Березовская Майя (пол. Maja Berezowska; 1893 йа 1898 шеран 13 апрель[1], Барановичи, Минскан губерни, Российн импери — 1978 шеран 31 май, Варшава, Польша), кхин а йевза харц цӀарца Дитто (пол. Ditto) — польшин исбаьхьалча, график, карикатурист, сценограф.

Березовская Майя
пол. Maja Berezowska
Бакъ цӀе пол. Maja Berezowska
Псевдонимаш Ditto
Йина терахь 1893 шеран 13 апрель({{padleft:1893|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:13|2|0}})
Йина меттиг Барановичи, Минскан губерни, Российн импери
Кхелхина терахь 1978 шеран 31 май({{padleft:1978|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:31|2|0}}) (85 шо)
Кхелхина меттиг Варшава, Польша
Гражданалла  Польша
ГӀулаккхан тайпа исбаьхьалча, иллюстратор, карикатурист, сценограф
СовгӀаташ
кавалер ордена Возрождения Польши

Майян да Березовский Эдмунд[pl] хилла Оьрсийн императоран эскаран подполковник, Транссибрехан цӀерпоштнекъан магистралан некъашдахкархо, ткъа тӀаьхьуо — бригадан инарла Польшин эскар[pl][2].

Майяс дийшира Петарбухера доларчу хаза говзаллин ишколехь, лакхара исбаьхьаллин дешар чекхдаьккхира Краковехь, Парижехь, Мюнхенехь. дуьненан шолгӀа тӀом болабалале а гӀараелира шен эротикан суьрташца[3]. Адамийн лакхара синкхетаман тема, дегӀан хазалла даиман хилира цуьнан кхоллараллин гуттаренна а болу мукъамаш. Къанъеллачу хенахь цуо йаздира:

  Безам боцуш дахар хир дацара. Суна цхьан а хӀума дац адаман дегӀал мехала, со дийна мел йу, аса иза дуьллур ду. Мел диллало а дика.
Szpilki, № 34 (21 августа), 1977
 

1933 - 1936 шерашкахь ехира Парижехь, цигахь болхбира меттигерачу хӀора дийнахь арадовлу арахецаршца: «Le Figaro», «Le Rire[fr]», «Ici Paris[fr]». 1935 шарахь тӀаьххьарчун цхьаьна лоьмарехь зорба туьйхира «Мерза Адольфан сеттар» цӀе йолу Гитлерах лаьцна крикатурийн сери, цунна сихха терго тӀеяхийтира германин вакилата, французийн криминалан полицин дийзира «пачхьалкхан корта сийсазаваккхарна» иза суьде озо. Адвокатан аьтту белира иза кӀелхьараяккха, гӀуллакх чекхделира символан гӀуда тохарца. ТӀом болабалале Польше йухайирзина, цуо болхбира провинцехь, амма йухайирзира Варшаве, цигахь 1942 шеран май баттахь лецира гестапос. Гитлер сийсазаваккхарна йира йиеран кхел, кхечира Равенсбрюк концлагере[4].

Йиеран кхел кхочуш ца йира. Концлагерехь мел дахкало суьрташ дехкира Майяс – коьртаниг, шеца чохь бохкучу доттагӀийн портреташ, цаьрга къайлаха уьш шайн доьзалшна дӀадахьадалийта[5]. 1945 шеран майхь валаран лагерь мукъайаьккхира ЦӀиен эскаро; Березовская шен махкахойн тобанца Шведийн ЦӀен ЖӀаро дарба дан кхайкхарца йахара Стокгольмехь[2].

1946 шеран июнехь Березовская цӀайирзира Польше, цигахь цуьнан болх хилира бӀаьргаца сцена, театрашкахь костюмийн эскизаш кечйар. Кхин а цуо зорба тухура шен карикатураш газеташкахь а, журналашкахь а, суьрташ дохкура жайнашна[2].

1977 шарахь Березовская Майяс битира говзаллин болх, кхин а шо даьлча иза йелира. ДӀайоьллина Воинские Повонзки кешнашкахь Варшавехь[2].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Год рождения 1898 указан на надгробии у могилы художницы, однако по данным Биографического Словаря Польского Театра на самом деле родилась она пятью годами ранее.
  2. 1 2 3 4 Gersz, Aleksandra. Stworzyła polskie porno, obraziła Hitlera, wywoływała skandale. Maja Berezowska to kolorowy ptak polskiej sztuki (польяк.). naTemat.pl (2018 шеран 22 декабрь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 27 май.
  3. Czyńska, Małgorzata. [Berezowska. Sex-realistka https://magazynszum.pl/berezowska-sex-realistka/] (польяк.). SZUM (2018 шеран 19 октябрь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 27 май.
  4. Kośka, Martyna. Maja Berezowska – Zawsze zbyt śmiała (польяк.). IgiMag (2019 шеран 15 февраль). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 27 май.
  5. Kim była Maja Berezowska? (польяк.). HarpersBazaar.pl (2018 шеран 28 декабрь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 27 май. Архивйина 2019-05-31 — Wayback Machine