Бисултанов, Асланбек Гирманович
ХӀара яззам Нохчийн Википедин дикачарех бу. |
Бисулта́нов, Асланбе́к Гирма́нович (1956 шо — 2001 шо) — нохчийн паргӀат кепара латархо, хьалхара нохчийн СССРн, Европин а, Дуьненан а чемпион, СССРн Сийлахь спортан говзанча.
![]() Бисултанов Асланбек Гирманович | |
![]() | |
Шех лаьцна | |
---|---|
Стен-боьршалла | божарийн[d] |
Пачхьалкх |
![]() ![]() |
Говзалла | паргӀата кепар латархо |
Вина терахь | 1956 шо |
Вина меттиг | [[]] Джамбулан область, Кхазакхстан |
Кхелхина терахь | 2001 шо |
Кхелхина меттиг | |
Спортан карьера | с 1973 |
Тренераш | Багаев, Дэги Имранович |
Йозалла | 100 кг |
Асланбек Бисултанов леташ вара 100 кг йозалла тӀекхаччалца беза болу латархойн юккъехь. Цуьнан тренер вара Дэги Багаев. 1973 шарахь цо толам беккхира къоначу латархойн юкъахь йолу СССРн Кубкехь а, чемпионатехь а. 1976 шарахь Одессехь хилла йолу чемпионатехь иза хилира массарелла къона СССРн чемпион — цу хенахь иза ткъа шо кхачаз вара. 1977 шарахь иза хилира СССРн а, Европин а, дуьненан а чемпион. Цунна «1977 шеран Дуьненан чемпионатехь тоьлла латархо» цӀе а елира, «Дуьненан чемпионатехь массарелла доца къовсарах» цӀе йолу Кубок а елира.
Цо шозлугӀа меттигаш ехира СССРн 1978 а, 1979 а шерашкахь хилла чемпионатшакахь, 1979 шеран СССРн Аьхкенан халкъашан Спартакиадехь а.
Спорт йитинчул тӀехь цо болх бира Къилбаседа Кавказан эскаран спортан клубан куьйгалхо. Цул тӀаьхьа иза вара Лакхара спортан говзаллин школин директор. 1992 шарахь цхьана шарахь гергга цо Нохчийн Республикан махлелоран министр болх бира.