БетонкиегориггӀишлошйаран машен, лерина бетон кего.

Гравитацин токо хьовзо бетонкиегориг

Классификаци

бӀаьра нисйан
 
Бетонкиегориг гӀишлошйечехь

Бетонкиегочеран иштта классификации хуьлу:

Белхан хьесапца:

  • Гравитацинчара болх бо беран чохь, иза хьийзарца иэдар ша охьадожаран хьесапан (дозаллин ницкъан Ӏаткъамца) чоьтах. Оцу беран чохь чӀагӀйина йу белаш, цара таро ца ло компоненташна пенаш тӀехула шершийта, цуьнца цхьаьна кегор хуьлу. Гравитацин бетонкиегориг лелайо, коьртаниг, жимачу дӀасатотту бетонкиегориш кепара. Церан дикалла муьлхха Ӏена сурсаташ кего йиш хилар. Гравитацин тайпана арахоьцу бетонкиегочарна йукъахь уггаре боккха чухоам бу автобетонкиегочеран, цара дӀа а хьуш киегайо бетонан иэдарш. Массо а арахоьцучеран ша йассайо автобетонкиегориш, гравитацин иэдийригца комплект йолуш хуьлу;
  • Нуьцкъала хьесапан йолчеран лаьтташ бера хуьлу, хьийзаш белхан ларанаш хуьлу, церан гӀоьнца иэйо бетон. Нуьцкъала хьесапан тайпана бетонкиегочо таро ло шен хӀоттамца цхьаьна тайпана бетонан иэдарш кечдан, цигара схьа, алсама лакхара дикаллица. Иза бахьнехь нуьцкъаллин хьесапан бетонкиегориш коьртаниг лелайо иэдаран блокашна йукъахь, бетонан шодмашкахь, бетонзаводашкахь. Нуьцкъаллин хьесапан бетонкиегочеран белхан меженийн кепаш: бошхепан кепара, планетаран, турбулентан, анакепара (цхьаъ йа шиъ вал болуш)[1];
  • цасоццу болх бийриг;
  • муьрашкахь болх бийриг.

Чухоаман барамца: Чуйухкучун барамца:

  • бетонкиегориш — чуйухку онда фракцин барам 20 – 70 мм;
  • бетонкиегориш — кегийра бараман фракцийн компоненташца болх бо машенаш.

ДӀасалелоран таронашца йолу бетонкиегориш:

  • машенашна тӀехь;
  • стационаран (йоккха эвсаралла хуьлу).
 
Немцойн Michaelis Maschinenbau GmbH фирман чамин бетонкиегориг

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Бетоносмесители принудительные и гравитационные. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 19 ноябрь. Архивйина 2011 шеран 14 октябрехь
 
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «бетонкиегориг»