Берцахилар
Берцахилар — шайн бераш доцучу стеган йа зудчун-майрачун хьал[1][2]. Берцахиларан долара, социалан йа политикин маьӀна ду.
Берцахилар хила тарло ша шен лаамехь бина харжам а, кхин а адамех ца дозу хьелаш а. Цу тӀе къастадо шен лаамца берцахилар (чайлдфри) а, антинатализм, цуьнца берцахилар дика лору.
Берцахиларан бахьнаш
бӀаьра нисйанШен лаамца
бӀаьра нисйан- Целибат (зуда цайалор), аьлча а абстиненци.
- Чайлдфри — шен харжам, физикин а, менталан а, финансийн а таро йолуш бераш ца дан бина сацам.
- Антинатализм — эхь-бехк бахьнехь цадебар.
- Шен лаамца адамалла далийтарна пайденна цадебар.
Лаамаза
бӀаьра нисйан- Зудчуьнга-майрачуьнга бер ца дан далар.
- Гинекологин баланаш, царна йукъахь хьалхара пхьораллехь хилла физикин чевнаш а.
- Психикин могашаллица баланаш, царна йукъахь, бераш кхио таро йоцу, когнитиван бохамаш (зудчун-майрачун декхарш кхочушдаран функцеш) а, депресси а.
- Гуонахьара хьелашца а, социалан гоьнца доьзна, дахарера халонаш:
- Социалан, оьздангаллин, бакъонийн нормий Ӏаткъам:
- стечунна боьрша накъост йа боьршачунна стен накъост ца хилар
- бер дола доккхуш хуьлу социалан-бакъонийн дуьхьалонаш, масала, шеш Ӏаш болчарна бер дола ца даккхийтар.
- Экономикин йа социалан Ӏаткъам, йуьхьанца карьерин ламин тӀехула билгала тӀегӀане а кхаьчна, тӀаккха бер дийр ду аьлла агӀор сацар, цуо бердаран хенера баха таро алсама йоккху.
- Бер дан йа кхио таро хир йац аьлла шеконе даьккхина, финансий йа кхин бахамийн резерваш ца тоар:
- Доьзалера а, йукъараллера а гӀо доцуш финансийн резерваш ца тоар.
- Медицинин гӀоьне кхача гена хилар (дукха хьолехь цхьаьна догӀу финансаш ца тоарца).
- Белхан график йа медицинин гайтамашца бахамехь оьшу гӀо ца хилар.
- Накъостанна, иза дерриг а долуш, пхьор дан йа бераш кхио ца лаар (цунна йукъахь бер дало ца лаар а).
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Бездетность - Толковый словарь Ожегова - Словари и Энциклопедии . ТӀекхочу дата: 2019 шеран 23 март. Архивйина 2019 шеран 23 мартехь Архивйина 2019-03-23 — Wayback Machine
- ↑ Бездетность // Еврейская энциклопедия Брокгауза и Ефрона. — СПб., 1908—1913.