Берие
Берие историн агӀор Йуккъера Азехь а, Кавказехь а — говр а, герз а лело говза волу, доьналла, хӀуъа а лалуш волу дошло.
Истори
бӀаьра нисйанТӀемлойн маьӀнехь бериех лаьцна хьахадо Зафар-намес (XV бӀешо) а, Бабур-намес (XVI бӀешо)[1] а. Берие дош хьахадо шен «Истмала гавураш хӀинца сий ойу» цӀе йолчу байтехь А. С. Пушкина (1830 шо)[2]
Керста боцучу махкахойн совгӀаташна тӀаьхь, керстачеран Сийлахь нехан суьрташ (Сийлахь Георгийн, Сийлахь Владимиран, Сийлахь Аннин иштта кх. дӀа) хийцира Российн империн пачхьалкхан хӀостца — ши корта болу аьрзунца[3]. ТӀаккха а ламанхоша сихха тӀедиллира шайн совгӀаташ Георгийца хийцар, цунах цара лерамца «берие олура», ткъа хӀостах ца башарца «котам» олура. Правительство царна дуьхьала йахара. Сийлахь Георгий совгӀаташна тӀе йухаверзийра.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Бабур-наме, с.52
- ↑ А. С. Пушкин. «Стамбул гяуры нынче славят…»
- ↑ Г. А. Мурашев. Титулы, чины, награды. — СПб., 2001, с.160
Литература
бӀаьра нисйан- Джигит // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Джигит // Военная энциклопедия : [в 18 т.] / под ред. В. Ф. Новицкого [и др.]. — СПб. ; [М.] : typus т-ва И. Д. Сытина, 1911—1915.
- Л. В. Беловинский. Джигит // Иллюстрированный энциклопедический историко-бытовой словарь русского народа. XVIII — начало XIX в. / под ред. Н. Ерёминой. — М.: Эксмо, 2007. — С. 171. — 784 с.: — ил. с. — 5000 экз. — ISBN 978-5-699-24458-4.