Ӏам — Ӏаламо кхоьллина, ша хӀордах (океанах) кхеташ боцу, хих буьзина Ӏоман кад, гидросферан компонент[1]. Ӏаьмнаш Ӏамадо лимнологи олучу Ӏилмано. Дерриг дуьнен тӀаьхь бу 5 млн гергга Ӏам.

Дудергофан Ӏам, Росси
Барилоче Ӏам (Аргентина)
Боккха Алматан Ӏам, Кхазакхстан
Къоьзана Ӏам

Планетологин гарца, Ӏам хеначохь а, есаллехь а цхьаьнаэшшара лаьтта, тӀуьна кепара йолчу хӀуманца юьзина объект йу, цуьнан барам бу хӀордан а, адамо баьккхина Ӏоман а йуккъера.

Географин гарца, Ӏам гуонахьара къовлаелла шена чу хи а оьхуш, иза чохь гуллуш йолу лаьттан кӀорге йу. Ӏаьмнаш Дуьненан океанан дакъа дац.

Ӏаьмнийн химин хӀоттам дикка йехачу заманахь цхьаьна кепара латтахь а, эрках къаьстина иза дузу хӀуманаш карла йовлу чӀогӀа нилха, ткъа цунна чохь долу хин леларш, цуьнан раж билгалъяккхаран коьрта фактор йац. Ӏаьмнаша, дистина хиш боьрахь а сацош, ткъа кхечу муьрашкахь, хи ца тоьучу меттигехь, иза дӀа а луш эркаш охьаэхар нисдо. Ӏаьмнийн хиш чохь химин реакцеш хуьлу. Цхьайолу элементаш хин йукъара буха йуьжу, вуьш тӀехула йовлу. Цхьа могӀа Ӏаьмнаш чохь, коьртаниг чура арадолуш эрк доцучарна, хи Ӏаьнаре дерзар бахьнехь айало туьхан концентраци. ЖамӀ ду хаъал Ӏаьмнийн минерализаци а, туьхан хӀоттам а хийцабалар. Ладаме йовхонан хин массан инерци бахьнехь даккхийчу Ӏаьмнаша кӀадйо гуонахьарчу кӀошташкара климат а, температура а, лахдо шеран а, шеран заманийн а метеорологин элементаш техкар.

Кеп, барам, Ӏоман боьран бухан рельеф хийцало Ӏоман бухайижинарш гулъяларца. Ӏаьмнашна чу буц йаларо керла рельефан кепаш йо, нийса а,хьалатаьӀна а. Ӏаьмнаша а, кхин а чӀогӀа, хи латтийлаш а ойбу лаьттан бухара хиш, цуо гонахьарчу лаьттан декъех уьшал до. Гуттаренна а гуллуш йолу органикан а, минералийн а дакъолгаш бахьнехь Ӏаьмнаш чохь хуьлу стомма бухадижина чкъор. И бухайийшинарш бахьнехь тӀаьхьа Ӏам мел кхуьу цунах уьшал йа латта до. Билгалчу хьолехь царех хуьлу органиках йевлла ломан породаш.

Ӏаьмнийн классификаци нисйе бӀаьра

 
Шен Ӏам Арберзее

Схьадовларца Ӏаламан Ӏаьмнаш декъало:

Латтарца Ӏаьмнаш декъало (Дуьнен тӀехь):

  • лаьттан тӀехулара, церан хиш жигара дакъа лоцу Ӏаламехь хи хьовзарехь,
  • лаьттан бухалара (лаьттан бухара Ӏаьмнех тоха мегар ду Антарктидера шен бухара Ӏам), церан хиш Ӏаламехь хи хьовзарехь дакъа лацахь а, кӀеззиг бен ца лоцу; наггахь и Ӏаьмнаш дузу ювенилан хиш, аьлчи а ша схьадаьлла хи.

Хин балансца Ӏаьмнаш декъало:

  • чура хи арадолурш (дукхах дерг эрк кепара);
  • чура хи ара ца долурш, ца хуьлу тӀехула арадолу хи йа латтан бухахула луларчу Ӏаьмнаш чу (хи дов Ӏаьнаре даларца).
Файл:Михаил Спиридонович Эрасси. Вид на Ӏам.jpg
«Ӏам гар»
(художник — Эрасси Михаил)
Минерализацин тайпанца

Хин химин хӀоттамца минералан Ӏаьмнаш декъало

Ӏам чохь долчу дуучунца (трофаллийца) Ӏаьмнаш декъало кхаа тайпане.

  • Олиготрофан (кӀезиг даар дерш) — йаккхий а, йуккъера а барамехь кӀоргенаш йолу Ӏаьмнаш, церан хин масса дикка лахара хуьлу температура кхоссаяларан чкъоьрал, сирла хуьлу, хин бос синачун тӀиера баьццарчун тӀекхаччалц, буха мел воьду O2 лагӀло.
  • Эвтрофан (шортта даар дерш) — дика дохло Ӏаьмнаш (температура кхоссаяларан чкъор жима ду), сирлалла кӀезиг йу, хин бос баьццарачун тӀиера боьрачуьнга кхаччалц бу, буха биллина органикан сацкъар. Хица шорта ду дааран туьхнаш, O2 уха мел доьлху дужа, дан а доцуш меттиг а хуьлу.
  • Дистрофан (даарца къиенаш) — уьшал хилла Ӏаьмнаш кӀезиг сирла а, можа йа боьра хин бос болуш (алссама гуминийн хӀумнаш хиларна). Хин минерализаци кӀезиг хуьлу, O2 охьадаьлла ду иза органикан хӀумнаш мустйаларан харж йарна.

ХӀинцалерачу гидрологехь а, гидроэкологехь а къастайо трофикан классификацин йукъара тӀегӀанаш: мезотрофан (олиготрофан а, эвтрофан а) а, гипертрофан а.

Стигалан догӀмаш тӀехь латтарца Ӏаьмнаш декъало:

  • дуьненан;
  • дуьненал арахьара.

Уггаре даккхий Ӏаьмнаш нисйе бӀаьра

 
Каспий-хӀорд. Космосера гар

Коьрта йаззам: Ӏаьмнийн майданашца уггаре даккхий Ӏаьмнаш

 
Аралан хӀорд 2009 шеран августехь. Космосера гар.
 
Байкал Ӏоман космосера сурт.

Дуьненан дерриг Ӏаьмнийн майда ю 1,8 % гергга лаьттанчух (2,7 млн км² гергга).

Ӏоман цӀе Максималан
тӀехалонан
майда,
эз. км²
ХӀордан тӀегӀан тӀиера
локхалла,
м
Максималан
кӀоргаллаа,
м
Дуьненан дакъа
Каспий-хӀорд 371 -28 1025 Еврази (материк)
Лакхара 82 183 393 Къилбаседа Америка
Виктори 68 1134 80 Африка
Гурон 60 177 208 Къилбаседа Америка
Мичиган 58 177 281 Къилбаседа Америка (АЦШ)
Танганьика 34 773 1470 Африка
Байкал 32 456 1637 Ази (Росси)
Малави 31 472 706 Африка
Боккха Черчийн 30 157 137 Къилбаседа Америка (Канада)
Боккха Йийсархойн 29 156 150 Къилбаседа Америка (Канада)
Эри 26 174 64 Къилбаседа Америка
Чад 26 281 11 Африка
Виннипег 24 217 28 Къилбаседа Америка (Канада)
Балхаш 22 342 26 Ази (Кхазакхстан)
Онтарио 20 75 236 Къилбаседа Америка
Ладожски 18 5 230 Европа (Росси)
Маракайбо 16 0 250 Къилба Америка
Бангвеулу 15 067 5 Африка
Дунтинху 12 11 8 Ази
Онежски 10 33 127 Европа (Росси)
Тонлесап 10 12 14 Ази
Эйр 9,5 -15 (-9) 4 Австралии
Туркана 8,5 375 73 Африка
Никарагуа 8.4 32 70 Къилбаседа Америка
Аралан хӀорд 8,3[4] 3,5 54,5 Ази
Титикака 8,3 3812 304 Къилба Америка
Атабаска 7,9 213 60 Къилбаседа Америка (Канада)
Сайнийн 6,3 350 60 Къилбаседа Америка
Иссык-Куль 6,2 1608 668 Ази (ГӀиргӀазойчоь)
Боккха Дуьра 6 1282 15 Къилбаседа Америка
Торренс 5,7 34 8 Австрали
Альберт 5,6 619 58 Африка
Венерн 5,5 44 100 Европа (Швеци)

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Спиридонов А. Четырёхъязычный энциклопедический словарь терминов по физической географии. — М.: Советская энциклопедия, 1980. — С. 296. — 703 с.
  2. Елена Краснова «Неправильные» озера // Наука и жизнь. — 2017. — № 3. — С. 24-29. — URL: http://www.nkj.ru/archive/articles/30842/
  3. 1 2 «Минеральное озеро» Архивйина 2011-05-21 — Wayback Machine — www.glossary.ru
  4. Космический мониторинг состояния водных объектов Архивйина 2014-10-31 — Wayback Machine