохаме хилла 1692 шеран мохкбегор (Порт-Ройял а йохош), 1907 шеран мохкбегор.[2]

Ямайкин коьрта пайден маьӀданаш ю бокситаш, церан резервашца мехко хьалхара меттигаш йоху дуьнен тӀехь.

Рельеф а, бердан аса а нисйе бӀаьра

Ямайкин мехкан доккхаха долу дакъа (2/3 гергга) гӀамара тӀулгах лаьтта акъари ю, локхалла 500—1000 м, цхьаццанхьа кхин а лекха а йолуш. ГӀайренан малхбален агӀора лаьтта Блу-Маунтинс лаьмнаш, цигахь ю мехкан уггаре лекха меттиг — Блу-Маунтин-Бохь (локхалла 2256 м)[3]. Къилба-малхбузехь лаьтта Малверн лам (710 м),[4] ткъа малхбуза декъехь — Долфин-Хед лам (545 м). ГӀайренан малхбуза декъехь яьржина рельефан карстан кепаш, уьш ю Джон-Кроу, Драй-Харбор лаьмнашкахь а, карстан Кокпит-Кантри аган чохь а, майда 1300 км² гергга йолуш. Ага лаьтта масех лоха готта атагӀеш декъначу гунех. Оцу кӀоштан амалехь ду карстан оьрнаш а, лаьттан бухахула лела хиш а.[5]

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Jamaica Архивйина 2018-12-24 — Wayback Machine — CIA — The World Factbook
  2. Ямайка // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  3. Peaklist.org - Central America and Caribbean ultras
  4. Geonames.org (cc-by); post uppdaterad 2011-04-18; databasdump nerladdad 2016-09-13
  5. Jamaica — Britannica Online Encyclopedia