Ӏовхойн кӀошт[1][2] (оьрс. Ауховский район) — ДегӀастанан административан дакъа. Кхоьллина 1943 шеран октябрехь ДегӀастанан АССРн йукъахь, нохчий-Ӏовхойн латтана тӀехь[3]. Административан центр — ГӀачалкъа.

Административан кӀошт
Ӏовхойн кӀошт
оьрс. Ауховский район
43°07′00″ къ. ш. 46°29′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Йукъайоду ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республика
Адм. центр ГӀачалкъа
Истори а, географи а
Сахьтан аса MSK-3 (UTC)
Бахархой
Бахархой 28 455 стаг
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусулбанаш
Официалан сайт
Ӏовхойн кӀошт картин тӀехь

Истори нисйе бӀаьра

XIX бӀешарахь Имамат йолучу хенахь кхузахь дара имаматан административан дакъа — Ӏовхойн наибалла[4]. Кавказан тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа, Ӏовхой бехачохь цхьана хенан лаьттира административан дакъа — Ӏовхойн гуо[5].

1944 шеран февралехь нохчий-Ӏовхой Нохч-ГӀалгӀайчура нохчашца а, гӀалгӀайшца а махкахбаьхира Йуккъерчу Азе, ткъа цера кӀоштан цӀехийцира ГӀазгӀумкийн керла кӀошт аьлла. КӀоштан цхьа дакъа луларчу Казбековн кӀоштах дӀатоьхна йарташка Алмакхара суьйлий ховшира[6][3]. Суьйлий оцу ярташка шайн лаамца ховшийна[7].

МеттахӀоттор нисйе бӀаьра

1980-гӀа шерийн чакхенгахь нохчаша айдира Ӏовхойн кӀошт хьалха хиллачу дозанашкахь меттахӀоттор а, суьйлий, гӀазгӀумкий а шайн махкар ара бахар а[8][9]. 1991 Халкъан депутатийн III Гуламо сацамбира кӀошт меттахӀоттайан, Ширча-Эвла а, Пхьарчхошка а меттахӀоттош йолучу Ӏовхойн кӀоштан йукъа йаха йезаш йу[10]. Ткъа гӀазгӀумкашна латта делира Кумторкалан кӀоштехь[11].

Тахана Ширча-Эвлахь а, Пхьарчхошкахь а бахархой, бакъалла аьлча, этносийн принципехь бекъабелла бу: нохчий а, суьйлий а параллелехь бехаш бу – ишколашкахь бераш доьшуш бу шайн шайна бекъна; нохчаша а, суьйлаша а цхьана маьждигехь ламазаш а цадо. Вовшашка тезете а ца больху. Кегийрхой сих-сиха леттарш а хуьйлу[12].

ХӀоллам нисйе бӀаьра

1989 шарахь цхьана агӀора нохчийн а, вукху агӀора суьйлийн, гӀазгӀумкийн а йукъаметтиг телхира, бахьна дара нохчаша Ӏовхойн кӀошт меттахӀоттор дехча, 1944 шарахь дуьйна суьйлий а, гӀазгӀумкий а бехаш болу[13].

Хаси-Эвлан йукъараллас ГӀачалкъахь 1944 шарахь махкахбехначарна хӀоллам хӀоттиначултӀехьа Бони-Эвлан центрехь суьйлийн а, гӀазгӀумкийн а йоккха митинг гулйира, декъашхоша кхайкхам бира хӀоллам хӀотторо йукъаметтигаш талхош хилар, цул совнах цара Ӏедали дихира нохчий-Ӏовхой Нохч-ГӀалгӀайчоьнан Шелковскан кӀоште махкахбаха аьлла[13].

Нах беха меттигаш нисйе бӀаьра

 
 
Бони-Эвла
 
Боони-Йурт
 
Лакха-Отар
 
Алтмирз-Йурт
 
Зори-Отар
 
Мини-АтагӀа
 
Билт-Эвла
 
Кешен-Эвла
 
ГӀачалкъа
 
МажгӀара
 
Ярмаркино
 
Барчхой-Отар
 
Ширча-Эвла
 
Пхьарчхошка
 
Хаси-Эвл
 
Бурсун
 
Албур-Отар
 
Алмакх
 
Делам
 
Хений дукъ
 
Эндирей
 
Ваниг-гӀала
Ӏовхойн кӀошт

Эркаш нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. А. Вахаева. Сийлахь-воккха устаз вина де билгалдаккхар (нохчийн). — Соьлжа-ГӀала: Даймохк газет, 2019. — 12 июль (№ 52).
  2. И. Хасаханов. Дагалецира вайн халкъ махках даьккхина 75 шо кхачар (нохчийн). — Соьлжа-ГӀала: Даймохк газет, 2019. — 26 февраль.
  3. 1 2 Новицкий, 2011, с. 14.
  4. Линевич, 1872, с. 3.
  5. Лаудаев, 1872, с. 1.
  6. Адиев, 2016, с. 23.
  7. * Ренат Алтаев. "Чтобы достучаться до религиозных чувств" // «Кавказ.Реалии» : электрон. новостной ресурс / проект «Радио „Свободная Европа“» / «Радио „Свобода“» (RFE / RL, Inc). — 2020.
  8. Рамазан Абдулатипов обещал ориентироваться на Рамзана Кадырова. Врио президента Дагестана посетил Чечню и посмотрел на священный волос Пророка Алексей ДРОБОТОВ
  9. СМИ: Главы Чечни и Дагестана обсудят вопросы восстановления Ауховского района Дагестана Четверг, 06 Декабрь 2018 Архивйина 2019-01-29 — Wayback Machine
  10. РИЗВАН РИЗВАНОВ НА СТЕЗЕ СЛУЖЕНИЯ ДАГЕСТАНУ ОЧЕРК ЖИЗНИ И ПОЛИТИЧЕСКОЙ ДЕЯТЕЛЬНОСТИ МАГОМЕДСАЛИХА ГУСАЕВА Махачкала 2003 г.
  11. ПРОБЛЕМЫ ВОССТАНОВЛЕНИЯ АУХОВСКОГО РАЙОНА НА СОВРЕМЕННОМ ЭТАПЕ
  12. Адиев, 2016, с. 24.
  13. 1 2 Новицкий, 2011, с. 95.

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра