Бода беана шо
Бода беана шо — (оьрс. год, когда пришла тьма) 1913 шарахь Къилбаседа Кавказехь цхьа хилам хилла. Кавказан лаьмнийн зӀенийн цхьаьна лома стигала тӀапламан чим кхоьссина, шеца масех регионан тӀе бода а хӀоттош. Иштта хьал хӀоьттина хилла Нохчийчохь а. «Бода беана шо» цӀе обарг Зеламха кхалхарца йоьзна ца хилла, цхьаболчарна ма моттара, кхузахь буьйцуш берг баккъалла а тӀебеана бода хилла.