Бичелдей (Опей-оол) Ульяна Павловна (1954 шеран 22 сентябрехь(19540922), Ээрбек эвла, Пий-Хеман кӀошт, Тувининийн автономин область) — российн, тувинийн Ӏилманча, теологин доктор, Республика Тыван хьакъдолу белхало.

Бичелдей Ульяна Павловна
Йина терахь 1954 шеран 22 сентябрь({{padleft:1954|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) (70 шо)
Йина меттиг Ээрбек, Пий-Хеман кӀошт, Тувинийн автономин область
Ӏилманан кхоче Теологи
Ӏилманан дарж теологин доктор

1972 шарахь чекхйаьккхира Кызылан № 2 йолу йуккъера ишкол, ткъа 1979 шарахь чекхйаьккхира Кызылан пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультет.

Ӏилманан гӀуллакх

бӀаьра нисйан

1979 - 1995 шерашкахь болхбира Тувинийн Ӏилманан-талламан меттан, литературин, историн институтехь (хӀинца — ТИГПИ) меттан, йозан, дошамийн декъера Ӏилманан белхалочун даржехь. Дакъалецира тувинийн меттан маьӀнан дошам хӀоттош.

2012 шарахь йаздира теологин докторан (Ph.D) Ӏилманан тӀегӀа йаккхархьама диссертаци, тема йара «Тэнгрианалла а, махаяна а: йукъаметтигийн истори». Диссертаци йаздира Монголин пачхьалкхан университетан дин Ӏаморан кафедрехь.

2015 шарахь дуьйна болхбеш ву Тувинийн гуманитарийн а, прикладни а социалан-экономикин талламийн институтехь.

Публикацеш

бӀаьра нисйан

Йукъараллин а, пачхьалкхан а гӀуллакх

бӀаьра нисйан

Дикка йоккха йу Ульяна Павловнин жигара йукъараллин гӀуллакххочун амалаш гойту исписка:

  • 1995 - 1998 шеракахь — Пачхьалкхан Думан I кхайкхаман депутатан гӀоьнча.
  • 1996 - 1998 шерашкахь — Российн Федерацин Федерацин Советан Федералан Гуламан декъашхочун гӀоьнча.
  • 1999 - 2003 шерашкахь — Республика Тывара хаьржина Пачхьалкхан Дума III кхайкхаман депутатан гӀоьнча.
  • 2006 - 2010 год — Лакхара Хуралан Векалийн палатан депутат, Социалан политикин комитетан декъашхо.
  • Дуккха а шерашкахь болхбира Кызыл гӀалан халкъан суьдан халкъан хьажархо, цул тӀаьхьа Туван цӀарах хьажийра Российн Лакхара суьде халкъан хьажархо.

Ульяна Бичелдей — «Единая Россия» партин декъашхо.

1999 шарахь чекхйаьккхира Российн Федерацин Президент волчура Российн пачхьалкхан гӀуллакхан Академи говзалла «Пачхьалкхан урхалла», специализаци «пачхьалкхан-килсан йукъаметтигаш» йолуш.

2004 - 2010 шерашкахь болхбира фодийн дакъа Ӏалашдархо, Ӏилманан секретарь, Республика Тыван Алдан-Маадыран цӀарах Къоман музейн директоран гӀовс даржашкахь.

2011 - 2015 шерашкахь У. П. Бичелдейс куьйгалла дира Республика Тыван Оьздангаллин тӀаьхьенан объекташ Ӏалашйаран гӀуллакх (историн а, оьздангаллин а иэсаш).

Ульяна Павловна зуда йу тувинийн йукъараллин а, пачхьалкхан а гӀуллакххочун Бичелдей Каадыр-оола Алексеевичан.

СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш а

бӀаьра нисйан
  • Республика Тыван оьздангаллин министраллин сийлахь грамота
  • Республика Тыван Сийлахь Хуралан Законашкхолларан палатин сийлахь грамота
  • Республика Тыван Сийлахь Хуралан Векалийн палатин сийлахь грамота
  • Росси а, Тува а цхьаьнакхетаран 100 шо кхачарна а, Кызыл йиллина 100 шо кхачарна а Республика Тыван юбилейн мидал
  • Республика Тыван хьакъдолу белхало.

Бичелдей (Опей-оол) Ульяна Павловна // Библиографин хьажорг. Республика Тыван Алдан-Маадыран цӀарах Къоман музейн — 90 шо: истори а, тахане а (1929—2018 шш.) Кызыл, 2019. С. 123.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан